ЦӀий тӀехь волу КӀелхьараваккхархо

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сийлахь меттиг
ЦӀий тӀехь волу КӀелхьараваккхархо
Храм Спа́са на Крови́
59°56′24″ къ. ш. 30°19′43″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Лаьтта меттиг Петарбух, Канал Грибоедова[d]
Дин керста
Епархи Санкт-Петербургская епархия[d]
Архитектурин хатӀ русский стиль[d]
Архитектор Парланд, Альфред Александрович[d]
Дуьххьара хьахор 1881 шо
Йиллина терахь 1907
Статус  ОТӀО № 7810507000№ 7810507000
Локхалла 81 метр
ГӀирс Кибарчиг
Сайт cathedral.ru/spasa_na_kr…
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ЦӀий тӀехь Ӏийса веллачуьра денваларан килс (оьрсийн маттахь Собо́р Воскресе́ния Христо́ва на Крови́) я ЦӀий тӀехь КӀелхьараваккхархочун зиярт (оьрс.мат. храм Спа́са на Крови́)- Санкт-Петербургехь Ӏийса веллачуьра денвалар дагалоцуш  йина ортодоксан а, мемориалан а, цхьаъ паччахьалла йолу а килс ю.

1881-чу шарахь бекарг (март) беттан 13-чохь кхузахь вийна волчу II-чу Александран безамна дина зиярт ду. «ЦӀий тӀехь» дешнийн маьӀна паччахьан цӀий Ӏанийна меттиг хилар ду. II-гӀа Александр дагалоцуш, ерриг Оьрсийчоьх гулдина ахчах, цун цӀарах хьалайоьттина килсан гӀишло[1].

Петарбухан историн гӀали юккъехь лаьтташ ю килс, Грибоедован татолан йистехь. Цуьнан уллохь ю Михаилан беш а, Божалан майда а.

Исс корта болучу килсан локхалла 81 метр ю, чухоам 1600 адам бу. Музейн хьолехь ю, иштта оьрсийн архитектурин хӀоллам санна а лоруш ю.

Зиярт хьаладоьттина III-чу Александран буьйрца 1883-1907-чу шерашкахь, цхьанатоьхна архитектор волу Альфред Парландан а, архимандрит волу Игнатин проектаца. ТӀаьхьо архимандрит Игнатий гӀуллакхех юьстахвелара.

Проектан хатӀ неооьрсийн кепехь ду. Мелла а, Москвара Бедаран килсах тера ду хӀара зиярт. 24 шарана дахделира гӀишло яран белхаш. 1907-чу шарахь хьаьттан (август) беттан 19-чу дийнахь зиярт серладаьккхира.

Музейн комлексан «Пачхьалкхан музей-эсалла „Исхакан килс“» юкъайогӀуш ю.

Зияртан чоьхьара кечъяр[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мозаикан музей санна лара мегар ду хӀара килс. Цуьнан майда 7065 квадратан метр ю. Мозаика йина В. А. Фроловн пхьалгӀа чохь, ткъе итт суртдуьллурган эскизашца, царна юкъахь вара В. М. Васнецов а , Ф. С. Журавлёв а, М. В. Нестеров а, А. П. Рябушкин а, В. В. Беляев а, Н. Н. Харламов а.

Зияртан мозаикан экспозици Европехь уггаре а яккхийчарех цхьаъ ю.

Хьостанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Путеводитель по С.-Петербургу. — Репринт. воспроизведение изд. 1903 года. — Икар, 1991. — С. 212. — ISBN 5-85902-065-1.