Чернявская-Кузнецова, Мария Макаровна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Мария Чернявская-Кузнецова
ГӀуллакхан тайпа
Йина терахь 1853 шеран 9 (21) март({{padleft:1853|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})
Йина меттиг
Кхелхина терахь 1891 31 декабрь (1892 шеран 12 январь)({{padleft:1892|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (38 шо)
Кхелхина меттиг Москох
Гражданалла  Российн импери

Чернявская-Кузнецова Мария Макаровна (1853—1891) — Петарбухан драман труппан йукъара оьрсийн актриса.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йина 1853 шеран 9 мартехь. Йуьхьанца кхиош йара г-жа Иванова-Заливкинан доларчу Петарбухан пансионехь, цул тӀаьхьа дехьайелира Петарбухан консерваторе, цигахь шина шарахь Ӏамийра йиш лакха профессоран г-жа Ниссен-Соломонан классехь.

Шен сценин тӀийра гӀуллакх долийра Леснойхь Беклешевскийн театрера Н. И. Куликовн «ТӀавусан месаш йолу къиг» цӀе йолу водевилан Парашин роль тӀийра, ткъа цул тӀаьхьа цхьаьна заманахь провинцешкара сценаш тӀехь хилира. 1872 шарахь хилира Чернявскаян дебюташ (Ж. Оффенбахан оперетташкахь «Перикола» а, «Исбаьхьа Елена» а ) Петарбухан Императоран Александрински театран сценин тӀехь, оцу театран труппе иза дӀаийцира оцу шеран 15 июнехь. Йалх шеран дохаллехь Чернявскаяс ловзийра йерриг аьлча санна опереттан репертуаран коьрта ролаш (лакхарнарш йоцуш: Мефистофель — «Фауст харцнехьа», Кис-Кис — «Чайн зезаг», Ланж — «Базаран йоӀ», Ганимед — «Исбаьхьа хаза Галатея», Герман — «Байн дошлой», Габриэль а, Метелла а — «Парижан дахар», Надя — «Оьрсийн романсаш яххьашца», кхин а)[1]. Цул сов гучуйалара комедешкахь а, водевилашкахь а («Адамашна чохь малик — зуда йац», «Гуьйренан суьйре эвлахь», «Бехк бочуш Ӏазапхьегар», кхин а).[1] Чернявская лоруш йара говза опереттан артистка, цуьнан дара чӀогӀа тайна аз, даго тӀеузуш хаза сценан куц.

1878 шарахь Чернявскаяс йитира сцена, амма шо даьлча балха хӀоьттира москохан императоран драман труппе, цигахь болх бира 1882 шеран 1 март кхаччалц, цул тӀаьхьа йуха а йеира Петарбухан сцене. 1883 шарахь тӀаьххьара а дитира Императоран театрашкара гӀуллакх, цуьнца цхьаьна дерриг сценан гӀуллакх а. Йелира Москохахь 1891 шеран 31 декабрехь.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Ежегодник Императорских театров. Сезон 1890—1891 гг. // C.-Петербург, 1892 — С. — 488

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]