Чунгрой

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Къена тайпа
Чунгрой
Чунгаройн эвла 1892 шеран картин тІехь Чунгаройн эвла 1892 шеран картин тІехь
Кхин цӀерш Чунгурой, Чунгарой, ЧІунгарой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам нохчмахкахой, Ӏовхойн
Юкъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан нохчмахкахойн леер а, Ӏовхойн меттадакъа а
Йоза Кириллица
Дин ислам (сунниташ)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
РоссиFlag of Russia.svg Росси: хууш дац
НохчийчоьFlag of the Chechen Republic.svg Нохчийчоь: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира мохк Нохч-Мохк

Чунгрой — нохчийн тайпанех цхьаъ[1][2]. Дийцарехь, курчалоша а, чунгроша а йиллина ГІурий хин йистехь лаьтта Алмакха[3]. Охьахевшина беха: Аьчка-ХитӀехь, ГӀойтӀахь, Йоккха АтагӀахь, Кешен-Эвлахь, Лакха Неврехь, Маканехь, Минеральнехь, Хьалха-МартантІехь, Чуьйри-Эвлахь, Шела, Ӏалхан-Юртахь[3]. Чунгрой нохчийн шина тукхумна юкъабоьлху: нохчмахкахойн, Ӏовхойн.

Тайп относится к гаплогруппе L3.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Нохчийн историка историкан Іилманийн кандидата Натаев Сайпудис тардолийта чунгрой а, чартой а тайпанаш говзаллийн хьесапца кхолладалар[4].

Этноним екъа мега шина орамна «чIу» а, «гарой» а (чІунгарой). ЧІу герзан кеп ю. Ораман шолгІачу декъо (гар) гойту иза хьалха доккхачу тайпана гар хилар, ткъа тІаьхьа доккха мел хуьлу (историн хиламашкахь) хІинцалерчу доккхачу тайпане кхаьчна. Нохчийчохь ЧIуной тайпа а ду, царах къаьстина хила а тарло.

Хьалха-Мартан гена йоцуш, СаІдин-КІотаран (Бачин-КІотар, ГӀой-Чу) къилба-малхбузехьа ю хьалха Чунгурой баьхна топоним Чунгуройн Іин. ХІХ бІешарахь ГІойтІа хин лакхенашкахь лаьттина Чунгуройн эвла, цуьнан бахархой 1848 - 1849 шерашкахь кхалхийна оьрсийн эскарша Хьалха-МартантІе а, Гелен-ГІойтІа а.

ГІойтІан цхьаьна декъах 1859 шарахь Чунгуройн ГІойтІа олуш хилла. ХІинца ГІойтІахь Чунгуройн юкъ ю.

Топонимаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Чунгуройн Іин – СаІдин кІотарна къилба-малхбузехь. Кхузахь хьалха баьхна чунгрой тайпана нах[3].
  • Чунгарой-Юрт – лаьттина ГІойтІа агІора ГИБДД пост лаьттинчу меттигехь[5].

ГІарабевлла Чунгрой[нисъе бӀаьра | нисъе]

• Чунгаройн Атин Атаби — нохчийн наиб.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Угрозы национальной безопасности России на Северном Кавказе: этноконфессиональный аспект Лицевая обложка Гаджи Пирмурадович Герейханов
  2. Мамакаев М.А. «Чеченский тайп (род) в период его разложения» Грозный, ГУП «Книжное издательство», 1973
  3. 1 2 3 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
  4. Натаев Сайпуди Альвиевич кандидат исторических наук, доцент кафедры истории народов Чечни Чеченского государственного университета К ВОПРОСУ ОБ «ОТДЕЛЬ НЫХ» И «ПРИШЛЫХ» ТАЙПАХ В СОЦИАЛЬНОЙ СТРУКТУ РЕ ТРАДИЦИОННОГО ОБЩЕСТ ВА ЧЕЧНИ
  5. Немного об истории Грозного Мохди Шамаев №98 (2031)

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Угрозы национальной безопасности России на Северном Кавказе: этноконфессиональный аспект Гаджи Пирмурадович Герейханов, Алексей Григорьевич Лукьянов, Игорь Сергеевич Моренов Граница, 2004
  • Этнический состав населения Северного Кавказа: в ХВИИИ-начале ХХ века Наталия Георгиевна Волкова "Наука,", 1974
  • На терских берегах В. Б. Виноградов, Н. Н. Великая, Евгений Иванович Нарожный Армавирский государственный педагогический институт, 1997