Чевола, Никифор Дмитриевич
Никифор Дмитриевич Чевола | |
---|---|
Вина терахь | 1909 шеран 23 август |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1993 шеран 13 сентябрь (84 шо) |
Кхелхина меттиг: | |
Эскаран тайпа | артиллери, артиллери |
Дарж | полковник |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Никифор Дмитриевич Чевола (1909 шеран 23 август, Терски область — 1993 шеран 13 сентябрь, Воронеж) — артиллерин полковник, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Вина 1909 шеран 23 августехь Петропавловская юртахь (хӀинца Нохчийчоьнан Соьлжа-Г1алан к1ошт). Цо бархӀ класс чекхйаьккхира. Даьшна ваьллачул тӀаьхьа цо болх бира совхозан тракторан бригадан бригадир[1].
1931 шо дуьйна Чевола ЦӀен Эскарехь ву. 1932 шарахь иза КПСС декъашхо хилира. 1936 шарахь цо чекхйаьккхира Киеван артиллерин училище. 1940 шарахь Чеволас дакъа лецира Бесарабега а, Къилбаседан Буковинега а походехь[1].
1941 шо дуьйна иза тӀамтӀехь ву. Цо тӀом бира Къилбе-Малхбузе а, 1-ра Украинин а фронташкехь[1].
Чеволас куьйгалла деш йолу 1-ра Украинин фронтан 40-гӀа армин 8-1га гвардин къастина танкаш хӀаллакйеш йолу артиллерин бригада къаьстира 1944 шеран 25 январехь. Украинин Черкасски областан Монастырищенски кӀоштан Цибулев юртан уллехь бригадас цхьана дийнахь- буси сецийра мостагӀ. И йухатухуш бригадас хӀаллакйира 342 танк а, 76 бронетранспортёр а, 62 йоккха топ а[1].
1944 шеран 1 июлехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца гвардин полковникан Чеволен Советски Союзан Турпалан цӀе йелира[1].
ТӀом чекхбеллачул тӀаьхьа Чевола вара Советан Эскарехь болх. 1946 шарахь цо чекхйаьккхира Дзержински цӀарахь йолу Эскаран академехь йолу Лакхара эскаран курсаш. 1956 шарахь Чевола тӀаьхьаллоне велира. 1956 шо дуьйна иза Воронежехь Ӏаш вара. Велира 1993 шеран 13 сентябрехь. ДӀавоьллина Воронежехь[1].
СовгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]Чеволан йелира шиъ Ленинан орден а (1943 шеран 27 августехь а, 1944 шеран 1 июлехь а), шиъ ЦӀен Байракхан орден а (1941 шеран 5 ноябрехь а, 1951 шеран 19 ноябрехь а), 2-гӀа даржан Суворован орден а (1945 шеран 31 майхь), 2-гӀа даржан Богда Хмельницкийн орден (1944 шеран 10 январехь), шиъ 1-ра даржан Даймехкан тӀеман орден (1943 шеран 27 февралехь а, 1985 шарахь а), ЦӀен Седан орден а (1947 шеран 6 ноябрехь), кхоьчу пачхьалкхийн орденаш а, мидалш а[1].
Дагахьлаттавар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Чеволан цӀе тиллина Петропавловская юртахь болу урам а, Курскехь йолу № 43 школа а. Воронежехь Чевола 1956 шо дуьйна 1993 шо кхаччалц Ӏийна цӀин тӀехь хӀоттийна мемориалан у[1].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 Чевола, Никифор Дмитриевич . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Адамаш абатца
- Бинарш 23 августехь
- Бинарш 1909 шарахь
- Бинарш Российн имперехь
- Белларш 13 сентябрехь
- Белларш 1993 шарахь
- Белларш Россехь
- Советски Союзан Турпалхой
- Ленинан орден йелларш
- Суворовн II тӀегӀанера орденан кавалераш
- «Майраллина» мидал йелларш
- «ТӀеман кхиамийн» мидал йелларш
- «Сталинград ларйаран» мидал йелларш
- «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидал йелларш
- 1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь толам баьккхина шовзткъа шо кхачарна мидал йелларш
- Берлин йаккхарна мидал йелларш
- ССРС ТӀеман Ницкъийн ветеранан мидал йелларш
- Одра а, Ниса а, Балтика а даккхаран мидал йелларш
- Белларш 23 августехь
- Белларш 1909 шарахь