Чулацаман тӀегӀо

Шатара, Милош

Талланза
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Милош Шатара
Файл:Милош Шатара.jpg
Йукъара хаамаш
Гражданалла Боснин а, Герцеговинин а байракх Босни а, Герцеговина а
Локхалла 188 см
Йозалла 78 кг
Позици турсло
Информаци клубех
Клуб Россин байракх Ахьмад
Лоьмар 5
Кегийрхойн клубаш
Клубнан карьера[* 1]
2012—2015 Боснин а, Герцеговинин а байракх Козара 36 (4)
2015—2021 Сербин байракх Младост 162 (9)
2021—2022 Белоруссин байракх Шахтёр (Солигорск) 28 (3)
2023—хӀ.а. Россин байракх Ахьмад 27 (1)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара, карладаьккхина 2023 шеран 17 апрелехь.

Милош Шатара (серб. Милош Шатара; 1995 шо 28 октябрь, Гадишка, Сербия) — боснин футболист. «Ахьмад» клубан турсло.

Градишка(оьр.) гӀалара «Козара» футболан клубан кхиорхо. 16 шо долуш ловза волавелла Сербин Республикин хьалхара лигин коьрта командехь. 2014/15 шарахь командин капитан вара. Шо чекхдолуш команда йитира[1].

2015 шеран июлехь дехьавала сербин Младост(оьр.)« клубе[2]. 2015 шеран 18 июлехь клубан дебют йира Сербин Суперлигехь „Ягодина“ клубан дуьхьала[3]. Шен хьалхара гол чутуьйхира 2016 шеран 22 октябрехь „Яворан“[4]. Йуьхьанца ловзуш вара гӀорторан ахтурслочун позицехь, тӀаьхьа шен квалификаци хийцина турсло хилла. Кхин а командин капитан вара.

«Шахтёр» Солигорск

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2021 шеран июнехь дехьаваьлла солигорскан Шахтёре(оьр.)»[5]. Клубехь дебют хилира 2021 шеран 21 августехь мозыран «Славин» дуьхьала, билгалвелира голца а, жамӀе пасца а[6]. Шен шолгӀа гол туьйхира 2021 шеран 23 октябрехь «Витебскан»[7]. Цу шарахь 2021 шеран Лакхара лигин толамхо хилира[8].

2022 шо долийна Белоруссин Суперкедехь борисовон "БАТЭл иэшарца[9][10]. Чемпионатехь хьалхара матч левзира 2022 шеран 2 майхь «Гомелан» дуьхьала[11]. Шарахь хьалхара гол туьйхира 2022 шеран 8 майхь «Энергетик-БГУ» дуьхьала[12]. 2022 шеран майхь дисквалификаци йира 3 матчан тергонан-низаман комитетан сацамца, 8 туран «Шахтёра» а, «Динамо» минскан йукъара матчехь хилларг бахьна долуш[13]. 2022 шеран августехь Шахтёран хӀоттаман йукъара велира лазор бахьна долуш[14]. Йуха майдане веира 2022 шеран октябрехь, 8 дийнахь левзира «Минскан» дуьхьала[15]. Шеран жамӀехь Лакхара лигин чемпион хилира[16].

2023 шеран январехь футболистан тидам тӀебахийтира Россин «Ахьмад» клубо[17]. 2023 шеран 12 январехь футболист официалан дехьаваьлла Россин клубе[18]. Футболистаца контракт дира 2026 шеран июнь чекхбаллалц, ткъа трансферан мах хилира 350 эзар евро. Шерашна йукъара доттагӀаллин матчехь сербин «Воеводина» дуьхьала гол туьйхира[19]. Клубехь дебют йира 2023 шеран 4 мартехь «Оренбурган» дуьхьала, стартан хӀоттамехь йукъаваьлла[20]. 2024 шеран 28 апрелехь Шатарас чутуьйхира шен хьалхара гол официалан матчашкахь Соьлжа-ГӀалин командехь. Милош билгалвелира «Пари НН» клубаца.

Дуьненайукъара карьера

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ловзархочун дуьненайукъара тӀегӀанера дебют хилла 18 шо кхачанза Боснин а, Герцеговинин а жимахойн гулйина командехь хилла[21]. Кхин а левзина 19 шо кхачанза къоман командехь а, 21 шо кхачанза къоман командехь а.

Белоруссин байракх «Шахтёр» Солигорск

  • Белоруссин чемпион: 2021, 2022.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Startovali fudbaleri Kozare. gin.ba (2015 шеран 3 июль). Архивйина 2017-12-01 — Wayback Machine
  2. Potpisao Aleksandar Lazevski. mozzartsport.com (2015 шеран 16 июль).
  3. Jagodina vs. Mladost Lučani (инг.). soccerway.com (2015 шеран 18 июль).
  4. Javor Ivanjica vs. Mladost Lučani (инг.). soccerway.com (2016 шеран 22 октябрь).
  5. Милош Шатара стал игроком «Шахтера»
  6. Slavia vs. Shakhtyor (инг.). soccerway.com (2021 шеран 21 август).
  7. Vitebsk vs. Shakhtyor (инг.). soccerway.com (2021 шеран 23 октябрь).
  8. Команде вручили чемпионский кубок!
  9. Суперкубок Беларуси. БАТЭ — «Шахтер» — 1:0 (ОБЗОР)
  10. БАТЭ стал обладателем Суперкубка-2022! Архивйина 2022-03-07 — Wayback Machine
  11. Shakhtyor vs. Gomel (инг.). soccerway.com (2022 шеран 2 май).
  12. Energetyk-BGU vs. Shakhtyor (инг.). soccerway.com (2022 шеран 8 май).
  13. Шатара дисквалифицирован на три матча, Ориньо - на два. Итоги заседания КДК. football.by (2022 шеран 18 май).
  14. Защитник "Шахтера" Шатара начал тренироваться по индивидуальной программе. football.by (2022 шеран 9 сентябрь).
  15. Shakhtyor vs. Minsk (инг.). soccerway.com (2022 шеран 8 октябрь).
  16. «Шахтер» — чемпион! fcshakhter.by (2022 шеран 12 ноябрь).
  17. Два балканских футболиста «Шахтера» могут перейти в «Ахмат». news.pm.by (2023 шеран 1 январь).
  18. Милош Шатара и Заим Диванович перешли в «Ахмат». fc-akhmat.ru (2023 шеран 12 январь). Архивйина 2023-01-12 — Wayback Machine
  19. Милош Шатара отличился в спарринге за "Ахмат". football.by (2023 шеран 24 январь).
  20. Akhmat Grozny vs. Orenburg. football.by (2023 шеран 4 март).
  21. Budućnost BiH: Ko su momci sa Nestorovićevog spiska? sportsport.ba (2015 шеран 17 март).