ЧӀерийдохург

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
ЧӀерийдохург
Ciconia nigra 1 (Marek Szczepanek).jpg
Ӏаьржа чӀерийдохург
Ӏилманан классификаци
Дуьненаюкъара Ӏилманан цӀе

Ciconia Brisson, 1760

ЧӀерийдохург[1] (лат. Ciconia) — деха когаш долчу тобанера олхазарийн тайпа.

Амалш[нисъе | нисъе чухулара]

ЧӀерийдохурган деха дерзина зерзина цӀока йолу когаш ду; зӀок еха, нийса, конус кепара ю; хьалхара пӀелгаш хитина ду вовшех шуьйра неканан пардоца, пӀелгаш доца сирла-цӀен мӀараш йолуш ду; коьрта а, лаг а тӀехь цхьаццанхьа месаш яц.

Европехь шина кепара ду: Ӏаржа (С. nigra) а, кӀай (С. alba) а; хьалхарчун месаш таьӀана мокха ю; шолгӀачун, тӀемаш а, белаш а дӀаяьхчи, кӀайн месаш ю, зӀок а, когаш а цӀе бу. ДӀакхелха олхазарех ду, юккъера Европе догӀу февралехь, мартехь. Европа йоцучехь, хаало дуьненан малхбален эхиган кхечу меттигашкахь а. Юхадирзича охьаховшу декъачу геннех дитташ боьххьехь я тхевнаш тӀехь динчу хьалхалеррачу бенаш чу; хиш алсамдолу меттигаш еза царна, алссама хуьлу Голландехь, Исландехь, Къилба Саксонехь. Ингалсехь уьш данне а дац[хьост?]. ЧӀерийдохургаш халлака ца йо, цундера уьш адамах тешам хеташ гӀишлошна уллохьа йогӀу.

ЧӀерийдохурган даар чӀара бу, пхьидарчий, моьлкъанаш, лаьхьарчий, этмаьӀигаш, дог1ан н1аьний, аренан дехкий, боьлкъазарш, сагалматаш. Стениг кӀайчу бесара 8 см гергга деха долчу 4-5 хӀоьан тӀехуу. Аз гӀийла ду, аьзнаш мочхалаш вовшех детташ до; ткъа кӀорнеш, бенахь долуш, цӀийза я гӀийла декарх тера гӀовгӀа йо. Къона чӀерийдохург караӀамо атта ду. Дукха чӀогӀа еха[хьост?]. ЗӀок боьххьера цӀогане кхаччалц 1,3 м гергга еха ю; ирахь 1 м лекха ю.

Тайпанаш[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — М.: Русский язык, 1978.

Хьаьжа иштта[нисъе | нисъе чухулара]