Чулацаман тӀегӀо

Шерман, Билл

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шерман Билл
инг. Bill Sharman
Шерман Билл 1960 шарахь
Шерман Билл 1960 шарахь
Карьера чекхйаьккхина
Позици ТӀелета турсло
Локхалла 185
Возалла 79
Гражданалла  АЦШ
Вина терахь 1926 шеран 25 май({{padleft:1926|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:25|2|0}})
Вина меттиг Абилин, Техас, АЦШ
Кхелхина терахь: 2013 шеран 25 октябрь({{padleft:2013|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (87 шо)
Кхелхина меттиг Редондо-Бичехь, Калифорни
Ишкол Нарбонна (Ломита)
Портервилл (Портервилл)
Колледж Къил. Калифорни (1946—1950)
Драфт КъБА 16-гӀа (2-гӀа раунд), 1950, Вашингтон Кэпитолс
Статистика
Ловзарш 711
Очкош 12665 (17,8 йуккъера барам ловзарехь)
Схьаэцар 2779 (3,9 йуккъера барам ловзарехь)
ДӀайалар 2101 (3 йуккъера барам ловзарехь)

Командаш
Ӏамийна командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а

Ловзархо:

Тренер:

Менеджер:

1976, 2004 Баскетболан Сийлаллин зал
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Ше́рман Уи́льям Уо́лтон «Билл» (инг. William Walton "Bill" Sharman; 1926 шеран 25 майхь, Абилинехь, Техас, АЦШ2013 шеран 25 октябрехь, Редондо-Бичехь, Калифорни, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо, тренер, менеджер, Къоман баскетболан ассоциацин иттаза чемпион (4-зза ловзархо волуш, цкъа тренер волуш, кхин а 5-зза менеджер волуш). Левзина тӀелета турслочун позицехь. КъБА исторера 50 уггаре сийлахь ловзархойн испискан декъахо, кхин а Баскетболан сийлаллин залан декъахо ловзархо волуш (1976) а, тренер волуш (2004) а[1]. Вуден Джонан, Уилкенс Леннин, Хейнсон Томан, Рассел Биллан бен дац и шала совгӀат.

Тренер волуш Шермана йехира титулаш АБЛехь, АБАхь, КъБАхь, нисса цуьнна дагайеина массанхьа йолийна «Ӏуьйренан, йайн вадаран тренировка[2].

Иза хилла дуьххьарлера къилбаседаамерикин спортан гӀуллакххо, чемпионат йаьккхина ловзархо а, тренер а, куьйгалхо а волуш. Иза хилла 10-зза КъБА чемпион (йаьккхира йиъ титул «Бостон Селтикс» йукъахь, цхьаъ «Лос-Анджелес Лейкерс» коьрта тренер волуш, пхиъ «Лейкерсан» кхочушдаран директор волуш), 12-зза баскетболех ловзаран дуьненан чемпион хилла йукъарчу чоьтехь. АБЛ а, АБА а титулаш[3].

Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

Шерман Билла чекхйаьккхина Къилба Калифорнин университет, цигахь иза йукъавахара баскетболан, бейсболан, боксан, теннисан, йайн а, йеза а атлетикин командашна. 1944 – 1946 шерашкахь флотехь гӀуллакхехь вара.

1950 шарахь Шерман КъБА драфтехь хаьржира шолгӀа раундехь «Вашингтон Кэпитолс» клубо. Кхин а шо даьлча дехьавелира «Бостон Селтикс» йукъахь, цунна йукъахь турслойн дуэт дира Коузи Бобца. 1950 - 1955 шерашкахь Шерман кхин а вара бейсболан «Бруклин Доджерс» (хӀинца «Лос-Анджелес Доджерс») клубан запасан ловзархо, левзира тайп-тайпана миноран лигашкахь. «Бостон Селтикс» йукъахь Шерман доьазза хилла КъБА чемпион, бархӀазза дакъа лаьцна дерриг седарчийн матчехь, ворхӀазза йукъавахна КъБА седарчийн сийлаллин гулйинчу командина. Дерриг 11 шарахь КъБАхь иза левзира 711 матч, 2779-зза схьаэцна, 2101-зза схьалаьцна дӀайала лерина буьрка, кхоьссина 12665 очко. ВорхӀазза хилла гӀуда чукхоссаран процентаца чемпионатан лидер.

1961 шеран ноябрехь Билл дӀехьавелира КъБАра керла Америкин баскетболан лиге, «Лос-Анджелес Джетс» клубан ловзу тренер хилархьама. Январехь командо кхайкхийра банкроталла, цуо шо чекхдаьккхира «Кливленд Пайперсца», цуьнца йаьккхира чемпионат. ТӀаккха болх бира Лос-Анджелесера Калифорни штатан университетехь. 1966 шарахь йухавеира КъБА, «Сан-Франциско Уорриорз» схьаэцна. 1970—1971 шарахь «Юта Старз» клуб йалийра Америкин баскетболан ассоциацехь чемпионатера толаме. ШолгӀачу шарахь иза «Лос-Анджелес Лейкерсан» коьрте веира, итт шо сов даьлча иза толаме йалийра КъБА чемпионатехь, ша Шерман лерира КъБА шеран тренер. «Лейкерсца» болх бира 1976 шо кхаччалц, цул тӀаьхьа хилира клубан инарлин менеджер, президент, консультант.

1976 шарахь Шерман йукъатуьйхира Баскетболан сийлаллин залан ловзархо санна[4], ткъа 2004 шарахь — тренер санна[5]. Билл веаннах цхьа стаг ву, шинне а категорехь Сийлаллин зал чуваьккхина, кхин кхоъ — Вуден Джон, Уилкенс Ленни, Хейнсон Том. 1996 шеран 29 октябрехь Шерман йукъатуьйхира КъБА исторера уггаре сийлахь 50 ловзархойн испискин.

Шерман 1952 шарахь

Валар[бӀаьра нисйан | нисйан]

Шерман велла 2013 шеран 25 октябрехь шен цӀахь Редондо Бичехь, Калифорнехь 87 шо хан йолуш, цхьа кӀира хьалха хиллачу инсультах[6].

Статистика[бӀаьра нисйан | нисйан]

Статистика КъБА[бӀаьра нисйан | нисйан]

Шо Команда РогӀера шо Плей-офф сери
GP GS MPG FG% 3P% FT% RPG APG SPG BPG PPG GP GS MPG FG% 3P% FT% RPG APG SPG BPG PPG
1950/51 Вашингтон 31 37,0 88,9 3,5 1,3 12,2 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1951/52 Бостон 63 22,0 38,9 85,9 3,5 2,4 10,7 1 27,0 58,3 100,0 3,0 7,0 15,0
1952/53 Бостон 71 32,9 43,6 85,0 4,1 2,7 16,2 6 33,5 33,3 93,8 2,5 2,5 11,7
1953/54 Бостон 72 34,3 45,0 84,4 3,5 3,2 16,0 6 34,3 43,2 86,0 4,2 1,7 18,8
1954/55 Бостон 68 36,1 42,7 89,7 4,4 4,1 18,4 7 41,4 50,0 92,1 5,4 5,4 20,7
1955/56 Бостон 72 37,5 43,8 86,7 3,6 4,7 19,9 3 39,7 39,1 94,1 2,3 4,0 17,3
1956/57 Бостон 67 35,9 41,6 90,5 4,3 3,5 21,1 10 37,7 38,1 95,3 3,5 2,9 21,1
1957/58 Бостон 63 35,1 42,4 89,3 4,7 2,7 22,3 11 36,9 40,7 92,9 4,9 2,3 21,1
1958/59 Бостон 72 33,1 40,8 93,2 4,1 2,5 20,4 11 29,3 42,5 96,6 3,3 2,5 20,1
1959/60 Бостон 71 27,0 45,6 86,6 3,7 2,0 19,3 13 28,0 42,1 81,1 3,5 1,5 16,8
1960/61 Бостон 61 25,2 42,2 92,1 3,7 2,4 16,0 10 26,1 51,1 88,9 2,7 1,7 16,8
Дерриг 711 32,0 42,6 88,3 3,9 3,0 17,8 78 33,0 42,6 91,1 3,7 2,6 18,5
Дехкан курсор таблицин коьртера аббревиатурин тӀехьажъе, иза йеша лаахь

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. Lavietes, Stuart (2013-10-25). "Bill Sharman, Two-Time Basketball Hall of Famer, Dies at 87". The New York Times. 0362-4331. Дата обращения: 2022 ш. 04 сентябрехь.
  2. Не все ладно в леброновом королевстве. Советский спорт. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 4 сентябрь.
  3. Sharman brought Celtics, Lakers to new heights (инг.). ESPN.com (2013 шеран 25 октябрь). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 4 сентябрь.
  4. Bill Sharman (player) Hall of Famers (инг.). hoophall.com. Basketball Hall of Fame. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 13 ноябрь. Архивйина 2016 шеран 15 сентябрехь
  5. Bill Sharman (coach) Hall of Famers (инг.). hoophall.com. Basketball Hall of Fame. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 13 ноябрь. Архивйина 2017 шеран 7 августехь
  6. Bill Sharman dies at 87; basketball legend and former Lakers coach - latimes.com. web.archive.org (2013 шеран 26 октябрь). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 4 сентябрь.

Литература[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • Jeff Marcus. Sharman, William Walton // A Biographical Directory of Professional Basketball Coaches. — The Scarecrow Press, 2003. — P. 363—365. — (American Sports History Series). — ISBN 0-8108-4007-3.

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]