Шаипов, Саид Эдилсултанович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Саид Эдилсултанович Шаипов
Вина терахь

1934 шеран 1 январь({{padleft:1934|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})

Вина меттиг
Кхелхина терахь

2009 шеран 2 январь({{padleft:2009|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:2|2|0}}) (75 шо)

Кхелхина меттиг

Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси

Пачхьалкх

ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси

Говзаллаш

эшархо

Коллективаш

«Вайнах»

СовгӀаташ
Медаль «Къинхьегаман ветеран»
Нохчийн Республикан Халкъан артист


Images.png Арахьара суьрташ
Image-silk.png Жима волуш хенахь
Image-silk.png Концерт йолаяле
Image-silk.png Концертехь (аьтту агӀор кхозлугӀа)
Image-silk.png Елена Владимировна Куйбышеваца
Image-silk.png Воккха хилча

Саи́д Эдилсулта́нович Шаи́пов (1934 шеран 1 январь, Хиди-КӀотар, Куршлойн-Эвлан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР — 2009 шеран 2 январь, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси) — нохчийн эшархо, «Вайнах» ансамблин декъашхо, Нохчийн Республикан Халкъан артист.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Бералла[нисъе | нисъе чухулара]

Винера 1934 шеран 1 январехь Куршлойн-Эвлан кӀоштан Хиди-КӀотарехь Эдилсултан Шаипован доьзаллехь. Цуьнан нана яра Саламат Шаипова. 1944 шеран 23 февралехь уьш цӀерабехира.

Цуьнан доьзал дӀанисбира Кокчетавски областин Куропаткино юртехь. Цуьнан дас тоьла а деккхина уьш цу чохь Ӏан болабелира. Новкъахь нана чӀогӀа шелъелира, цхьа шо даьлча иза елира. Кхин цхьа шо даьлча цера да велира. Саид вара 11 шо кхаьчна цуьнан шен 7 шо кхаьчна йиший, 4 шо кхаьчна веший дола дан дезча. Уьш кхабархьам цо муьллха болх бора.

1946 шарахь бӀаьстенна бераш Кокчетаве дӀадахара. Буьйсанна цхьана цӀенон ламин кӀелахь дӀабишира уьш. Буьйса чӀогӀа шила яра, жима кӀант ваьлха волавелира. Бераш хиллера Куйбышеван музейн лами кӀелахь дӀадийшина. Оцу музейн директор яра Куйбышеван йиша Елена Владимировна. Цунна белхар хезна хиллера. Цо бераш чу а дигна, уьш дохдира, дилира, яа хӀума а елира. Оцу цӀа чохь кхо бера шина шарахь сов дехира. Елена Владимировна йолчу кест-кеста цуьнан йиша Надежда Владимировна йохура. Цо бершна мерза хӀумнаш йохьура, цаьрца ловзура[1].


Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]