Эрол Йылдыр

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эрол Йылдыр
турк. Erol Yildir
Вина терахь 1960 шеран 20 июль({{padleft:1960|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (63 шо)
Вина меттиг Гоьксун , КахӀраманмараш, Туркойчоь
Пачхьалкх Туркойчоьнан байракх
Тайпа Энгано[1]
Да Талат[1]
Нана Бедрие-ханым[1]

Эрол Йылдыр (турк. Erol Yildir; 1960 шеран 20 июль, Гоьксун, КахӀраманмараш, Туркойчоь) — нохчийн исбаьхьаллин гӀуллакххо[2], серлонча, Ӏилманча-академик, талламхо, исбаьхьалча, йаздархо, публицист.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1960 шарахь Туркойчоьнан КахӀраманмараш илера Гоьксун эвлахь. Хьалхара а, йуккъера а ишкол чекхйаькхина Урфехь а, Кахраманмарашехь а. Бесни гӀалахь хьехархойн доьшийла чекхйаькхиначул тӀехьа иза деша вахара Гази гӀалахь йолучу дешаран Университетан факультетан исбаьхьаллин-графикин декъе, иза цуо чекхйаьккхира 1983 шарахь[2].

Эролан да, Талат Йылдыр, вара санитарин лор. Болх бахьанехь иза кхочура тайп-тайпана Туркойчоьнан маьӀгашка. Йылдыр доьзалан дукха уьйраш йу Каре а, Урфа а гӀаланашца, цигахь Эролан жималла дӀайахара. Доьзалехь дара йалх бер, Эрол вара воьалгӀаниг. Цуьнан да Талат, тайпана Энгено вара, схьавалар нохчийн Девкар-Эвлара а долуш. Кавказан тӀом чекхбаьлачул тӀехьа, 1855 шарахь, Эролан дай Хункар-махка баьхкира. Эролан дайшха Хункар-махка кхелхинарг вара Алдар, цуьна цӀарах йу фамили - Йылдыр. Эролан нана - Бедрие-ханым йара убыхийн къомах[1].

Йуккъера ишкол чекхйаьккхиначул тӀехьа Эрол вахара Адыяман гӀалара лицей-интернате, пачхьалкхана стипендиат санна. Цигахь корматаллин доьшийла чекхйаьккхина, хьалхарчу ишколехь хьехархо хилла балха хӀоьттира. 1979 шарахь похIма долу дешархошна программица Анкара гӀалара «ГАЗИ» университетан исбаьхьаллийн факультете дӀахӀоьттина корматтала йара «суртдилларан хьехархо». Дешаран шерашкахь болхбира исбаьхьалча а, иллюстратор тайп-тайпана журналашкахь а, газеташкахь а. Оцу белхашкахь доккхучу ахчано цуьнан аьтту бора ша доьшучу университеташна мах дӀабала[1].

1986 шарахь исбаьхьаллалелоран кандидат дарж делчи, Малатья гӀаларчу «ИНЁНЮ» университетехь лектор хилла балха хӀоьттира. Оцу хенахь Эрол шен схьаваларах ойланаш йан волавелира, тӀакха цуо нохчийн оьздангаллин талламаш болийра. Туркойчуьра нохчий бехачу йарташка а оьхуш, цуо «Истанг» цӀе йолучу кузийн суьрташ а дохуш каталог гулйан волавелира, шен балхах лаьцна йаззамаш а йазбеш[1].

1992 шарахь Эрол Нохчийчу вахара. Нохчийчохь чӀогӀа хала хан йара иза, Соьлжа-ГӀалахь йаккхий митингаш дӀайоьдуш а йолуш, Эрол шен талламаш беш вара гӀалара музейшкахь а, университеташкахь а. Эрол кхечийра — ЧӀаьнта, Итон-Кхаьллан кӀошта, Ӏаьсан чӀаже, ДегӀастанара Ӏаьнда. Оцу экспедицехь цуо нохчийн бӀаьвнийн архитектурин талламаш бира. Туркойчу дӀавахча ша гулйинчу аренан материалийн тӀе бух а балош цуо ша Нохчийчу вахарах лаьцна массийта йаззам йазбира[1].

Эрол Йылдыра шо даьлча шуьйра программа кечйина йуха Нохчийчу вахара. ХӀинца экспедицин декъашхошца, беркеман тӀехь ломан Нохчийчу вахара. Гуьржийчоьнан дозанца ду лекха ломан даккъаш, цигахь йу нохчийн шира бӀаьвнаш, цера ареал кхочу Ӏаьржа лаьмнашка. Лаьмнашкахь буьйсанаш а йохуш бӀаьвнаш а, маьлхан кешнашна а тӀехь цара лоьхура петроглифийн суьрташ. Цул совнах уьш кхечира Акха-Басс, Хо йарташка, Къоьзана Ӏам болчу кхин Нохчийчуьра шира меттигашка а. Цигахула леллачул тӀехьа цуо йаздира «Нохчийн бӀаьвнийн архитектура» цӀе йолу жайна. Нохчийчохь тӀом хилар бахьнехь, цуьна талламаш совцийра[1].

1997 шарахь Эрол Йылдыр Малатья гӀаларчу «Инёню» университете йуха вогӀу, цигахь цуо кхуллу «Гайтаман исбаьхьалла» факультет. 2008 шарахь хьажира «Сютчю Имам» университете, «Гайтаман исбаьхьалла» факультет Ӏилманча-кхоллархо санна. 2010 шарахь Соьлжа-ГӀалахь хиллачу Нохчийн Дерригдуьненан Конгрессе вахара. 2011 шарахь цамгар бахьнехь пенси а ваьлла Истмала гӀалахь вехаш вара. Делахь дукха деха дарбанаш а дина, ша товеллачул тӀехьа, иза талламаш бан волавелира, цуо нохчийн оьздангаллах лаьцна йазбира иттаннашкахь йаззамаш а, 8 жайна а[1].

2015 шарахь дуьйна академин гӀуллакх дӀакхоьхьуш ву. ХӀинца йолу ханна болхбеш ву «Гелишим» цӀе йолу Истмалан Университетехь, цигахь цуьнан ду исбаьхьаллин профессор дарж . Академин белхаш бешшехь, Эрол суьрташ доьхкуш а ву. Цуо дукха гайтамашкахь дакъалоцу, цул совнах ша а бо гайтамаш: «Говраш», «Нохчийн бӀаьвнаш». Цуьнан суьрташ дукха пачхьалкхашкахь гайтина[1].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 ЧЕЧНЯ. Чеченский ученый, этнограф, художник, педагог Эрол Йылдыр (Турция). checheninfo (2021 шеран 29 апрель). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 29 апрель.
  2. 1 2 Болат Али, Орсаханов А. Р. Чеченцы - государственные, политические и общественные деятели Турецкой Республики, Сирийской Арабской Республики, Хашимитского Королевства Иордании и Республики Грузия // Исторические личности Чечни (XI-XXI вв.). / Авт. – коллектив авт. Состю: Гапуров Ш.А., Магамадов С.С.)/ Под ред. Ш.А. Гапурова, С.С. Магамадова. — Грозненский рабочий: АО «Издательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочий», 2020. — Т. Т I Кн. II. — С. 461-463. — 512 с. — (Политические и общественные деятели. Деятели науки и культуры). — ISBN 978-5-4314-0429-0.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Болат Али, Орсаханов А. Р. Чеченцы - государственные, политические и общественные деятели Турецкой Республики, Сирийской Арабской Республики, Хашимитского Королевства Иордании и Республики Грузия // Исторические личности Чечни (XI-XXI вв.). / Авт. – коллектив авт. Состю: Гапуров Ш.А., Магамадов С.С.)/ Под ред. Ш.А. Гапурова, С.С. Магамадова. — Грозненский рабочий: АО «Издательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочий», 2020. — Т. Т I Кн. II. — С. 461-463. — 512 с. — (Политические и общественные деятели. Деятели науки и культуры). — ISBN 978-5-4314-0429-0.