ЦӀечу-Аьхке
ДӀатесна эвла | |
ЦӀечу-Аьхке | |
Регион | Нохчийчоь |
---|---|
КӀошт | ГаланчӀожан кӀошт |
Координаташ | 42°58′06″ къ. ш. 45°04′28″ м. д.HGЯO |
Бахархой | 192[1] стаг (1890) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий[1] |
Динан хӀоттам | бусулба[1] |
Сахьтан аса | UTC+3 |
ЦӀечу-Аьхке картан тӀехь |
ЦӀечу Аьхке, ЦӀеча Аьхк (нох. ЦIечу аьхкие, ЦIий Iанийнчу аьхке) — Нохчийчоьнан Соьлжан кӀоштара дӀатесна эвла, хӀинца йохийна ю. XVIII бӀаьшо чекхдолуш — XIX бӀаьшо долалуш (кхин хьалха а хила тарло) орстхойн синмехаллин а политикан а центр хилла. ЦӀечой тайп схьадаьлла эвла[~ 1]. 1890 шарахь эвлахь 25 керт хила, 192 бахархой хила, къам — нохчий[1].
ЦӀе[нисъе бӀаьра | нисъе]
ЦӀечу Аьхке эвлан цӀен этимологи маьӀна даьккхина талламхочо мохкӀаморхочо А. С. Сулеймановс: цӀеран хьалхара дакъа схьадаьлла цӀен а, кхаьрчан а, акхаройн а ЦӀа цӀе йолчу делин цӀарах, ткъа цӀеран шолгӀа дакъо билгалдоккху охьа доьду хи йа Ӏин. Кхин цӀе — ЦӀий Ӏанийнчу аьхке, дийцаршкахь кхузахь кхечу махкахошца цӀий Ӏанош тӀом хилла[2].
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Эвлан йоьхна гӀишлош кӀоштан центр йолу Сипсо-ГӀала станицин къилба-малхбузехьа ю, Фортанга хин аьтту берда тӀехь, Лакха Алкун юьртан 4 км генахь[2]. Уллора юьрташ, Алкун йоцуш, къилбаседехь — ДаьттагӀа юрт, къилбаседа-малхбузехь — Муьжичоь юрт.
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
Талламхойн а, документийн а тоьшаллашца XVIII бӀаьшо чекхдолуш — XIX бӀаьшо долалуш, ЦӀечу Аьхке яра орстхой беха маьхкан синмехаллин а, политикан а центр[3]. Шен юкъара дуккха а вайнехан къаьмнаш схьадевлла долу, нохчийн, гӀалгӀайн этногенезехь дакъа лаьцна йолу Лам-Аьккхи олу исторически регион юкъахь бара и мохк. ГӀалгӀайчоьнан столицин Магаса гӀалин мэр а, ГӀалгӀайчоьнан Президентан Евкуров Юнус-Бекан хьехамча а волу Цечоев Беслана кхоьллина тайпан истории хаа луучун официальни сайт цечоев.рф.
Фамилеш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ЦечоевгӀар
- ГардановгӀар
- БоковгӀар
- ОпиевгӀар
- СаралиевгӀар
- ГорчхановгӀар
- ГарчиевгӀар
- АнастоевгӀар
- АлиевгӀар
- КурбановгӀар
- БариевгӀар
- БерсановгӀар
- ГовороджевгӀар
- ГубаевгӀар
- ДжантемировгӀар
- ЗарахматовгӀар
- ИлиевгӀар
- ИналовгӀар
- МазиевгӀар
- МусиевгӀар
- СулимановгӀар
- ТалибовгӀар
- ТатриевгӀар
- ТоркоевгӀар
- УмаевгӀар
- ЭкажевгӀар
- ЭлжаркиевгӀар
- ЭмиевгӀар
- ХаккоевгӀар
- ПхамтоевгӀар
- ЯлхороевгӀар
- КатархоевгӀар
- ГагиевгӀар
- СапралиевгӀар
- ЦорхоевгӀар
- МуталиевгӀар
- ГетагажевгӀар
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Комменташ
- ↑ Нахи, как и представители некоторых других северокавказских народов, использовали сложную и не всегда однозначную систему названий для существовавших в их среде форм объединений, часто употребляя целый ряд терминов — тукхумы/шахары, тайпы, гары, некъи, ца, доьзалы и другие. В кавказоведении, применительно к крупным формам таких объединений, используется термин «вольные общества» или просто «общества».
- Хьосташ
- ↑ 1 2 3 4 Статистические таблицы населенных мест Терской области / изд. Терск. стат. ком. под ред. Евг. Максимова. - Владикавказ, 1890-1891. - 7 т. Т. 2. Вып. 7 : Грозненский округ. - 1891. - 107, [1 с. : табл. с. 60
- ↑ 1 2 Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006.
- ↑ Ахмадов Я. 3., Ахмадов Ш. Б., Багаев М. X., Хизриев X. А. История Чечено-Ингушетии (дореволюционный период)//Учебное пособие. — Грозный, 1991. — С. 50.
![]() |
Ков «Нохчийчоь» |
---|