Джамбеков, Овхад Алихаджиевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Шаарани Джамбеков тӀера хьажжина кхуза)
Овхад Алихаджиевич Джамбеков
Вина терахь 1949 шеран 17 февраль({{padleft:1949|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (75 шо)
Вина меттиг ГӀиргӀазойчоь, СССР
Кхелхина терахь 2021 шеран 6 март({{padleft:2021|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})[1] (72 шо)
Пачхьалкх  ССРС Росси
Ӏилманан кхоче Филологин Ӏилманийн кандидат
Белхан меттиг Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет
Ӏилманан дарж доцент
Ӏилманан цӀе Филологи, фольклор
Альма-матер Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет

Овхад (ШаӀрани) Алихаджиевич Джамбеков (1949 шеран 17 февраль, ГӀиргӀазойн Советийн Социалистийн Республика2021 шеран 6 март[1]) — нохчийн Ӏилманча а, йаздархо а, филологийн Ӏилманийн кандидат, Нохчийчоьнан а, Российн а йаздархойн тобанийн декъашхо, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологийн кафедран доцент. Иза 30 шарахь сов нохчийн фольклор гулйеш ву.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина ГӀиргӀазойчохь. Циггахь чекхйаьккхина 1-ра класс. 1957 шарахь цӀавирзина. «Ленинец» газетехь болх бира. Ши шо даьлча иза культурин отделан куьйгалхо хилира. Заочно чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан а, литературин а, оьрсийн меттан а, литературин а факультет. Цо чекхйаьккхира Гуьржийн Ӏилманийн академин Гуьржийн литературин институтехь аспирантура. 2008 шарахь иза хилира филологийн Ӏилманийн кандидат. Цуьнан диссертаци йара «Жанровые и поэтические особенности чеченских героико-исторических песен илли».

Тахана иза ву Исламан университетан филологин кафедрехь болх беш. Цо йазйина дукха книгаш а, статьяш а нохчийн фольклорех а, литературех а лаьцна.

Библиографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Книгаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Статьяш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]