Шораллин зоналла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Шо́раллин зо́наллаэкватор тӀера полюсашка кхаччалц геосистемийн компонентийн а, комплексийн а физикин-географин хийцамийн законийн процессаш.

Зоналлин бахьнаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Зоналлин хьалхара бахьна — Дуьненан куц горгалкепара а, латтан тӀе маьлхан зӀаьнарш кхетаран са хийцабалар бахьнехь а Маьлхан энерги шораллехь цхабосса ца йекъар. Цул сов, шораллин зоналла йоьзна йу Маьлхан тӀекхача йолчу меттиган барамах, ткъа Дуьненан массо Ӏаткъам бо атмосфера сацо таронна, атмосфера трансформатор а, энерги дӀасайоькъург а йу.

Доккха маьӀна ду сема эклиптикин экъанехь дӀатаӀаран, цунах доьзна шеран заманашкахь маьлхан йовхо цхьатерра ца йар, ткъа дийнахь-буса хьийза плането дӀатаӀайо хӀаваан массаш. Мелхан зӀенарийн энерги цхьабосса ца йекъаран жамӀ ду лаьттан тӀехулара зоналан радиацин баланс. Йовхо цхьабосса ца кхачаро Ӏаткъам бо хӀаваан массаш латтаранна, тӀуналлахьовзарна, атмосферин циркуляцина.

Зоналла йовхонан а, тӀуналлин а шеран йуккъера барамехь гайтина ца, амма гойту шеран чуьра хийцамашкахь а. Климатан зоналла го охьадарехь а, гидрологин ражехь а, духу чкъор дарехь а, уьшалш дарехь а. Боккха Ӏаткъам бо органикин йукъанна, спецификин рельефан кепашна. Цхьаьна тайпана хӀоттамо а, хӀаваъ дукха лелаш хиларо а лакха мел довлу зоналлин башхаллаш дӀайоху.

ХӀора эхигехь билгалйоккху ворхӀ-ворхӀ циркуляцин зона. Шораллин зоналла хуьлу Дуьненан Ӏапказ чохь.

Шораллин зоналлин коьрта бахьна — экватор тӀера полюсашка кхаччалц йовхонан а, тӀуналлин а йукъаметтиг хийцайалар ду.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]