Шейх Заедан цӀарах маьждиг

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Маьждиг
Шейх Заедан цӀарах маьждиг
مسجد الشيخ زايد‎
Пачхьалкх
ГӀала Абу Даби
Координаташ 24°24′43″ къ. ш. 54°28′26″ м. д.HGЯO
Болам, ишкол суннатийн
Маьждиган тайпа Рузба-маьждиг
Архитектурин хатӀ Iаьрбийн а, гӀажарийн а, маврин а
ГӀишлош яр 19962007 шераш
Ерриг майда Пхи эзар ялх бIе ткъе ворхI (5627 м²) еакӀов метр
Чухоам 40 000 адам
Нартолийн дукхалла 87
Момсарийн дукхалла 4
Момсаран локхалла 107
ГӀирс шагатӀулг (мрамор)
Сайт szgmc.ae
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Шейх Заедан цӀарах маьждиг (Ӏаьр. مسجد الشيخ زايد‎) дуьненахь даккхийчарах (7-гӀа меттиг) маьждигах цхьаъ. Ӏарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь Абу-Даби шахьарехь лаьтташ долу маьждиг. Эмиратийн хьалхара паччахь хилла волу шейх Зайд ибн Султан ан-Нахайанан цӀарах схьадиллина ду. Цуьнан кош маьждиган йистехь ду.

Шейх Зайед ( Джамия).jpg

Маьждиг схьадиллина 2007 шарахь мархийн баттахь.

Дубай шахьарехь долу Джумейра маьждиг чу санна милла (бусалба вацахь а) ваха йиш ю.

2008 шеран бекарг (март) баттахь Туризман министерствос дӀакхайкхира, маьждиган чохь экскурсеш йо бусалба а, керста а нахан.  

Маьждиган чувалар а, экскурси яр а маьхза (махбоцуш) ду.