Чилиев Муса Мажидан воӀ
| Чилиев Муса Мажидан воӀ | |||||||
|---|---|---|---|---|---|---|---|
| | |||||||
|
|||||||
| Хьалха хилларг | Дидигов Мухарбек | ||||||
| Когаметтаниг | Барахоев Мухарбек | ||||||
|
|||||||
| Хьалха хилларг | Воробьёв Алексей | ||||||
| Когаметтаниг | Мальсагов Абубакар | ||||||
|
|
|||||||
| Вина терахь | 1955 шеран 6 июнь (71 шо) | ||||||
| Вина меттиг | ССРС, ГӀиргӀазойн ССР, Фрунзе | ||||||
| Дешар | |||||||
| Болхбаран меттиг | |||||||
Чили́ев Му́са Мажи́дан воӀ (вина 1955 6 июнь, ГӀиргӀазойн ССР Фрунзехь) — Россин а, гӀалгӀайчоьнан а политикин а, пачхьалкхан а гӀуллакххо, ГӀалгӀайчоьнан правительствон председатель (2011—2013), Федерацин Кхеташонан декъахо (2018 шерера 2019 шеран сентябрь кхаччалц).
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Вина 1955 шеран 6 июнехь ГӀиргӀазойн ССР Фрунзе гӀалахь (хӀинца Бишкек)[1].
1977 шарахь чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет оьрсийн меттан а, гӀалгӀай меттан а, литературин а хьехархочуьнан квалификацица.
Ишколан хьехархо, цул тӀаьхьа ишколан директор болх бира. 1991 шарахь кхелхира Москоха, волавелира хьуьнарчалла лело[2].
2004 шарахь йаьккхира лакхара экономикин говзалла шен хьахалерачу alma materехь, оцу хенахь цӀе хийцина йара «Нохчийн пачхьалкхан университет» аьлла.
Политикин карьера
[бӀаьра нисйан | нисйан]2004 шарахь дуьйна — Россин Къинхьегаман а, социалан лардаран министраллин цхьаьна департаментан куьйгалхочун гӀовс. 2009 шарахь ГӀалгӀайчоьнан президентан Евкуровн омарца хӀоттийра финансийн министран а, Республика ГӀалгӀайчоьнан Правительствон председателан гӀовсан а дарже, ткъа 2010 шеран 10 мартехь хилира правительствон председателан декхарш кхочушдийриг[3].
2011 шеран 21 мартехь Республика ГӀалгӀайчоьнан Халкъан Гуламан депутаташа рогӀера доцучу ховшаршкахь берриш реза болуш къобал вира Чилиев правительствон председателан даржехь[4] (президентан Евкуровн № 186 йолу 2013 шеран 19 сентябран омарца ГӀалгӀайчоьнан керла премьер-министр хӀоттийна Мальсагов Абубакар[5]).
2018 шеран 9 сентябрехь Халкъан гуламан депутаташа керлачу хенан йухахаьржина волу президент Евкуровс, дӀакхайкхийра Чилиев Мусан Федерацин Кхеташонан декъахочун — кхочушдаран Ӏедалан меженийн векалан бакъонаш йалар[6].
2019 шеран 26 июнехь президента Путина тӀеийцира Евкуровс дарж дитар, цуьнан меттана ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхочун декхарш кхочушдан хӀоттийра Калиматов Махьмуд-Ӏали[7].
2019 шеран 8 сентябрехь Калиматовс Федерацин Кхеташонехь ГӀалгӀайчоьнан кхочушдаран Ӏедалан векал хӀоттийра Барахоев Мухарбек. Иштта, Чилиевн йуьззина йолу бакъонаш дӀаевлира[8].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Чилиев Муса Мажитович. Избирательная комиссия Республики Ингушетия. ТӀекхочу терахь: 2018 шеран 29 сентябрь. Архивйина 2021-10-28 — Wayback Machine
- ↑ Хусейн Таргимов. Муса Чилиев стал новым сенатором от Ингушетии. gazetaingush.ru (2018 шеран 9 сентябрь). ТӀекхочу терахь: 2018 шеран 29 сентябрь.
- ↑ Чилиев Муса Мажитович. Кавказский узел (2011 шеран 30 март). ТӀекхочу терахь: 2018 шеран 29 сентябрь.
- ↑ Муса Чилиев утвержден на должность премьер-министра Ингушетии. Regnum (2011 шеран 21 март). ТӀекхочу терахь: 2018 шеран 29 сентябрь. Архивйина 2021-10-28 — Wayback Machine
- ↑ О Председателе Правительства Республики Ингушетия. Указ № 186 от 19 сентября 2013. ingushetia.ru (2013 шеран 27 сентябрь). ТӀекхочу терахь: 2018 шеран 29 сентябрь.
- ↑ Сенатором от Ингушетии назначен бывший премьер республики Муса Чилиев. Коммерсантъ (2018 шеран 9 сентябрь). ТӀекхочу терахь: 2018 шеран 29 сентябрь.
- ↑ Путин принял отставку Евкурова. Его сменит бывший прокурор. Русская служба Би-би-си (2019 шеран 26 июнь). ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 30 сентябрь.
- ↑ Глава Ингушетии назначил сенатором Мухарбека Барахоева. Коммерсантъ (2019 шеран 8 сентябрь). ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 30 сентябрь.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Чилиев Муса Мажитович. Совет Федерации. ТӀекхочу терахь: 2018 шеран 29 сентябрь.
- Муса Мажитович Чилиев. Правительство Республики Ингушетия. ТӀекхочу терахь: 2018 шеран 29 сентябрь.