Чулацаман тӀегӀо

Чернявская, Валентина Степановна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Чернявская Валентина Степановна
Йина меттиг
Кхелхина меттиг

Черня́вская Валенти́на Степа́новна (1927 18 июль2013 23 май) — советийн йуьртан бахаман хьалхелелорхо, Краснодаран мехкан Ново-Титаровски кӀоштан Кагановичан цӀарах колхозан звеньевой, Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо (1949).

Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

Йина 1927 шеран 18 июлехь Къилбаседа-Кавказан мехкан Кубанан гуон Краснодаран кӀоштан Новотитаровски гӀалахь (хӀинца Краснодаран мохк, Динскан кӀошт) ахархочун доьзалехь. 12 шо долуш Валентина да воцуш йисира, гӀалин ишколан йиъ класс бен чекх ца йоккхуш (хӀинцалера № 29 ишкол), дешар а сацийна, къахьега дийзира меттигерчу колхозехь. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом боьдучу хенахь, йаккхий тоьпийн хьоьънаш кхоьхьура Нововеличковски гӀала. Фронт малхбузехьа дӀататтаеллачу хенахь, Валентина тӀейирзира йуьртан къинхьегаман. Болх бира Краснодаран мехкан Новотитаровски кӀоштан Кагановичан цӀарахчу колхозехь асаршкахь а, маьлхан хӀуш гулдеш а. Дукха хан йалале коьрте хӀоьттира аренаш лелочу декъан. ТӀемал тӀаьхьара халачу шерашкахь бригадин дезара дийнан план 150—200 % кхочушйан, шен хене а ца хьоьжуш.

1949 шеран 10 февралан ССРС Лакхара Советан Президиуман омарца колхозашна тӀедехкина декхарш, массо а кепара йуьртабахаман сурсатийн котрактаци кхочушдеш, маьлха хушшан лакхара ялташ кхиорна, 1948 шарахь МТС белхана сурсаташца алапа даларна, 1949 шеран бӀаьста дӀаден оьшшучул хӀуш хиларна Чернявская Валентина Степановнина йелира сийлахь цӀе Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо Ленинан орден а, ««Марс а, ЖӀов а»» мидал а луш.

Кхин дӀа къахьийгира оццу колхозехь, шен дерриг дахар а дӀадаьхьира Новотитаровски гӀалахь. Йелира 2013 шеран 23 майхь 86-гӀачу шеран дахарехь[1].

СовгӀаташ[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. Умирают герои // Трибуна. — 23.05.2013. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 31 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 10 сентябрехь Архивйина 2014-09-10 — Wayback Machine

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

 Чернявская, Валентина Степановна. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».