Эстемирова, Наталья Хусаиновна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Наталья Хусаиновна Эстемирова
Natalia Estemirova.jpg
ГӀуллакхан тайпа журналист, бакъоларъярхо, юрист
Йина терахь 1958 шеран 28 февраль({{padleft:1958|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:28|2|0}})
Йина меттиг
Кхелхина терахь 2009 шеран 15 июль({{padleft:2009|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})[1] (51 шо)
Кхелхина меттиг
Да Хусейн Эстемиров
Нана Клавдия Агеева
Бераш Лана Эстемирова
Динлелор ислам
СовгӀаташ

"Анна Политковская цIарах" преми; Робер Шуман цIарах медал; "The Right Livelihood Award" преми.

Commons-logo.svg Наталья Хусаиновна Эстемирова Викилармехь

Эстемирова Наталья Хусайнан йоI (1958 шеран 28 февраль({{padleft:1958|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}), Камышлов[d], Свердловскан область2009 шеран 15 июль({{padleft:2009|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})[1], ГӀаьзи-Юрт, ГIалгIайчоь) — российски бакъоларъярхо, журналист, «Мемориал» цӀе йолу бакъоларъяран центран белхало. Дуьнен чу яьлла 1958-чу шеран 28 фервалехь Камышлов гӀалахь- йийна 2009 шеран 15 июлехь Гази-юртахь, ГӀалгӀай махкахь.

Дахар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Наталья Эстемирован да Хусейн къоман нохчи вара. Дерриг нохчийн къам санна иза шен доьзалца Сибрехьа вахийтан хиллера 1944-чу шеран 23-чу февралехь. Казахстанер цIа даха бакъо йелча Хусейн Урале кхечира. Цигахь цуьнан безам кхитира Клавдия бохуш оьрси йоIига. Хусейнан а, Клавдиян а йиъ йоI яра. Царех йоккханаг- Наталья яра.Уьш Iаш бара Камышловехь, цигахь Натальяс чаккхъяккхира ишкола а, хьехархойн училище а. Цуьнан специализаци- юьхьенцара ишколан хьехархо яра.

Дешар а, белхаш а.[нисъе бӀаьра | нисъе]

Натальяс чекхъяккхара Нохчийн-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан исторически факультет. 1998 шо кхаччалц историн хьехархо болх бира цо Cоьлжа-ГIалин юккъера №7 ишколехь. Юха болайелира цуьнан бакъоларъяран болх.

Тутмакхашан набахти чохь йолу хьелашан латторан Комисси юкъахь яра Эстемирова. Цо болх бора фальсификаци йина уголовни девнашца, кест-кеста изоляторшка лелара, нахан таIзарш дарехь дуьйцура, таллам бора адамаш лачкъдина меттигашкахь а.  

Эстемирова йер[нисъе бӀаьра | нисъе]

Московки «Human Rights Watch» бюрон куьйгалхочо Татьяна Локшинас дийцарехь, 2009-чу шеран 15-чу июлехь 08:30 долуш шен цӀен гена доцуш девзаш доцуш адамаш лачкъира Наталья. Наталья шен хеннахь балха ца еара, цундела орца даьккхира «Мемориалан» белхалоша. Цул тӀаьхьа, Богдан Хмельницки ураме кхечира уьш. Цигахь ши тоьшалхочо тоьшал дира, Наталья кӀайн ВАЗ чу таттар, Натальяс мох туьйхира ша лачкъ йеш ю аьлла.

Россин Прокуратуран следственни комитетан пресс-секретарь Владимир Маркинс дийцарехь, федеральни трасс «Кавказ» гена доцуш карийна коьрт чу а, накха чу йиттина тоьпаштоьхна зудчун дегӀ. Иза дара ГӀаьзи-Юртахь а. Цуьнан тӀоьрмиг чохь Наталья Эстемирова цӀарах паспорт а, удостоверени а дара. [1]

2009-чу шеран 16 июлехь Соьлжа-гIалахь Наталья Эстемирован тезет хоьттира. Цига 100-500 веара. Цул тIаьхьа, Эстемирова дIайоьллира Гуьмсан-кIоштан Ишхой-Эвлахь.

Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]

Да Ишхой-Эвлахь вина, къоман- нохчи вара, нана- оьрси ю.

Наталья йисина Iаш яра. Цуьнан майра вина дукха хан яра.

Натальян йоI- Лана Сайдаминовна Эстемирова йина 1994-чу шарахь. Бобер йисича, иза Йоккха Британи деша яхара. ХIинца Лондонехь Iаш ю. Цо чекхъяккхира Лондонан экономикан а, политикан а ишкола. Цуьнан специализаци «халкъашна юккъера юкъаметтигаш» ю. Лана марехь ю, иза яздархо а, жигархо а ю.

Натальян йиша Светлана а, ваша Леонид а Екатеринбургехь Iаш бу.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]