Эрмалойчоьнан административан-мехкан декъадалар

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Республика Эрмалойчоьнан административан-мехкан декъадалар иштта ду: областаш (марзаш, эрм. մարզ), юкъараллаш, масала, юкъараллин статус йолу Ереван гӀала а, цуьнан административан кӀошташ а. юкъараллин юкъахь хила тарло цхьаъ я масех нах беха меттиг. Ша Республика Эрмалойчоь унитаран пачхьалкх ю.

Цунах дийцар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Марзийн (областийн) а, кхечу гӀаланийн а яккъаш гойту Эрмалойчоьнан карта.

Республика Эрмалойчоьнан мохк бекъало итт областан а, Ереван гӀалин а[1].

Областийн мехках кхоьллина шена юкъатоьхначу пачхьалкхан доларчу юкъараллин мехкех а, латтанех а, хин аренех а.

Областашкахь до пачхьалкхан урхалла, ткъа Ереванехь а, кхин юкъараллашкахь а — меттигера шешшайна урхалла. Губернатораш (марзпеташ) дарже хӀитта а бо, мукъа а боху Республика Эрмалойчоьнан правительство. Правительствон и сацамаш тӀечӀагӀбо мехкан Президенто. Меттигера шешшайна урхаллин меженаш — юкъараллин къанойн кхеташо а, юкъараллин куьйгалхо а (гӀалин мэр, юьртан къано а) — хоржу деа шеран ханна мажоритаран системица. Ереванан мэр хоржу гӀалин Къанойн Кхеташоно, ткъа иза шен рогӀехь хоржу Ереванан бахархоша пропорцин системица деа шеран.

Областийн а, Ереван гӀалин а дозанаш, Ереванан мехкан нах бехачу меттигийн а, административан кӀоштийн а дозанаш билгалдаьхна Республика Эрмалойчоьнан «Республика Эрмалойчоь административан-мехкан декъадаларх лаьцна» а, «Ереван гӀалара меттигера шешшайна урхаллех лаьцна» а законашкахь, тӀедаьхна топографин карташна, уьш кечдина Къоман Гуламе массазза дохку, Республика Эрмалойчоьнан Правительство тӀечӀагӀдина.

2011 шеран хьолехь республикехь ю 953 эвла, 48 гӀала, 932 юкъаралла, царех 871 юьртан, 61 гӀалин.

Республика Эрмалойчоьнан нах беха меттигийн, юкъараллийн исписка, уьш хийцаран низам, цӀе хийцар билгалдаьхна хьахийна Законехь[2][3][4].

Область Оригиналан
цӀе
Майда,
км²
Бахархой
(2011)
Бахархой
(01.04.2020)[5]
Хийцам Административан
юкъ
1. Арагацотнан область Արագածոտնի մարզ 2756 132 900 124 600 -6,2% Аштарак
2. Араратан область Արարատի մարզ 2090 260 400 256 400 -1,5% Арташат
3. Армавиран область Արմավիրի մարզ 1242 265 800 263 700 -0,8% Армавир
4. Вайоцдзоран область Վայոց Ձորի մարզ 2308 52 300 48 500 -7,3% Ехегнадзор
5. Гехаркуникан область Գեղարքունիքի մարզ 5349 235 100 227 300 -3,3% Гавар
6. Котайкан область Կոտայքի մարզ 2680 254 400 250 800 -1,4% Раздан
7. Лорийн область Լոռու մարզ 3799 235 500 212 800 -9,6% Ванадзор
8. Сюникан область Սյունիքի մարզ 4506 141 800 137 000 -3,4% Капан
9. Тавушан область Տավուշի մարզ 2704 128 600 121 200 -5,8% Иджеван
10. Ширакан область Շիրակի մարզ 2680 251 900 230 800 -8,4% Гюмри
ГӀала Оригиналан
цӀе
Майда,
км²
Бахархой
(2011)
Бахархой
(01.04.2020)
Хийцам Административан
юкъ
Ереван Երևան 223 1 060 100 1 083 800 +2,2%

Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]