Чулацаман тӀегӀо

ЧуӀийдаргийн къеп

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ЧуӀийдарган къепан коьрта воканаш (аьрру — стаг, аьтту — зуда): 1. Буьччалгах тера дегӀ 2. Гипофиз 3. Хьорзамха 4. Шалго Iийдарг (Тимус) 5. Жимна тIехулара Iийдарг 6. Наб 7. Зудчун ЭрацIарне 8. Стеган ЭрацIарне

ЧуӀийдаргийн къеп[1], йа Эндокринин система — ЧуӀийдаргийн къеп тайп-тайпана мутта Ӏийдало пхенаш доцчу Ӏийдаргех кхоллало, церан мутта шайн дилханашлахь цӀийх дӀакхета. ЧуӀийдаргаш шина тайпана хуьлу: беккъа чуӀийдаргийн болх бийраш а, чуӀийдаргийн а, араӀийдаргийн а болх бийраш а. ЧуӀийдаргаша цӀий чулучех гормонаш олу. Гормонаша салгийн, дилханийн, воканийн болх карзахбоккху йа малбо. ЧуӀийдаргийн къепо салатторан къепаца цхьаьна адаман дегӀан чорхан болхбаран барам латтабо. Иштта чуӀийдаргашца, чуӀийдаргийн, араӀийдаргийн болх бечу ийна Ӏийдаргашца цхьаьна болх бо кхача охьу маршан оганашкара а, гӀашвоканийн къепера а, садаӀаран некъашкахь йолчу а гормонаш йохучу салгаша. Церан гормонаша шаьш йолчу воканийн дилханашлахь болх бо.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Берсанов Р. У. Адаман анатоми(нох.). — Грозненский рабочий. — Соьлжа-ГIала (Грозный), 2010. — (нохчийн-оьрсийн атлас : латинийн-оьрсийн-нохчийн терминийн дошам). — ISBN 978-5-900231-94-5.


Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Берсанов Р. У. Адаман анатоми(нох.). — Грозненский рабочий. — Соьлжа-ГIала (Грозный), 2010. — (нохчийн-оьрсийн атлас : латинийн-оьрсийн-нохчийн терминийн дошам). — ISBN 978-5-900231-94-5.