Шаипов, Саид Эдилсултанович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Саид Эдилсултанович Шаипов
Вина терахь 1934 шеран 1 январь({{padleft:1934|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 2009 шеран 2 январь({{padleft:2009|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:2|2|0}}) (75 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси
Пачхьалкх  ССРС Росси
Говзаллаш эшархо
Коллективаш «Вайнах»
СовгӀаташ
«Къинхьегаман ветеран» мидал Нохчийн Республикин Халкъан артист


Арахьара суьрташ
Жима волуш хенахь
Концерт йолаяле
Концертехь (аьтту агӀор кхозлугӀа)
Елена Владимировна Куйбышеваца
Воккха хилча

Саи́д Эдилсулта́нович Шаи́пов (1934 шеран 1 январь, Хьиди-КӀотар, Курчалойн кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР — 2009 шеран 2 январь, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси) — нохчийн эшархо, «Вайнах» ансамблин декъашхо, Нохчийн Республикин Халкъан артист.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бералла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Винера 1934 шеран 1 январехь Курчалойн кӀоштан Хьиди-КӀотарахь Эдилсултан Шаипован доьзаллехь. Цуьнан нана йара Саламат Шаипова. 1944 шеран 23 февралехь уьш цӀерабехира.

Цуьнан доьзал дӀанисбира Кокчетавски областин Куропаткино юртехь. Цуьнан дас тоьла а деккхина уьш цу чохь Ӏан болабелира. Новкъахь нана чӀогӀа шелйелира, цхьа шо даьлча иза йелира. Кхин цхьа шо даьлча цера да велира. Саид вара 11 шо кхаьчна цуьнан шен 7 шо кхаьчна йиший, 4 шо кхаьчна веший дола дан дезча. Уьш кхабархьам цо муьллха болх бора.

1946 шарахь бӀаьстенна бераш Кокчетаве дӀадахара. Буьйсанна цхьана цӀенон ламин кӀелахь дӀабишира уьш. Буьйса чӀогӀа шила йара, жима кӀант ваьлха волавелира. Бераш хиллера Куйбышеван музейн лами кӀелахь дӀадийшина. Оцу музейн директор йара Куйбышеван йиша Елена Владимировна. Цунна белхар хезна хиллера. Цо бераш чу а дигна, уьш дохдира, дилира, яа хӀума а йелира. Оцу цӀа чохь кхо бера шина шарахь сов дехира. Елена Владимировна йолчу кест-кеста цуьнан йиша Надежда Владимировна йохура. Цо бершна мерза хӀумнаш йохьура, цаьрца ловзура[1].


Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]