Эдельханов, Умар Айндиевич
| Умар Айндиевич Эдельханов | |
|---|---|
| Шех лаьцна | |
| Стен-боьршалла | боьршаниг[вд] |
| Пачхьалкх |
|
| Говзалла | штангист |
| Вина терахь | 1963 шеран 29 декабрь (62 шо) |
| Вина меттиг | Терски, Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР |
| Спортан карьера | 1978-1996 |
| Тренераш | Кодзоев, Ибрагим Абибулатович |
| Йозалла | 67,5 кг |
Эдельха́нов, Ума́р Айнди́евич (1963 шеран 29 декабрь, Терски, Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн штангист, СССР а, Россин а чемпионатийн чемпион а, совгӀатхо а, масийттуза СССР Кубок йаьккхинарг, СССР халкъийн спартакиадан чемпион, Европин йахьаллонан совгӀатхо, Халкъашна йуккъера классан СССР спортан мастераш. Цуьнан тренер вара Ибрагим Кодзоев.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Вина 1963 шеран 29 декабрехь Терскехь (Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Нохчийн Республика). Йеза атлетике аьха волавелира 1978 шарахь Соьлжа-ГӀалахь. Цуьнан тренер вара Ибрагим Кодзоев. 1979 шарахь, иза 9 классан дешархо волуш хенахь, цо СССР спортан мастеран норма кхочуш йира.
1980 шарахь Мелитополехь цо кхоъ рекорд а хӀоттира, пачхьалкхан чемпион а хилира. 1981 шарахь цо толам беккхира Чехословакехь а, Кубехь а хилла турнирашкахь. Клайпедехь хилла СССР халкъийн Спартакиадехь цо толам беккхича иза СССР гулйина командан йукъайазвира.
1983 шарахь иза СССР халкъийн Спартакиадан борзан совгӀатхо а хилира, цо халкъашна йуккъера классан СССР спортан мастеран норма кхочуш а йира.
Кхиамаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- СССР Кубок йаьккхинарг (1986 а, 1988 а, 1989 а шерашкахь);
- СССР Кубкан дато мидал йаьккхинарг (1983 а, 1984 а, 1990 а шерашкахь);
- 1986 шарахь Волгоградехь хилла йолу Россин халкъийн Спартакиадан чемпион;
- СССР чемпион (1986 а, 1990 а шерашкахь);
- 1996 шарахь Россин чемпион;
- «ДоттагӀаллин Кубок» йаьккхинарг (1987 а, 1989—1992 а шерашкахь);
- 1992 шарахь Донецкехь (Украина) хилла йолу СССР чемпионатан а, СССР халкъийн Спартакиадан а дато совгӀатхо;
- Венгрехь 1992 шарахь хилла йолу Европин чемпионатан борзан мидал йаьккхинарг;
1996 шарахь Атлантехь (АЦШ) хилла йолу Олимпиадехь дакъа лецира цо, амма цигахь аьтто ца хилира цуьна.