Элимбаев, Топа Хамитович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Топа Хамитович Элимбаев
ГӀуллакхан тайпа балетмейстер, танцор
Вина терахь 1945 шеран 4 май({{padleft:1945|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (78 шо)
Вина меттиг Карагандан область, Казахийн ССР, СССР
Корматалла хелхархо, балетмейстер
Гражданалла  ССРС Росси
Зуда Элимбаева Лидия Алаудиновна
Бераш
  • кӀант Туган;
  • йоӀ Петимат
СовгӀаташ

Элимбаев, Топа Хамитович (1945 шеран 4 май, Карагандан область, Казахийн ССР, СССР) — хелхархо, балетмейстер, «Зия» ансамблин кхоллархо а, куьйгалхо а, РСФСР исбаьхьаллин Сийлахь белхало, Российн Федерацин Халкъан артист, дукха халкъашна йуккъера фестивалийн лауреат, Пачхьалкхан совгӀатан лауреат, Ленинан комсомолан совгӀатан лауреат, Иорданин а, Испанин а, Португалин а, Мозамбикан а лакхара совгӀаташ делла стаг.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1945 шеран 4 маехь Казахийн ССР Карагандан областехь. Школехь доьшуш хенахь оьхуш вара исбаьхьаллин кхолламалле. Дешна ваьлча иза вахара культпросветучилище деша. Иза вара профтехобразованин эшеран а, хелхаран а ансамблин солист. ТӀаьхьа иза хилира оцу тобанан куьйгалхо (19601964 шераш). Цу хенахь волавелира иза шен хелхаран хӀоттораш йан.

Цо чекхйаьккхира ГИТИСан режиссёрски а, балетмейстерски а факультет. Тоьлла студент хиларна иза вахийтира ГДР балетмейстеран а, хьехархон а болх бан. Берлинан хореографически училищехь а, йевзаш йолу Берлинан театрашкахь (Комише опер, Штаатс опер, Фридрихштадтпаласт) цо хӀоттира шиъ цхьа акт йолу балет.

1970-гӀа шерашкахь Элимбаев вара «Вайнах» ансамблин куьйгалхо. Цо кхоьллина программа гойтуш ансамбль йахара дукха пачхьалкхашка: Мозамбик, Кени, Къилба Америка, Туркойчоь, Сири, Ирак, Иордани.

1995 шарахь тӀом болабелча иза Соьлжа-ГӀалара дӀавахара Москва. 1999 шарахь цо кхоьллира ансамбль «Зия». ХӀинца а оцу ансамблин куьйгалхо ву иза.

СовгӀаташ а, цӀераш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Семья[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цуьнан зуда Элимбаева Лидия Алаудиновна, «Зия» ансамблин генеральни директор а, экономист а йу. Цо чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан университетан экономически факультет 1993 шарахь. Бераш: кӀант Туган — юрист, йоӀ Петимат — юрист, кӀента кӀант Сайд-Хьамзат (1990) — Соьлжа-ГӀалин мехк-даьттан университетан студент, кӀентан йоӀ Лейла (2007)[3].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Указ Президиума Верховного Совета РСФСР от 12 ноября 1987
  2. Почётное звание присвоено указом президента России № 390 от 17 апреля 2006 года
  3. Элимбаева Лидия Алаудиновна(ТӀе цакхочу хьажорг)

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]