Церетели, Зураб Константинович
| Церетели Зураб | |
|---|---|
| гуьрж. ზურაბ წერეთელი | |
| | |
| Вина терахь | 1934 шеран 4 январь |
| Вина меттиг | Тиблиси |
| Кхелхина терахь | 2025 шеран 22 апрель (91 шо) |
| Кхелхина меттиг | |
| Гражданалла |
|
| ГӀулаккхан тайпа | исбаьхьалча, скульптор, архитектор, деятель изобразительного искусства, преподаватель искусств, дизайнер |
| Жанр | скульптура[вд] |
| Стиль | абстракционизм, соцреализм |
| Дешар | Тбилисин исбаьхьаллин академи |
| СовгӀаташ | |
| Сайт | zurabtsereteli.com |
Церете́ли Зура́б Константи́нович (гуьрж. ზურაბ კონსტანტინეს ძე წერეთელი; вина 1934 4 январь, Тиблиси, ЧКСФСР, ССРС) — советийн а, Россин а исбаьхьалча-монументалист, Ӏаламдиллархо, скульптор, хьехархо, профессор, ЮНЕСКО Дика маршонан векал. 1997 шарахь дуьйна — Россин исбаьхьаллин академин президент.
ССРС ИА академик (1988; корреспондент-декъахо 1979). Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо (1990). ССРС Халкъан исбаьхьалча (1980). Россин Федерацин Халкъан исбаьхьалча (1994). Ленинан совгӀатан (1976), шина ССРС пачхьалкхан совгӀатийн (1970, 1982), Россин Федерацин пачхьалкхан совгӀатан (1996) лауреат. «Даймехкан гӀуллакх дарна» орденан буьззина кавалераш. ССКП декъахо 1965 шарахь дуьйна.
5000 сов Ӏаламдилларан, графикин, скульптурин, монументан-декоративан говзаллин (фрескаш, мозаикаш, панно), кхин а кхолламийн автор. Исбаьхьалча-монументалисто санна кечбина цхьа могӀа кхолламаш, масала, Ленинан мемориал Ульяновскехь, хьешийн комплекс Измайловохь, Хьешийн комплекс «Ялта-Интурист» Ялтехь, курортан гӀала Адлерехь, «Ривьера» парк Сочехь, Профсоюзийн гӀала Тиблисехь, Йоккха театран керла сцена Москохахь, кхин а; скульпторо санна кхоьллина дукха монументаш, царна йукъахь «ДоттагӀалла бӀешерашна» Москохахь, «Дикано зулам иэшадо» ВКъКх гӀишлон хьалха Нью-Йоркехь, «Керла адам дар» Севильяхь, «Цатешаман пен бохор» Лондонехь, Космодемьянская Зоян иэс Рузехь, кхин а.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Церетели Зураб вина 1934 шеран 4 январехь Тиблисехь гуьржийн доьзалехь. Цуьнан да Константин Георгиевич (1903—2002) Гуьржийчохь вевзара инженер-гӀишлошйархо санна, схьавалар ду ширачу гуьржийн Церетели тайпанан титулаш йоцучу гарах[2]. Нана — Нижарадзе Тамара Семёновна (1910—1991), иштта элийн тайпанан векал йу. ладаме Ӏаткъам бина жимачу Зурабан цуьнан ненан вашас Ӏаламдиллархочо Георгий Нижарадзес. Цуьнан хӀусамехь, кӀанта дӀахьора шен хенан ладаме дакъа, ткъа цигахь хуьлура гуьржийн исбаьхьалчаш — Какабадзе Давид, Кобуладзе Серго, Джапаридзе Уча, кхин берш а. Уьш хилира, сурт дилларан говзалле марзвеллачу, жимачу стеган хьалхара хьехархой.
1958 шарахь Церетели Зураба чекхйаькххира Тиблисин исбаьхьаллин академин Ӏаламдилларан факультет, балха хӀоьттира Гуьржийчоьнан Ӏилманийн академин Историн, археологин, этнографин институте.
1964 шарахь Ӏамийра Францехь, цигахь бевзира гӀарабевлла исбаьхьалчаш Пикассо Пабло а, Шагал Марк а.
1960-гӀа шераш чекхдовлуш волавелира жигара болх бан монументан областан говзаллехь. Россехь доцург, цуьнан скульптурин кхолламаш бу Бразилехь, Йоккха Британехь, Испанехь, АЦШхь, Францехь, Японехь, Гуьржийчохь, Беларуссехь, Литвехь.
1980-гӀа шарахь Москохан XXII Олимпийн ловзарийн коьрта исбаьхьалча хӀоттийра.
1988 шарахь хаьржира ССРС ИА бакъ волу декъахо (академик).
1996 шарахь хаьржина ЮНЕСКОн Дика лааман векал.
1997 шарахь дуьйна ву Россин исбаьхьаллийн академин Президент.
2003 шарахь Россин Федерацин башха гӀуллакхаш дарна Церетели Зурабан Россин президента Путин Владимира цунна йелира Россин гражданалла[3].
Церетели кхин а Москохан хӀокху заманан музейн а, Церетели Зурабан говзаллин галерейн а директор ву.
2010 шеран февраль йуккъехь Церетели Зурабан йелира Сийлахь легионан орденан кавалеран цӀе. Оццу шеран июнан йуьххьехь АЦШан Говзаллин къоман йукъаралло цунна йелира дешин «Сийн мидал». З. Церетели ву дуьххьарлера и совгӀат дела гуьржийн а, россий а исбаьхьалча[4].
Кхолларалла
[бӀаьра нисйан | нисйан]Исбаьхьалча-монументалист
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Къобалвар
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Россин Федерацин а, ССРС а пачхьалкхан совгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Социалистийн Къинхьегаман турпалхо Ленинан орден а, Дешин «Марс а, ЖӀов а» мидал а йаларца (1990 шо 11 ноябрь) — советийн суртдилларан говзаллехь а, кхиамашца йукъараллин гӀуллакх лелорна а[5]
- «Даймехкан гӀуллакхдарна» I тӀегӀан орден (2010 шо 26 июль) — суртдаккхаран говзалла кхиарехь доккха дакъа лацарна а, дуккха шерашкахь кхоллараллин гӀуллакх лелорна а[6][7]
- «Даймехкан гӀуллакхдарна» II тӀегӀан орден (2006 шо 4 январь) — суртдаккхаран говзалла кхиарехь доккха дакъа лацарна а[8]
- «Даймехкан гӀуллакхдарна» III тӀегӀан орден (1996 шо 29 апрель) — Поклонни лам тӀера Толаман иэс йаран комплексан белхаш беш доккха дакъа лацарна[9]
- «Даймехкан гӀуллакхдарна» IV тӀегӀан орден (2014 шо 20 февраль) — суртдилларан говзалла кхиорехь доккха дакъа лацарна а, дуккха шерашкахь кхоллараллин а, йукъараллин а гӀуллакх лелорна а[10]
- Къаьмнийн доттагӀаллин орден (1980 шо 14 ноябрь) — XXII Олимпиадин ловзарш кечдеш а, дӀахьуш а боккха болх барна[11]
Йукъараллин позици
[бӀаьра нисйан | нисйан]2014 шеран 11 мартехь Церетели Зурабан куьг гучуделира Россин Федерацин оьздангаллин гӀуллакххойн кхайкхаман бухахь, РФ президентан В. В. Путинан Украинера а, ГӀирмера а политикин гӀо лоцуш[12]. Амма шолгӀачу дийнахь, скульпторан гӀоьнчо Шагулашвили Сергис, гуьржийн «Интерпрессньюс» хаамагенталлин а, «Рустави-2» телеканалан а интервьюхь дӀахьедира, ма-дарра аьлча Церетелис кехаташна буха куьг ца йаздина, иза «цкъан а политикин йукъа ца гӀерта» аьлла[13][14].
Церетели Зураб вевза шен дикаллин гӀуллакхашца, берашца бечу белхашца. Исбаьхьалчо рожехь дӀахьо говзанча-классаш, цигахь гойту шен зиеделларг тӀекхуьучу чкъоьран.[15]
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ База данных Национальной библиотеки Чешской Республики
- ↑ Дворянские роды Российской империи.- Т.IV.- М., 1998.- С.232.
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 4 июня 2003 года № 601 «О приёме в гражданство Российской Федерации»
- ↑ Заслуги Зураба Церетели оценили золотом. Дни.РУ (2010 шеран 5 июнь). ТӀекхочу терахь: 2010 шеран 5 июнь.
- ↑ Указ Президента Союза Советских Социалистических Республик от 11 ноября 1990 года № УП-997 «О присвоении звания Героя Социалистического Труда тов. Церетели З. К.» ТӀекхочу терахь: 2010 шеран 14 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 4 январехь Архивйина 2014-01-04 — Wayback Machine
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 26 июля 2010 года № 934 «О награждении орденом „За заслуги перед Отечеством“ I степени Церетели З. К.» ТӀекхочу терахь: 2014 шеран 4 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 4 январехь Архивйина 2014-01-04 — Wayback Machine
- ↑ Награждённые государственными наградами Российской Федерации
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 4 января 2006 года № 11 «О награждении орденом „За заслуги перед Отечеством“ II степени Церетели З. К.» ТӀекхочу терахь: 2010 шеран 26 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 13 апрелехь Архивйина 2014-04-13 — Wayback Machine
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 29 апреля 1996 года № 612 «О награждении орденом „За заслуги перед Отечеством“ III степени Церетели З. К.» ТӀекхочу терахь: 2010 шеран 26 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 3 январехь
- ↑ З. К. Церетели вручён орден «За заслуги перед Отечеством» IV степени Архивйина 2014-04-13 — Wayback Machine
- ↑ Указ Президиума Верховного Совета СССР от 14 ноября 1980 года № 3301-X «О награждении орденами и медалями СССР работников, наиболее отличившихся при подготовке и проведении Игр XXII Олимпиады»
- ↑ Деятели культуры России — в поддержку позиции Президента по Украине и Крыму. Минкультуры России (2014 шеран 11 март). ТӀекхочу терахь: 2014 шеран 11 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 11 мартехь
- ↑ Зураб Церетели не подписывал письма по Украине, заявил его помощник. Эхо Кавказа. ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 23 май.
- ↑ Церетели "не подписывал письма" в поддержку политики Путина. Радио Свобода (2014 шеран 12 март). ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 23 май.
- ↑ Мастер-класс З.К.Церетели. www.rah.ru. ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 12 декабрь. Архивйина 2019-12-12 — Wayback Machine
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Музей-мастерская Зураба Церетели
- tsereteli.ru
zurabtsereteli.com — официалан сайт Зураб Константинович Церетели - Блог Зураба Церетели
- О его искусстве спорят от Москвы до Гудзона, статья в Вашингтон пост, 10 июня 2004
- Объемные эмали и металлопластика (бронзовые рельефы) Церетели Архивйина 2008-01-26 — Wayback Machine
- Один день с Зурабом Церетели. Репортаж из нью-йоркской мастерской. — публикация на портале RUNYweb.com
- Бинарш 4 январехь
- Бинарш 1934 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Тиблисехь
- Белларш 22 апрелехь
- Белларш 2025 шарахь
- Белларш Москохахь
- Социалистийн Къинхьегаман Турпалхой
- «Даймехкан гӀуллакхдарна» I тӀегӀан орденан кавалераш
- «Даймехкан гӀуллакхдарна» II тӀегӀан орденан кавалераш
- «Даймехкан гӀуллакх дарна» III тӀегӀан орденан кавалераш
- «Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орденан кавалераш
- Ленинан орден йелларш
- Халкъийн доттагӀаллин орден йелларш
- ХӀирийчоьнна сий айарна мидал йелларш (Къилбаседа ХӀирийчоь)
- Астана мидал йелларш
- Сийлаллин легионан орденан кавалераш
- Говзаллийн а, литературин а орденан эпсарш
- «ДоттагӀалла» орденан кавалераш (Азербайджан)
- Гражданийн гӀуллакхашна орденан кавалераш (Испани)
- Габриэла Мистралан орденан кавалераш
- Бернардо О’Хиггинсан орденан кавалераш
- Россин Федерацин Президентан Сийлаллин грамота йелларш
- Ахьмад Кадыровн цӀарах йолу орденан кавалераш
- Москохан гӀуллакхаш дарна къасторан хьаьркаш делларш
- Исбаьхьалчаш абатца
- Исбаьхьалча кепан йевзаш йоцу параметраш йолу агӀонаш
- «Даймехкан гӀуллакх дарна» орденан буьззина кавалераш
- ССРС исбаьхьалчаш-соцреалисташ
- Россин исбаьхьалчаш-соцреалисташ
- Гуьржийчоьнан исбаьхьалчаш-соцреалисташ
- Россин Ӏаламан Ӏилманийн академин академикаш
- Церетели
- ССРС исбаьхьаллин академин бакъ болу декъахой
- РИА бакъ болу декъахой
- РДА сийлахь декъахой
- ССРС кхоллараллин союзашна йукъара халкъан депутаташ
- ССРС Исбаьхьалчийн бертан декъашхой
- ССКП декъахой
- Россин Йукъараллин палатан декъашхой (2006—2008)
- Россин Йукъараллин палатан декъашхой (2008—2010)
- Россин Йукъараллин палатан декъашхой (2010—2012)
- Россин Йукъараллин палатан декъашхой (2012—2014)
- Россин Федерацин скульпторш
- ССРС скульпторш-монументалисташ
- Иэсийн а, мемориалийн а авторш
- Тбилисин исбаьхьаллин академера арахецнарш
- МПУ сийлахь профессорш
- РФ Президент волчура Оьздангаллин а, говзаллийн а кхеташонан декъахой
