Электронан пошта

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
(at).svg

Электронан пошта (ингалсан маттахь еӀectronic mail я доцца email / e-mail)- компьютеран гӀирсаш (царна юкъахь- Интернет) лелош болу наха вовшашна юккъехь хаамаш дӀабахьийтаран а, схьаэцаран а технологи ю.

Электронан пошта дозатоьхна барамехь юкъаяьккхина XX-чу бӀешеран 60-чу шерашкахь. Амма цу хенахь цуьнан цхьацца проблемаш яра: хаам кхечунга дӀабахьийта шинни цхьатерра компьютер хила езара, ткъа цхьайолу дуьххьарлерачу электронан поштан системашкахь хааман автор а, хаам схьаэцархо а маша чохь хила везара.

Раймонд Самуэль Томлинсон (инг. Raymond Samuel Tomlinson) цӀарца доьзна ду электронан пошта кхоллар. 1971-чу шарахь цо кечйира ARPANET чухула тайп-тайпана хосташ йолу пайдаэцархойн юккъехь пошта дӀаяхьийта хьалхара система. Ӏалашонан сервер (инг. destination server) йолу пайдаэцархочунца зӀене вала @ хьаьрк лелайора. 1970-чу шерийн юккъехь электронан пошта санна къобалйира и форма.

Электронан пошта компьютеран машанашкахь (хьалхарчу рогӀехь Интернетехь) болх беш ю. Таханлерачу дийнахь электронан пошта store-and-forward олучу моделан гӀоьнца болх беш ю.

Электронан поштан дӀахӀоттам а, белхан принципаш а кехатан поштех тера ю. Масала кхузахь а, цигахь а цхьатерра терминаш лелайо: пошта а, кехат а, конверт а, чудиллар а, яьшка а, дӀакхачор а, и кх.дI. а.

Иштта тера ю цу шинна башхаллонаш- лелаярна атта хилар, информаци дӀаялар а, кхачаме тешамалла а, хаам дӀабаларна гаранти ца хилар а.

Кхузаманахь муьлхха а керлачу пайдаэцархочун шен маьхза электронан поштан яьшка йола ян аьтто бу. И хилийта цхьана интернет-портал чохь регистраци йича тоьа.

Иштта электронан поштан сакхташ ду: спам (массийн кхайкхоран а, вирусан а дӀасадахьийтарш) а; хаамаш д1абаларна хьедалар а, цхьан хааман барамна доза тохар а.