ЦӀоз

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(ЦIоз тӀера хьажжина кхуза)
Дийнатийн тоба
гӀум-аренан цӀоьзнийн Нимфийн цхьалха (лакхахь) а, тобанан а (лахахь) муьраш
ЦӀе
ЦӀоз
ЦӀеран статус
билгалйина йац
Дай-нанойн таксон
доьзал Бакъдолу цӀозкепарнашнаш (Acrididae)
Гергарнаш
Сурт Викилармехь
Викидошамехь бу йаззам «цӀоз»

ЦӀоз, акридаш — масех тайпана сагалматийн бакъдолу цӀозкепарчеран (Acrididae) доьзалера ду, церан таро ю генна кхелхаш йолу йаккхийн (барам — бӀе миллион) жӀуганаш ян. ЦӀоьзан биологи башхалла йолуш ю, церан шиъ мур бу — цхьалха а, тобанан а, уьш къаьста морфологица а, леларца[1].

Тайпанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдоккху масех тайпана цӀоз, церан кхаа гаранах долу[2]:

  • Cyrtacanthacridinae
Anacridium melanorhodon — Малхбален Африка, къилба-малхбузен Ӏаьрбийн ахгӀайрен тӀиеара.
Anacridium wernerellum — Малхбален Африка.
Nomadacris septemfasciata — Къилба Африка.
Nomadacris succincta — Къилба-Малхбузен Ази.
Schistocerca americana — Къилба Америка.
Schistocerca gregariaГӀум-арен цӀоз — Къилбаседа Африка, Ӏарбийн ахгӀайре, ХӀиндостан.
Schistocerca piceifrons — Йуккъера Америка.
  • Oedipodinae
Chortoicetes terminifera — Австрали.
Locusta migratoriaТӀомалела цӀоз — Къилба Европа, Африка, Къилба Росси, Ций, Япон мохк, Австрали.
Locustana pardalina — Къилба-Африкин Республика, Мозамбик.
  • Gomphocerinae
Dociostaurus maroccanusМагӀарбин цӀоз — ЙуккъерахӀордангуо, Уллора Малхбале, Йуккъера Ази.

Кхин а цхьа тайпа Melanoplus spretus, АЦШ-хь Тархийн лаьмнашкахь йаьхна йолу, йелла 19-гӀа бӀешераш чекхдовлуш[3].

ЦӀоьзан мур[нисйе бӀаьра | нисйе]

Тобанан а, цхьалха а (шайтаӀанан говр) цӀоьзан муьрийн йаккхий башхаллаш ю, куьцехь а, физиологехь, иштта леларан амалашкахь а. Оцу шина муьран башхалла чӀогӀа ю, цхьана хенахь цхьаьна муьран Locusta тайпана сагалматаш кхечу (Pachytylus) тайпанах лорура[2].

Цхьалха муьран цӀоз дукха хьолахь лардаран басахь хуьлу, дика билгалдаьлла дебаран диморфизм а йолуш, жигара доцуш (нӀаьвцициган муьрехь муххале а) цхьалха дахар ду церан. Тобанан муьран сагалматаш сирла а, бес-бесара а хуьлу, морфологехь имаго тӀомалелар гӀоле долуш хуьлу. ЦӀоз оцу муьрехь дуккха жигара лела, нӀаьвцициг оьланаш а, имагон жӀуганаш а еш. Тобанан муьрехь ян а йац дебаран диморфизм[2].

Цхьалха муьрехь деха, тобана юург тоъалц. Юург ца тоьачу хенахь (дукха хьолахь иза довхачу декъачу шерашкахь хуьлу), цӀоьзо керла тӀаьхе йоккху, уьш йаккхийчу тобанашка гуллало, царна дукха метаморфозаш хуьлу — дегӀ а. тӀемаш а даккхий хуьлу, шайтӀан говранех цӀоз хуьлу. Оцу хийцаман хааман фактор ю тобан луьсталла. Талламо гайтина, цӀоьзан оццул тӀаьхье кхиийта цуьнан дозан тӀе куьзга дилча а тоьу[4]. Куьзганчохь ша гуш, цуьнца девнаш дохуш, цӀоьзо зирх тосу дӀакхалха дагахь.

ЦӀоьзо тобанаш а йой юург лаха арадовлу. ЦӀоьзан тобанехь 100 миллион сов садолу хӀума хуьлу, дийнахь 120 километр сов некъ бо цара. ЦӀоьзан жӀугано новкъахь йолу буц шаерг дӀаюа, ткъа иза йацахь диттан чкъоьрах а тасало. Кхин тӀе цӀоьзо латан тӀе зирхӀ тосу, шолгӀачу шарахь цунах тӀаьхье кхуьу.

Даккхий цӀоьзнаш химин препараташца халлакдаран тактика пайден йац, хӀунда аьлча уьш дӀовш тесначул тӀаьхьа масех де даьлча, ораматашна шортта зуламдиний бен йала ца ле. Пайдехь болчех цхьа некъ бен бац шолгӀачу шарахь цӀоз ца даийта, иза лаьттах тесна зирхӀ халакбар ду.

ТӀаьххьара бинчу талламашца, шайтӀана говрех цӀоз хуьлу белок цатоарна. Цхьайолчарех, белок дукха йолу шайн тайпанчарна тӀелеташ, ткъа вуьш — царех уьдуш, цӀоз хуьлу. Новкъахь уьшша а, вуьшша а шайн ницкъ боуьйтуш углевод йукъахь долу хӀоъ буа (аьлчи а тӀекхочучара шадолу ораматаш)[5].

ЦӀоз дар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дуьххьарлера Русна тӀе цӀоз дар тептаршкахь хьехадо 1008 шарахь, жамӀ мацалла яра. ЦӀоз деара йух-йуха 1094, 1095, 1103, 1195 шерашкахь. Иштта бохамаш йуха а хилира XVI—XVII бӀешерашкахь.[6]

1824 шарахь цӀох дар хааделира таханлерачу Украинин къилбехь, Херсонийн, Екатеринославан, Таврин губернешкахь, кхин тӀе цаьрца тӀом бан вагӀийтина Пушкин А. С.. Цуо йоццу чот йира:

23 майхь — ТӀома лийлар, лийлар

24 майхь — Охьахиара

25 майхь — Хиана Ӏийра, Ӏийра

26 майхь — Шадерг дӀадиана

27 майхь — йуха а тӀомайаьлла[7].

Адаман исторехь уггар дукха цӀоз деана 1875 шарахь АЦШхь. ЦӀоьзан жӀуга Техас штатера малхбузехьа йаьржира, амма цхьа хан йаьлча, дукха меттигаш цӀанйина, цӀеххьана яйра[8].

ХӀинца Дуьнен тӀехь йаккхийра дӀайийна меттагаш цӀозах балахьоьгуш ю, къаьсттина Африкехь. 2010 а, 2015 а шерашкахь Къилбаседа Кавказе цӀоз деара[9][10][11].

Кхин факташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

ЦӀоз ду массанхьа а, уггар шийла регионаш йоцчохь.

ЦӀоз дохаллехь 1 см тӀиера (аренан цӀоз) 6 см кхаччалц (тӀомалела цӀоз) хублу. Уггар даккхийдерш 20 см кхочу.

ЦӀоз къаьста цаьпцалгех мекхашца: уьш церан доца ду.

ХӀора дийнахь цхьаьна цӀоьзо дуа шен дозаллин барамалла ораматийн дуург.

ЦӀоьзан жӀуга хуьлу шен йукъахь масех миллиард цӀоз долуш а. Цара кхуллу 1000 км2 майда йолу «мархаш».

ЦӀоьзан тӀемаш вовшех хьекхалуш цӀийзаш гӀовгӀа йолу. Масех миллион сагалматан жӀуга тӀома йогӀуш стигал къекъаш санна гӀовгӀа хета.

ЦӀоьзо гӀовгӀа йоккху тӀехьара ког тӀоман тӀехула леррина йолу буьччалгах хьоькхуш[12].

ЦӀоз деха 8 баттера 2 шо кхаччалц.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Советский энциклопедический словарь. — М., 1984
  • Бей-Биенко Г. Я., Мищенко Л. Л., 1951. Саранчовые фауны СССР и сопредельных стран // Опр. По фауне СССР. Изд-во Ин-та зоол. АН СССР. М.-Л. Т. 38. Часть 1. С. 1-380.; Т. 40. Часть 2. С. 381—667.
  • Бережков Р. П., Саранчовые Западной Сибири. Томск, 1956. — 175 с.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Продовольственная и Сельскохозяйственная Организация Объединённых Наций. Подробнее о саранче
  2. 1 2 3 Resh V.H. (ed.), Carde R.T. (ed.). Encyclopedia of Insects. Academic Press. 2003. p. 666—669
  3. Melanoplus spretus
  4. Дольник В. Р. Демографический взрыв — глазами биолога // Знание — сила : ж.. — 1990. — Вып. 3.
  5. Pravda.ru Саранча: нашествия и загадки
  6. Вспышки массового размножения фитофагов в лесах европейской части России с древнейших времён до настоящего времени
  7. Тайна поездки Пушкина «на саранчу». Архивйина 2015-07-05 — Wayback Machine
  8. (ТӀе цакхочу хьажорг — историкопи)
  9. Массовое нашествие саранчи произошло в Ростовской области
  10. Сельхозугодиям Чечни угрожает нашествие саранчи
  11. Денис Давыдов (31 июля 2015, Пятница, 09:00). "Самое масштабное за последние 30 лет нашествие саранчи на Ставрополье". Первый канал. {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (даты)
  12. Морозов В. П. Занимательная биоакустика. Изд. 2-е, доп., перераб. — М.: Знание, 1987. — 208 с. + 32 с. вкл. — С. 38

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]