Цуруев, Шарип Мовладович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шарип Мовладович Цуруев
ГӀуллакхан тайпа йаздархо, Поэт, Ӏилманча, переводчик, критик
Вина терахь 1963 шеран 20 январь({{padleft:1963|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (61 шо)
Вина меттиг Гезал-Эвла, Гуьмсан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Корматалла йаздархо, поэт, Ӏилманча, гочдархо, критик, публицист
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Да Мовлади

Цуру́ев, Шари́п Мовла́дович (1963 шеран 20 январь, Гезал-Эвла, Гуьмсан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн йаздархо, поэт, журналист, публицист, Ӏилманча-филолог, гочдархо.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шарип Цуруев вина 1963 шеран 20 январехь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Гуьмсан кӀоштан Гезал-Эвлахь. 1980 шарахь цо школа чекхйаьккхира. 1981—1983 шерашкахь иза армехь вара. 1988 шарахь цо чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет.

1988 шо дуьна цо школехь а, педучилищехь а, Нохчийн пачхьалкхан университетехь а хьехархо а, Гуманитарин Ӏилманан Ӏилманан-талламан институтехь Ӏилманан белхало а, педучилищан директор а, республикин газеташан коьрта редактор а болх бира.

Цуруевс арахецна масийтта поэзин гулам а, эшараш а, публицистикан а, литературин а, критикан а, Ӏилманан статьяш.

Иза ву «Хьехархо» газетан кхоллархо а, коьрта редактор а. Иштта иза ву республикин исторехь хьалхара нохчийн маттахь долу «Таллам» цӀе йолу Ӏилманан журналан редактор. Иза арахоьцуш ду Нохчийн Республикин Ӏилманан академис.

Нохчичоьн йаздархойн бертан а, Российн йаздархойн бертан а, Российн журналистан бертан а декъашхо, Нохчичоьн йаздархойн бертан урхаллин декъашхо. 2012 шеран «Литература» номинацехь «Дато бухӀа» совгӀатан лауреат[1]. Дукха шарахь бина кхолларалин балхана а, нохчийн литературин а, журналистикан а бина биллараман а цунна йелла «Нохчийн Республикин дуьхьа бина кхиамашна» мидал[2].

Библиографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • поэзин гулам «Останься, Чечня!» — 1992 шо;
  • поэзин гулам «Поверь, Отчизна!» — 2003 шо;
  • поэзин гулам «Цхьа мерза-гӀайгӀане мукъам» — 2011 шо.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]