Чилин Депутатийн палата

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Чилин Депутатийн палата
(Cámara de Diputados de la República de Chile)


Camara-diputados-chile.JPG

Лахара палата

Председатель Алехандро Сепульведа Орбен
--- партин юкъара Маьрша регионан парти
--- хаьржина 2010 шеран 11 март
Депутаташ 120
Политикин тобанаш (фракцеш) Демократин реза партеш, Хийцамийн коалици
ТӀаьхьара харжамаш 2013 шеран 17 ноябрехь
Веб-сайт www.camara.cl

Депутатийн палата (испан. Cámara de Diputados) — Чилин парламентан лахара палата. Депутатийн палата лаьтта 120 декъашхочух, уьш хаьржина нисса кхаж тасарца, мохк бекъна, 60 харжамийн гуонехь (Республикин Конституцин 47 йаззам). Депутаташ хоржу 4 шеран, юха харжа таро а ю. Векалийн палатан Ӏалашо законаш Сенатаца а, Республикин Президентаца а цхьаьна тӀеэцар ю. Депутатийн палато терго йо пачхьалкхан Ӏедалан межешна тӀаьхь.

Депутатийн кандидаташна болу бехкамаш бийцина Конституцин 48 йаззамехь:

1. Кхаж таса бакъо йолу гражданин хилар.

2. 21 шо хан кхаьчна хилар.

3. Юкъара ишкол я цуьнан эквивалент чекхъяьккхина хилар.

4. Харжамаш хилале шина шерал алсама хоржучу харжамийн гуонехь вехаш хила везар.

Законаш дахаран процесс[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ков:Политика
Чили
Coat of arms of Chile.svg

Серера йаззам
Политикин система
Чили

Законаш дахаран процесс йолало законан проект депутатийн Сенате я Палате дӀагайтарца (Республикин Конституцин 65 йаззам).

Законаш даха бакъо ю:

1. Республикин Президентан.

2. Цхьаьннан я масех депутатан.

Цхьадолу бакъонан гӀуллакхаш, кхочушдаран Ӏедало кховдо бен мегаш дац, цундела кховдо ца мега Республикин Президенто бен.

Бухара гӀуллакхаш нис ца до деккъа президенто кховдорца бен:

1 — муьлхха а кепара налог юкъаяккхар, дӀаяккхар я барам хийцар;

2 — керла юкъараллин гӀуллакх я автономин, пачхьалкхан предприятешкахь белхан меттиг кхоллар, уьш дӀаяхар, церан функцеш а, бакъонаш а билгалъяхар;

3 — схьаэцар я пачхьалкхан кредитан я финансийн цхьаьнаэшараллан кхераме хӀоттон йолу кхин кепара операцеш яр;

4 — белхан алапан, пенсийн, жерой бисинчеран пенсийн, арендан мах, муьлхха а кхин кепара мехаш, пачхьалкхан администрацийн, урхаллийн, кхолламийн кредитан хӀоттаман барам хийцар, ткъа кхин а доларчу секторан белхалошна минимум белхан алапа хӀоттор;

5 — коллективан барт барехь хьолаш а, процедураш а хӀиттор;

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]