Чулацаман тӀегӀо

Эльчибей Абульфаз Къадиркъули охӀли

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эльчибей Абульфаз
азерб. Əbülfəz Elçibəy
Эльчибей Абульфаз
Эльчибей Абульфаз президент волуш.
Азербайджанан президент
 — 1993 шо 1 сентябрь
(ма-дарра аьлча Ӏедалера вохийна 1993 шеран 24 июнехь)
Хьалха хилларг Муталибов Аяз
Когаметтаниг Алиев Хьайдар

Дин ислам
Вина терахь 1938 шеран 24 июнь({{padleft:1938|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:24|2|0}})
Вина меттиг ССРС, Азербайджанийн ССР, Нахичеванан АССР, Ордубадан кӀошт, Келеки эвла,
Кхелхина терахь 2000 шеран 22 август({{padleft:2000|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (62 шо)
Кхелхина меттиг Анкара, Туркойчоь
ДӀавоьллина Сийлахь дӀабохкаран аллей, Бакох
Вича тиллина цӀе азерб. Əbülfəz Qədirqulu oğlu Əliyev
Да Алиев Къадиркъулу Мардан охӀли
Нана Алиева Мехранса ДжаӀфар кхызы
Зуда Алиева Хьалима
Бераш кӀант: Эртургут
йоӀ: Чиланай
Парти Азербайджанан халкъан фронт
Дешар Азербайджанан пачхьалкхан С. М. Кировн цӀарах университет
Динлелор Ислам
Автограф Автографан сурт
Болхбаран меттиг
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Эльчибе́й Абульфа́з Къадиркъули́ охӀли́ (азерб. Əbülfəz Qədirqulu oğlu Elçibəy, бакъ фамили Али́ев; 1938 шеран 24 июнь, Азербайджанийн ССР, Нахичеванан АССР, Ордубадан кӀошт, Келеки эвла — 2000 шеран 22 августехь, Туркойчоь, Анкара) — азербайджанан пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо; Ӏарбойчоьнан историк, гочдархо, хьехархо. Азербайджанан Президент (1992—1993).

1980-гӀа шераш чекхдовлучу хенахь дуьйна «Азербайджанан халкъан фронтан» лидервара. Хилира хьалхара дерриг халкъо а, демократица хаьржина мехкан президент[1]. Цуьнан урхаллин мур дӀабахара экономикин а, политикин а къоьллица республикехь. Хала тӀаьхье йитира Карабахан тӀамо а, махкахь политикехь барт ца хиларо а, цара дийзийтира гражданийн тӀом ца хилийтархьама президентан дарж дита.

1993 шеран 28 августехь Эльчибей Абульфазах тешаран референдумехь из адӀаваккхарна кхаж тесира 97,5 % мехкан гражданаш[2]. Азербайджанан халкъан фронто референдуман жамӀаш харц йина элира, ткъа АЦШ пачхьалкхан департаменто лерина дӀахьедарца сингаттам хилар хаийтира чолхе хьолехь долуш референдум ярна[3]. Цул тӀаьхьа болу президентан харжамаш КхЦГӀКхЕ мах хадийра «КхЦГӀКхЕ гуран чуйогӀуш йац цхьацца хьолашца» аьлла.

Пантюркизман агӀонча вара; 1970-гӀа шерашкахь дуьйна вевзара Азербайджанехь диссидент а, антикоммунист[4] а санна. Историн Ӏилманийн кандидат.

Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

Алиев Абульфаз вина 1938 шеран 24 июнехь Нахичеванан АССР Ордубадан кӀоштан Келеки эвлахь, АлиевгӀеран Къадиркъулин а, Мейрансы ДжаӀфар кызын а доьзалехь. Цуьнан дас дакъа лецира Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь. РФ ДМЦА Ӏалашдечу кехатца, «Алиев Къадиркъули Марданович» вина 1896 шарахь, 1942 шарахь Нахичеванан АССРн Ордубадан кӀошттӀемкомато (Азербайджанийн ССР) кхайкхира эскаре, лору тӀепаза вайна (дӀавигина терахь гойту 1945 шеран январь)[5].

Нийсархойн цунах йолу ойла[бӀаьра нисйан | нисйан]

2008 шарахь оцу хенахь хилла «Мусават» партин лидер, ткъа 1992—1993 шерашкахь мехкан президентан декхарш кхочуш дечу а, Милли Меджлисан председатела а, Гамбар Ӏийсас дийцура:

Эльчибей XX бӀешарахь вара М. Э. Расулзаде дӀаваьлча шолгӀа йукъараллин-политикин гӀуллакххо, цунна хиира идеологин агӀора кечбан а, коьрте хӀотто а Азербайджанан къоман-маршонан болам, иза толаман чеккхене кхаччалц дӀа а баьхьира. Иза демократин новкъа хаьржина Азербайджанан хьалхара президент а, мехкан демократин хьесапашца урхалла динарг а ву. Эльчибей Ӏедал ца къуьйсара, цуо къуйсара шен къоман а, мехкан а тӀаьхьало[6].

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. Douglas Frantz (23.08.2000). "Abulfaz Elchibey, Who Led Free Azerbaijan, Dies at 62"(ингалс.). «The New York Times». {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (даты)
  2. НАРГИЗ АСАДОВА (31.10.2005). "Ильхамово царство". Журнал «Власть». {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (даты)
  3. "!Кризис власти в Азербайджане". Газета "Коммерсантъ". 01.09.1993. {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (даты)
  4. "В Анкаре на 63 году жизни скончался бывший президент Азербайджана Абульфаз Эльчибей"(оьр.). «Первый канал». 22 августа 2000.
  5. Оригинал документа с информацией из него
  6. Ризван Гусейнов (18 Июня, 2008). "Иса Гамбар: «Эльчибей боролся не за власть, а за будущее своего народа и страны»". 1news.az. {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (даты)

Литература[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Видеоматериалаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьалха хилларг:
Муталибов Аяз
Азербайджанан 2-гӀа президент

1992 шо 17 июнь1993 шо 1 сентябрь
Когаметтаниг:
Алиев Хьайдар