Шахбулатов, Аднан Маккаевич

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Аднан Маккаевич Шахбулатов
Adnan Szachbułatow.jpg
Вина терахь 1937 шеран 25 ноябрь({{padleft:1937|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:25|2|0}})
Вина меттиг Хьалха-Марта
Кхелхина терахь 1992 шеран 4 июнь({{padleft:1992|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (54 шо)
Корматалла музыкант, композитор
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси
Зуда Шахбулатова Зайнап (07.06.1943)
Бераш Шахбулатова Индира (09.10.1965 — 28.01.2009)
СовгӀаташ
  • Нохч-ГӀалгӀайн АССР исбаьхьаллин Сийлахь белхало
  • РСФСР исбаьхьаллин Сийлахь белхало
  • Ленинан Комсомолан совгӀатан лауреат
  • М. И. Глинкин цӀарах долу РСФСР Пачхьалкхан совгӀатан лауреат
  • Халкъашна юкъаран зударийн шеран лерина Ерригсоюзан конкурсехь лерина диплом (1957 шо)
Сайт http://www.shahbulatov.ru/

Аднан Маккаевич Шахбулатов (1937 шеран 25 ноябрь, Хьалха-Марта, Нохч-ГӀалгӀайн АССР — 1992 шеран 4 июнь) — нохчийн композитор[1], РСФСР искусстван Сийлахь гӀуллакххо, М. И. Глинкин цӀарах долу Пачхьалкхан совгӀатан лауреат, Ленинан комсомолан совгӀатан лауреат.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дешар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Цо чекхъяккхира Алма-Атан музыкан школа. Цул тӀаьхьа иза Алма-Атан музыкан училище деша вахара. 2-гӀа курсехь доьшуш хенахь иза Соьлжа-ГӀалин музыкан училище деша веара. ТӀаккха цо чекхъяккхира Гнесинийн цӀарах йолу Пачхьалкхан музыкан а, хьехархойн институт.

СССР композиторан союзан декъашхо; Нохч-ГӀалгӀайн АССР композиторийн союзан хьалхара председатель; нохчийн а, гӀалгӀайн а эстрадан а, симфонин а, камеран а музыкин бухбиллинарг; Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан телевиденин а, радион а компанин симфонин оркестран куьйгалхо; хӀора шарахь хуьлу «ДоттагӀалин пластинка» цӀе йолу Къилбаседера Кавказан къона композиторийн конкурсан бухбиллинарг а, жюрин декъашхо а.

ЦӀераш[нисъе бӀаьра | нисъе]

РСФСР исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо, Ленинан комсомолан совгӀатан лауреат, Глинкин цӀарах долу РСФСР пачхьалкхан совгӀатан лауреат.

1957 шарахь Шахбулатовс язйина «Зударашна» цӀе йолу эшеран Зударийн шеран лерина Ерригсоюзан конкурсехь лерина совгӀат делира.

1973 шеран 29 октябрехь Орджоникидзехь Шахбулатов маше тӀетоьхна лазира. Цул тӀаьхьа цуьнан 20 шо меттахь даккха дийзира[2]. ТӀаккха ша мел язйинарг цо меттара хьала а ца гӀоттуш язъян дийзира.

Кхолларалла[нисъе бӀаьра | нисъе]

А. М. Шахбулатовс язйин 800 сов произведени (эшараш, сюиташ, пьесаш, сонаташ, романсаш, кантаташ, театран лерина произведениш) Лермонтован, Магальянесан, Лоркан, Рубцован, Ахматован, Чахкиеван, Дикаеван, Кусаеван а, кхиболу поэтийн байташна.

Эшархой[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • В. Дударова куьйгалхо йолу Москван симфонически оркестр
  • Ленинградский эстрадно-симфонический оркестр под управлением А. Бадхена;
  • симфонический оркестр Чечено-Ингушского ГТРК;
  • Кировский симфонический оркестр под управлением В. Раевского;
  • ВИА «Зама»;
  • вокальная группа «Лоам»;
СССР Халкъан артисташ
  • Исакова, Нина Сергеевна;
  • Чалаев, Ширвани Рамазанович;
  • Кобзон, Иосиф Давыдович;
  • Российн Халкъан артист Сергей Яковенко;
Российн Сийлахь артисташ
  • Нина Григоренко;
  • Сенчина, Людмила Петровна
  • Людмила Симонова;
  • Султан Магомедов;
  • Мовлад Буркаев;
  • Наталья Маркарян;
  • Мовсар Минцаев;
  • Димаев, Али Умарович;
  • Рамзан Паскаев;
  • Татьяна Сергеева;
  • Лейла Мусаева;
  • Яндиева, Тамара Хаважовна;
  • Вячеслав Ольховский;
  • Татьяна Васнецова;
  • Лиза Ахматова;
  • Имран Усманов;
  • Мустафа Имагожев;
  • Тамара Дадашева;
  • Михаил Петухов;
  • Сулейман Токкаев;
  • Марьям Ташаева;
  • Белорусин Сийлахь артист Светлана Стародетко;

кхибераш а.

Виццавар[нисъе бӀаьра | нисъе]

А. М. Шахбулатован цӀе тиллина:

1993 шарахь цуьнан цӀе тиллира иза Ӏийна хилла Роза Люксембург цӀе йолу урам. 2000-гӀа шераш долалуш хенахь оцу ураман хьалхалера цӀе юха а тиллира.

ХӀора шеран ноябрехь нохчийн телевиденис а, радиос а, Соьлжа-ГӀалин театран а, концертан а залехь хуьлу Шахбулатован лерина денош.

2007 шеран 27 ноябрехь Москвара халкъашна юккехар музыкин цӀа чохь хилира Аднан Шахбулатован лерина концерт.

2007 шарахь «Пробел-2000» арахецарехь араяллера Шахбулатовехь лаьцна книга «Шрамы на клавишах». Иза язйинера Шахбулатован вашас Л. Шахбулатовс.


Доьзалла[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Зуда (07.06.1943) — Нохч-ГӀалгӀайн АССР исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо, Нохч-ГӀалгӀайн телевиденин режиссёр (ГТРК «Грозный»)[3];
  • ЙоӀ — Шахбулатова Индира (09.10.1965 — 28.01.2009)

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Шахбулатов Л. Д. Шрамы на клавишах. — Москва: Пробел-2000, 2007. — 122 с. — ISBN 5986041062

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]