Чепелюк, Сергей Георгиевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Сергей Георгиевич Чепелюк
Вина терахь 1921 шеран 9 сентябрь({{padleft:1921|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:9|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1985 шеран 19 июль({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (63 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа военно-воздушные силы[d]
Дарж инарла-майор[d], генерал-майор авиации[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Октябрьской Революции орден Красного Знамени орден Отечественной войны I степени орден Отечественной войны II степени орден Отечественной войны орден Красной Звезды орден Славы

Сергей Георгиевич Чепелюк (1921 шеран 9 сентябрь, Приморан мехкайист1985 шеран 19 июль, Москох) — кеманхо, генерал-майор, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Чепелюк вина 1921 шеран 9 сентябрехь Приморскан махкан Дальнереченск гӀалахь. Иза оьрси вара. И жима волуш хенахь цуьнна доьзалла Соьлжа-ГӀала схьабеара. Кхузахь цо итт класс чекхъяккхира[1].

1942 шарахь иза ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. Цо чекхъяккхира Оренбурган эскаран авиацин кеманхойн школа. 1942 шеран декабрь дуьйна иза тӀамтӀехь вара. 1942 шо дуьйна Чепелюк КПСС декъашхо вара. Цкъа хьалха цо Къилбаседе Кавказ ларъяш тӀом бира, цул тӀаьхьа хилира Курскан тӀом а, Днепр хих дехьдовларан тӀом а, Украинан малхбузе бердан тӀехь тӀом а, Яссо-Кишинёван операци а, Румыни а, Болгари а, Венгри а мукъаяккхар а[1].

1944 шеран июлеь мостагӀийн эскар дара Бялы Камень юртан уллехь гуо бийна лаьтташ. Царна тӀе бомбанаш тоха аьлла омра делира Чепелюкан Ил-2 штурмовикийн тобане. Цу меттехь оцу дийнахь хенахӀоттам дика бацар — хӀаваэхь дукха кӀур бара. Кеманаш цу метте дӀакхаьчча зениткаш тӀе ятта ца йолаелира шаьш гучуйовла кхерам бахьнехь. Кеманаш гуо биначун эскаран тӀоьхула масийтта гуо бира Ӏалашонаш лоьхуш. Шайна Ӏалашонаш карийча кеманаш бомбанаш тӀетуьхийра. Кеманаш мостагӀан доккха зен дийра. ТӀаккха лаьттахь долу советан эскаран аьтту белира оццу дийнахь гуо бина немцой хӀаллакбан. 1944 шеран июнь кхачале Чепелюкс шен кеман тӀехь кхимца кхочуш дира 155 тӀеман тӀемавалар. 44 хӀаваан латарехь цо ша кхоъ мостагӀийн кема чудаийтира, тобанехь кхи шиъ хӀаллакдира[1].

1944 шеран 26 октябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Чепелюкан Советски Союзан Турпалан цӀе елира[1].

ТӀема хенахь Чепелюкс кхочуш дира 200 гергга тӀеман тӀемавалар, хӀаллак бира дукха мостагӀийн салтий а, бронетехника а. 50 хӀаваан латарехь цо ша чудаийтира кхоъ мостагӀийн кема, кхиъ кхоъ цо хӀаллакдира тобанехь[1].

ТӀом чекхбелча Чепелюк ЦӀен Эскарехь болх беш вара. Цо карадерзийра реактивны кеманаш. 1951 шарахь цо чекхъяккхира ХӀаваан Эскаран академи, 1954 шарахь — оцу академехь йолу адъюнктура. Иза вара полкан а, дивизин а куьйгалхо. 1976 шарахь цо чекхъяккхира Коьрта штабан Эскаран академи. Иза СССР Оборонан министерствехь лакхара даржехь вара. 1984 шарахь иза тӀаьхьаллоне велира, цул тӀаьхьа Москвахь Ӏаш вара. Велира 1985 шеран 18 июлехь. ДӀавоьллина Кунцеван кешнашкахь[1].

ДагӀахьлаттавар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Москвахь иза Ӏийна цӀенон тӀехь хӀоттийна мемориалан у[1].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]