Чулацаман тӀегӀо

Шарифов, Шариф Наидгаджавович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шариф Наидгаджавович Шарифов
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьршаниг[d]
Пачхьалкх
Говзалла спортехь латар[d], борьба[d]
Клуб «Атаспорт» (Баку)
Вина терахь 1988 шеран 11 ноябрь({{padleft:1988|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (35 шо)
Вина меттиг
Локхалла 180 сантиметр
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Шари́ф Наибгаджавович Шари́фов (азерб. Şərif Naibhacavoviç Şərifov; 1988 шеран 11 ноябрь, ХӀунукх, ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика, РСФСР, ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика йа Чародан кӀошт, ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика) — азербайджанан паргӀат кепар латархо, Азербайджанан гулйина тобанан декъашхо. 2012 шеран аьхкенан Олимпиадан толамхо, 2016 шеран аьхкенан Олимпиадан борзан совгӀатхо, дуьненан а, Европин а чемпионатийн толамхо а, совгӀатхо а.

Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

ЖӀайхо. Шарипов лата Ӏама волавелира Кизлярехь. Цуьнан доьзал Махачкала дӀабагӀча цуьнан тренер хилира Российн Сийлахь тренер Анвар Магомедгаджиев. Цхьа хан ялча цунна лиира Азербайджан гулйина тобанан декъашхо хила. И лаам кхочуш бархьам цо шен гражданалла хийцира.

2008 шарахь цуьнан хьалхара къовсам хилира Азербайджанан гулйина тобанехь. 2009 шарахь иза хилира дуьненан чемпионатан борзан совгӀатхо. 2010 шарахь иза хилира Европин чемпионатан дети совгӀатхо. 2011 шарахь Европин чемпионатехь цо йаьккхира дети мидал а, дуьенан чемпионатахь деши мидал а. И толам бахьнехь цо йаьккхира бакъо 2012 шеран Лондонехь хирйолу аьхкенан Олимпиадехь дакъа лаца. Олимпиадехь Шарифов деши мидал йаьккхира. Цу шеран 31 августехь Азербайджанан а, Азербайджане халкъан Олимпийски комитетан а президентас Ильхам Алиевс йелира Шарифован «Шохрат» орден[1].

2019 шеран 21 сентябрехь Шарифов дуьненан чемпионатехь дети мидал а йаьккхина. Оцу мидалс бакъо елири Шарифовн 2020 шарахь Токиохь хирйолу аьхкенан Олимпиадехь дакъа лаца[2].

Билгилдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. Olimpiya yığmamızın üzvlərinə orden və medallar verildi Архивйина 2012-11-11 — Wayback Machine. Список награждённых олимпийцев.
  2. Азербайджан завоевал пять лицензий на летние Олимпийские игры «Токио-2020». azertag.az. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 22 сентябрь.

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]