ШайтӀа

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ШайтӀа
Ӏаьр. الشيطان‎‎
Сурт

ШайтӀа (Ӏаьр. شيطان‎‎ — «тилдалар», «генадовлар», дукх. т. شياطين‎ шайтӀарчий схьадаьлла къ-седа.-м-бузен.-семигӀеран орамах *śṭn «шайтӀа» ма-дарра «мостагӀ хила», «бехкедар»; дуста ӏебар. שָׂטָן‎ śāṭān, арам. סטנא soṭono, Кеп:Lang-gez — «шайтӀа»[1]) — ислам динехь АллахӀанна а, адамашна девнехь долу дера синойн категорин векал.

ШайтӀан таро йу адаман сибате дала[2]. Къемат-де деича шайтӀа шен элица — Иблисца цхьаьна — жоьжахатин Ӏазап хьоьгур ду. Шен лайшан гӀоьнца Иблисо галдоху адамаш, беркате цӀена болх бан ца дуьту, къиношка тоьтту. ШайтӀа кхоьллина цӀарах йа кӀурах, цаьрга тӀеэцало тайп-тайпана арахьара куьцаш. Уьш дан таро йу Иблисан, деха тобанашкахь тайп-тайпана мехкашкахь.

ШайтӀанийн хила тарло тайп-тайпана цӀераш, лелайо раджим («детташ долу») эпитет[3]. «ШайтӀа дош синоним йу библин сатана терминна»[2].

Исламан дийцаршца, шайтӀарчаша къинош а, гӀалаташ а дойтура беркате цӀена нахе а, пайхамарашка а, масала Юсуп пайхамар وصلة=. ШайтӀарчийн цхьа дакъа дацош хилла Сулейман пайхамара وصلة=, амма иза кхелхинчул тӀаьхьа шайн балхе йухадирзина. Тахана а новкъарло йо адамашна ламаз дан а, адамаш Ӏамадо буозбунчалла лело. Цара адаме АллахӀ вицвойту, беркате дика гӀуллакхаш ду бохуш, къинош дан марздо. ХӀора стеган шен шайтӀа а, шен малик, цара къовсам латтабо адаман дог къуьйсуш. ШайтӀа адам нийсачу новкъара тило гӀерта, тилош цуо лелабо дегӀан лаам а, самукъа даккха лаар (нафс) а, кхин а сакхташ даржадо, оьгӀазло, хьагӀ, хьегар, кхин дӀа а[4].

Бусулбачарна хаа, шайтӀа лалла тоьа АллахӀера гӀо дехар[4]. Цара сих-сиха олу формула: «АӀузу би-ллахӀи мина ш-шайтӀани р-раджим», йа Къуръанан айаташ[5]. Цхьацца бусулбанийн Ӏелам наха шайтӀанаш лору уггаре аьрха а, делах ца теша а жиннийн дакъа. Кхечара уьш лору синойн башха категори, уьш жиннех къаьсташ, йуьхьанца дуьйна куфре эгна ду, таӀзар жоьжахати йу. Къуръанехь а, динан жайнашкахь а Иблис а, шайтӀарчий а сих-сиха вовшен меттигашца хуьйцу, хӀунда аьлча шайтӀарчаша Иблисан лаам а, омарш а кхочуш до. исламал хьалхара Ӏарбийчохь шайтӀарчий йукъара лолура буозбунчаша а, поэташа а эхартца къамел деш[4].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. śṭn / Semitic roots (инг.) (śṭn Northwest Semitic, to be(come) hostile, accuse. a. Satan, from Hebrew śāṭān, adversary, Satan, from śāṭan, to accuse, act as adversary;; b. shaitan, from Arabic šayṭān, Satan, from Ethiopic śayṭān, from Aramaic sāṭānā, from Hebrew śāṭān (see above).). The Free Dictionary by Farlex. Houghton Mifflin Harcourt Publishing Company (2004 шеран 17 январь).
  2. 1 2 Гогиберидзе, 2009, с. 249.
  3.  15:17 </noinclude>Къуръан
  4. 1 2 3 Пиотровский, 1991, с. 289.
  5.  2:268 </noinclude>Къуръан
Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «шайтӀа»

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Викицитатникехь агӀо йу теманера
ШайтӀа
оьрсийн маттахь
кхечу меттанашкахь