Шильденфельд, Гордон

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футбол
Шильденфельд Гордон
Йукъара хаамаш
Вина меттиг Шибеник, СФРЮ
Гражданалла Хорватин байракх Хорвати
Локхалла 191 см
Лоьмар 5
Кегийрхойн клубаш
1997—2003 Хорватин байракх Шибеник
Клубан карьера[* 1]
2003—2007 Хорватин байракх Шибеник 94 (2)
2007—2008 Хорватин байракх Динамо Загреб 49 (2)
2008-2010 Туркойчоьнан байракх Бешикташ 9 (0)
2008—2009  Германин байракх Дуйсбург 14 (0)
2009—2010  Австрин байракх Штурм 34 (1)
2010—2011 Австрин байракх Штурм 36 (2)
2011—2012 Германин байракх Айнтрахт (Франкфурт) 33 (1)
2012—2015 Российн байракх Динамо (Москох) 6 (0)
2013  Желтойчоьнан байракх ПАОК 15 (1)
2013—2015  Желтойчоьнан байракх Панатинаикос 57 (2)
2015—2017 Хорватин байракх Динамо Загреб 27 (0)
2017—хӀ. а. Кипран байракх Анортосис 88 (9)
Къоман гулйина команда[* 2]
2006 Хорватин байракх Хорвати (21 шо кхачанза) 1 (0)
2009—2016 Хорвати Хорвати 29 (1)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара, карладаьккхина 24 майхь 2020 шераш.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.

Ши́льденфельд Го́рдон (нем. Gordon Schildenfeld, хорв. Gordon Šildenfeld; вина 1985 шеран 18 мартехь, Шибеникехь, СФРЮ) — австрихойх схьавалар долу хорватийн футболист, кипран «Анортосис» клубан турсло а, капитан а. Левзина Хорватин гулйина командехь.

Карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Клубан[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шильденфельд Гордон «Металлистан» дуьхьларчу матчехь

Футболан «Шибеник» клубан кхиорхо. 16 шо хан йолуш дебют йира коьртачу командехь Инградера «ТӀулган» йукъахь. 2005/06 шо дӀадаьхьна хорватин шолгӀачу лигехь, команда хьалхарчу лиге хьалайаккха хьуьнар кхечира, дика ловзар бахьнехь дуккха а белхаш кховдийра гӀарайевллачу хорватийн клубашкара. 2006/07 шеран Ӏаьнан заманахь севццачу хенахь хаьржира Загребера «Динамо», цунна йукъахь левзира 2007/08 шарахь.

2008 шарахь ийцира туркойн «Бешикташа», амма аьхка аренде йелира немцойн «Дуйсбурге». Шо даьлча йуха а аренде велира австрин «Штурме».[1] 2010 шеран 8 июнехь кхаа шарна клубехь ловза барт кӀела куьг йаздира, бертан мах хилира 400 эзар евро. Клубашна йукъахь барт хилира хенал хьалха контракт йохайахь 20 % ахча «Бешикташан» хир ду.[2][3] 2010/2011 шарахь хорватин ловзархочух Австрин чемпион хилира. 2011 шеран 7 июлехь цуо контракт йаздира 2-гӀа бундеслиге охьайаьллачу «Айнтрахтца», иштта, «Штурмца» болу барт бохийра. Бертан мах хилира миллион евро[4].

2012 шеран 10 июлехь кхаа шарна барт бира Москохан «Динамоца».[5].

2012 шеран 28 июлехь Шильденфельда дебют йира керлачу командехь, Фернандес Лео хуьйцуш йукъавелира, шолгӀачу таймехь «Зенитан» дуьхьала. Оцу къовсамехь таро хилира къаставала, амма цуо тоьхна буьрка тӀаьххьарчу моментехь коьртаца йухатуьйхира петарбухахойн кевнахочо Малафеев Вячеслава.

Шен дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цуьнан да — австрихо[6]. Зуда йалийна ву, зуда Ивана, шиъ йоӀ йу — Патриция а, Лайлаъ а.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]