ШахIидийн ХIоллам (Бакох)

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Сийлахь меттиг
ШахIидийн ХIоллам
Şəhidlər Xiyabanı
Martyrs' Lane common view.JPG
40°21′28″ къ. ш. 49°49′37″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Азербайджан
ГӀала Бакох
Лаьтта меттиг Сабаилский район[d]
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

ШахӀидийн хӀоллам (азербайджанийн маттахь Şəhidlər Xiyabanı; 1990 шо далле Кирован цӀарах парк я Ламанан парк азер. Киров Паркы / Дағлыг Парк)- Бакох-шахьрехь долу мемориалан кешнаш. Цигахь дӀабоьхкина шахӀидаш, царна юккъахь бу 1990-чу шеран Ӏаьржачу кхолламехь хӀаллакхилларш а, Къарабахан тӀамехь белла азербайджанаш а. Иштта хӀолламехь девзина доцу декъаш дӀадоьхкина цӀейоцу вежараллин каш ду.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьалхара хӀолламан меттехь бусулба незан кешнаш дара. Цу меттехь 1918-чу шарахь Бакох-гӀалахь хиллачу бекарг-беттан хиламашкахь беллачу нехан кешнаш дара.

Азербайджанийн Демократийн Республика (1918) йолуш дуьйна 1939 шо кхаччалц Чамбаракан кешнаш дара кхузахь. Иштта кхузахь шай тӀаьххьара Ӏер карина Азербайджанан гоьбевлла гӀуллакххошан, царна юкъахь ву Расизаде Алирза а, Мехмандаров Самедбек а, Мамедкулизаде Джалил а, Мамедгулузаде Мидхат а, Ахвердиев Абдуррагим-бек а, Везиров Наджаф-бек а, Араблински ХӀусейн а, Нагиев Ага Муса а, Ахундов Сулейман Сани а, Карьягды Джаббар а, Мустафеев Рустам а.

Бакох-шахьаран коьрта архитектор волу Ахмедбеков Зивер-беко Чамбарака цӀе йолу  хӀолламан комплекс кечйинера. Иза 1918-чу шарахь тов-бецан баттахь Бакох паргӀатйоккхуш заманчохь хӀаллакхиллачу азербайджанийн а, туркойн а тӀемлойн сий деш меттиг яра.

1935-чу шарахь и кешнаш дӀадехира. Наха гергарчийн декъий кхечу меттиге дӀадаьхьира. Цу меттехь С. М. Кирован цӀарах оьздангаллин а, садаӀаран а парк йиллира, Кирован статуй а хӀоттийра.  Советийн Барт бохарца цигара парк а,  Кирован статуй а, синкъераман хӀуманаш а дӀаяьккхира.

1990-чу шеран кхолламан (январан) 21-чохь хиллачу бохаман тӀаьхьа Азербайджанан лаамалла ларйеш белларш дӀабохкаран белхан комисси кхоьллинера. Комиссин куьйгалхо вара Ӏилманийн доктор Набиев Азер. 26-чу бакохан комиссаран цӀарах йолу халкъан депутатийн Кхочушдаран комитетан пирсдатал волу Мамедов Ӏелица билгал а яьккхира кешнийн керт. Иштта меттиг хоржуш архитектор волу Алиев Наримане а дагабевлара уьш.

Зиярте баьхкина шахьаран бахархой. 1992 шо

1990-чу шеран кхолламан (январан) 21-чохь Азадлыг майданехь (азерб. Azadlıq meydanı — «Маршонан майда», хьалхалера «Ленинан майда») къастаран хашле (церемони) чекхяьллачул тӀаьхьа, Ламанан парке сехьа даьхнера кхолламан 19-20-чу буьйсанашкахь кхелхинчеран декъий. Цу деношкахь бӀе ткъа кош даьккхира. Масийтта сахьтехь хьеделира белларш дӀаберзор. 22-чу дийнахь кхиъ шовзткъе итт стаг дӀаверзийра кешнашкахь. Царех кхоъ 1918-чу шеран кхолламан-беттан геноцидехь велла вара. Цера декъий кош доккхуш карийра. Кхаъ чуртан тӀехь «1918-чу шеран шахӀидаш» йоза ду. ШахӀидийн кешнаш тӀехь а, уьш кхелхина меттигашкахь а наха безамна зезагаш (алзам/гвоздика) дохку. И зезаг Азербайджанехь ирчачу деношан билгало (символ) ю.

Диццадалар[нисъе бӀаьра | нисъе]

«Даим лаьтта цӀе» комплекс ян хьалхара хьахийра 1994-чу шарахь. 1998-чу шеран хьаьттан (августан) 5-чу дийнахь Азербайджанан президент волу Алиев Гедаро ШахӀидийн ХӀолламехь «Даим лаьтта цӀе» сагӀдар (алтар) хьалайотта сацам арахийцира.

Бакох-гӀалан Кхочушдаран Ӏедало сацам бира «Даим лаьтта цӀе» хӀолламан комплекс ян, ткъа министрийн кабинето ши миллиард манат къастийра белхаш дан. 1998-чу шеран эсаран (октябран) 9-чу дийнахь сийлахь меттиг схьайиллира .

1996-чу шарахь Туркойчура хьаькамаш гӀодарца цигахь ШахӀидийн маьждиг дотта аьтто белира. 2009-2017-чу шерашкахь юхадарна (реконструкци) белхаш беш дӀакъоьвлина дара маьждиг.

Кешнийн керта волуш хьалхара кош мар-зудчун кош ду. Церан цӀерш Аллахвердиев Ильхам а, Аллахвердиева Фариза а яра. Советийн эскархоша герзаш тоьхна вийра Ильхам, ткъа и хаам хезначул тӀаьхьа Фаризо ша-шена тӀе куьг даьхьира.

ШахӀидийн хӀоллам — Бакохан сийлахь меттиг ю, гӀалин хьеший оьху кхуза ирчачу деношкахь хӀаллакхилларш дагалаца.

Сарташ[нисъе бӀаьра | нисъе]