Чулацаман тӀегӀо

Шилов, Александр Александрович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шилов, Александр Александрович
Вина терахь 1974 шеран 24 март({{padleft:1974|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:24|2|0}}) (52 шо)
Вина меттиг
Пачхьалкх
ГӀулаккхан тайпа исбаьхьалча
Жанр суртдиллар а, пейзаж а
Дешар Йерригроссин пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институт а, Суриковн цӀарахчу МПИИ
СовгӀаташ Россин Федерацин cийлахь художниr
Сийлахь цӀерш РИА декъашхо-корреспондент

Шилов, Александр Александрович (1974 шеран 24 март, Москох) — Россин суртдиллархо-пейзажист а, Россин исбаьхьаллин академин академик а. Россин Федерацин сийлахь суртдиллархо (2019). ДегӀастанан Республикан сийлахь

суртдиллахо (2016). Нохчийн Республикан халкъан суртдиллархо (2015).

Вина Москохь 1974 шеран 24 мартехь суртдиллархойн доьзалехь. Цуьнан нана йара Фоломеева Светлана Гениевна, ткъа да вара ССРС-н халкъан суртдиллархо Шилов Александр Максович[1].

1985 шарахь дуьйна суртдиллар Ӏамийна В. И. Суриковн цӀарахчу Москох исбаьхьаллин йуккъера ишколе исбаьхьаллийн классехь.

1991-чу шарахь С. А. Герасимовн цӀарахчу Йерригроссин пачхьалкхан кинематографин институте деша хӀоьттира, иза чекхъйаьккхира хӀотторхо-дизайнеран говзаллица.

1994—1999 шерашкахь Россин Ӏилманийн Академин пачхьалкхан а, бакъонан а институтан коьртехь йолчу Академически юристийн университетехь дешна.

2005-чу шарахь В. И. Суриковн цӀарах йолу Москохан пачхьалкхан академически исбаьхьаллин институт чекхъйаьккхина суртдиллархо-исбаьхьалча говзалла карайерзош[2].

Россин исбаьхьаллин академин а, Россин художникийн кхоллараллин союзан а, суртдиллархойн дуьненайукъара федерацин а, Москох суртдиллархойн ассоциацин Дуьненайукъара исбаьхьаллин фондан а декъашхо-корреспондент ву иза[3]. 2005-чу шарахь иза тӀеийцира Москохан суртдиллархойн Союзе[4].

2006 шарахь Россин Ӏаламан Ӏилманийн академин (РӀӀА) «Гуманитаран Ӏилман а, кхоллараллин а» секцин хьехамча хӀоьттира. 2007-чу шарахь цо кхоьллина шен «А. А. Шиловн цӀарах йолу кхоллараллин мастерской». Ткъа 2009-чу шарахь «ЭкоМир» фондан вице-президент хӀоьттира иза[5].

2011 шеран хьаьттан беттан 24-чу дийнахь «Прогресс М-12М» космосан кема дожар бахьана долуш Шилов Александр Александровичан 10 сурт дагийна, цкъа а МКС-на ца кхаьчна[6]

  • Россин Федерацин сийлахь суртдиллархо (2019 шеран мангалан беттан 3-чу дийнахь) — даймехкан культура а, искусство а кхиорехь дина гӀуллакхашна а, дуккха а шерашкахь беркате къахьегарна а[7]
  • ДегӀастанан Республикин сийлахь суртдиллархо (2016 шеран чиллин беттан 10-чу дийнахь) — искусствон гӀуллакхашна а, дуккха а шерашкахь беркате къахьегарна а[8]
  • Нохчийн Республикин халкъан художник (2015 шеран бекарг беттан 25-чу дийнахь) — исбаьхьаллин искусствехь баккхий кхиамаш бахарна, йукъаралло къобалйина исбаьхьаллин произведенеш кхолларна[9]
  • Дуьненайукъарчу исбаьхьаллин фондан декъашхошна лерина Йерригроссин Попков Викторан цӀарахчу конкурсан лауреат
  • «Сокольники» культурин а, паркан а зонина лерина суьртийн серий бахьана долуш «ЭкоМир» къоман Ӏаламан совгӀатан хьалхара даржан йаьккхинарг
  • Россин исбаьхьаллин академин декъашхо-корреспондент
  • Европан Ӏаламан Ӏилманийн академин (Ганновер) дакъа лоцуш декъашхо
  • Сийлахь Аннин орден, III-гӀа даржан, йелла Россин императоран цӀийнан куьйгалхочо (16.02.2011)
  • А. Ю. Гагаринан цӀарах йолу мидал Россин космонавтикехь дина гӀуллакхаш бахьана долуш Россин космонавтикан федерацин
  • Дуьненайукъарчу космосан станцехь дуьненахь дуьххьарлера шен гайтам вовшахтохарна а, дӀабахьарна а «Россин рекордсмен седа»
  • Хьалхара ло
  • БӀаьсте Сокольникехь
  • Сокольникаш
  • Йашар
  • Дашо малх
  • Гуьйренан аллея
  • Ӏаьнан суьйре
  • Лелар
  • Ӏаьнан серло
  • БӀаьстенан серло
  • Гуьйре
  • Самавалар
  • Ӏа тӀедеана
  • Бекарг бутт
  • Аьхкенан суьйре
  • Кхо зез
  • Хи йистехь дакхаш. Сокольникаш
  • Сокольникехь Ӏам
  • Дакхаш седарчийн гӀалахь (Этюд)
  • Пахра
  • Кхо некъ
  • БӀаьстенан коч
  • Лирика (Ӏамор)
Александр Шилов-ж. Сурт «Ӏаьнан серло»
  • Хьаьттан бутт
  • Москох-хи
  • Москвана гергахь цхьа хи
  • Кратово. Тийна суьйре
  • БӀаьсте дуьненчу йалар
  • Къагар (этюд)
  • Шира дакаш. Гуьйре
  • Шира дакаш. Аьхке
  • Маьлхан де
  • Сингаттаме йоцу беш
  • Лопасня хи
  • Перламутран ло
  • Керла мох
  • Хьалхара баьццаралла
  • Левитан цӀа
  • КӀайдаргийн аре
  • Шира дакаш. БӀаьсте
  • Оьрсийн шуьйралла
  • Лакхахь

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Глава республики Ю. Евкуров передал в дар Государственному музею изобразительных искусств Ингушетии картину А. Шилова «Просторы». Официальный сайт Республики Ингушетия (2011 шеран 28 декабрь). ТӀекхочу терахь: 2026 шеран 20 январь.
  2. К 50-летию Александра Александровича Шилова. rah.ru. ТӀекхочу терахь: 2026 шеран 20 январь.
  3. Александр Александрович Шилов. alesha.bbok.ru. ТӀекхочу терахь: 2026 шеран 20 январь.
  4. Шилов Александр Александрович. rah.ru. ТӀекхочу терахь: 2026 шеран 20 январь.
  5. Художник Шилов Александр Александрович. egorovs.art. ТӀекхочу терахь: 2026 шеран 20 январь.
  6. "Картины Шилова, не долетев до МКС, сгорели". РИА Новости(оьр.). 2011-08-24. ТӀекхачаран де: 2026 ш. 20 январехь.
  7. Указ Президента Российской Федерации от 03.07.2019 № 312. publication.pravo.gov.ru. ТӀекхочу терахь: 2026 шеран 20 январь.
  8. Указ Главы Республики Дагестан от 10.02.2016 № 37. web.archive.org (2016 шеран 10 февраль). ТӀекхочу терахь: 2026 шеран 20 январь.
  9. О присвоении почетного звания «Народный художник Чеченской Республики» А. А. Шилову. chechnya.gov.ru (2015 шеран 25 март). ТӀекхочу терахь: 2026 шеран 20 январь.(ТӀе цакхочу хьажорг)