Цаьпцалгкепарнаш

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Цаьпцалгкепарнаш
Ӏилманан классификаци
Дуьне: Дийнаташ
Тип: Гезгийн тайпанаш
Класс: Сагалматаш
ТӀера тоба: Керла тӀемаш долу сагалматаш
Тоба: НийсатӀемийнкепарнаш
Бухара тоба: Деха мекхаш долу нийсатӀемийнкепарнаш
ТӀера доьзал: Цаьпцалгкепарнаш
Латинан цӀе
Tettigonioidae
Доьзалаш
ITIS 650494
NCBI 70905

Цаьпцалгкепарнаш (лат. Tettigonioidea) — нийсатӀемийнкепарчеран доьзалера сагалматийн деха мекхаш долучеран тобанера тахана и цӀе йолуш цхьаъ бен боцучу доьзалах ю. 6800 сов тайпа ю массо а континенташ тӀехь (Антарктида йоцучу).

ХӀоттам[нисъе | нисъе чухулара]

Корта шабаьлла хьен бохь болуш бу, дукха хьолахь агӀонашкара тӀетаӀийна, наггахь муцӀара. Когаш 4-меженах лаьтта. Хьалхара букъ нийса я арагӀоьртина бохь болуш, нийса лахахь охьатаӀийна агӀонашкара ласа а йолуш бу. Боьршачун тӀамтӀохенехь дукха хьолахь цӀар-цӀаран меженаш хуьлу. Хьаса шаяьлла RS-ца бу, цӀар-цӀаран меже йолчохь чӀогӀа хийцаелла ю. Дукха хьолахь тӀамтӀохе а, тӀемаш а тӀомалела функцеш йойу, амма юьсу чӀагӀъелла цӀар-цӀаран меже. ЗирхӀтосург стечуьнан, кӀеззигъерш дӀаяьхчахьана, еха, агӀонаш тӀиера таьӀна хуьлу.

Дебар[нисъе | нисъе чухулара]

Дебаран кеп[нисъе | нисъе чухулара]

Боьршачу цаьпцалго стечунан гайнтӀе сперматофор уллу. Флаконах (коьрта дакъа) а, сперматофилаксех (тӀеделла дакъа) а лаьтта сперматофор. Флакон къевлина ду чкъоьраца, дуткъа лаг а, шиъ чӀагӀдаран пийсак а ду цуьнан. Сперматозоид чохь йолу флакон, декъна ду шина декъе пардонца. Сперматофилакс тӀелета кепара хӀума ю.

Боьршачо флаконан лаг чудуьллу стечун дебаран Ӏуьргачу, ткъа ша флакон а, сперматофилакс а арахь ю дуьсу. Цхьана хиллачул тӀехьа стечо миллаша сперматофилакс дӀайуу, цу тӀе оралла меллаша дехьайоттало флакончура ахкаргчу, цул тӀаьхьа стечо флакон дӀайуу. Стечун гайн тӀеоьллина долу сперматофор сперматофилаксо даздо, цунах новкъарло хуьлу леларахь а, зирх тасарехь а, кхечунца хиларехь а. Кхин тӀе боьршаниг меллаша йаа еза, оралла флакончура ахкаргашка дехьаӀана кхиийтархьама.


ЗирхӀ тасар[нисъе | нисъе чухулара]

Дукхаха йолу гӀирачара а, хӀуъу юучара а зирхӀтосург лаьттаха а йогӀуьйтий зирхӀ тосу латтаха. ЗирхӀ тосу цхьацца я оьланашца 5—10 цхьаьна вовшехтеснайолчу тӀетухачу стен-боьршаллин екхоьашца юкълучу дӀакъастаршца. Ораматашдучеран кепийн зирхӀ дукха хьолахь ораматийн тӀехула я латтан тӀехуларчу ораматийн декъашна юкъа тосу.

Кхиаран цикл[нисъе | нисъе чухулара]

НӀаьвцицигаш схьадовлу бӀаьста, шен дахарехь 4 — 6-зза туьлу уьш. Цкъа тилча охьа а, тӀехьа а озийна юккъерабукъан а, тӀехьарабукъан а тӀехьара лахара маьӀгаш кепара тӀемийн зӀийдиг гучуйолу. КхузлагӀа тилча тӀемийн зӀийдаг букъ тӀехь хуьлу, кхаа сен кеп оьцу, царна тӀехь дохалла гучудовлу хьесий. ТӀеххьара тилча тӀемаш довлу.

Цаьпцалгкепарчеран нӀаьвцицигаш а, нимфаш а имагох къаьста йоккхаллин барамца а, дика кхианза тӀемашца а. Амма нӀаьвцицигийн яккхийчарех чӀогӀа къаьсташ кепаш ю. Уггар яккхий башхаллаш хаало трансформативан мимикри хилча, аьлча а нӀаьвцициган имагон йоцу мимикрин билгало хилча.

  • Суданин цаьпцалдагийн (Eurycorypha fallax) нӀаьвцицигаш шайца цхьана гӀаш тӀехь а, зезагийн коллаш тӀехь а деха зингатех лела. Цу тӀе, нӀаьвцициган дегӀ зингатан дегӀал стомма делахь а, цуьнан сирла-баьццарчу гайн тӀехь Ӏаьржачу беса юткъа «гӀадъюкъан» сурт ду, кхин тӀе зингатчух тера дусаделла гай а ду.
  • Малайн цаьпцалдагийн (Leptoderes ornatipennis) ханна кегийра нӀаьвцицигаш чхьаьвриг-динах (Collyris tuberculata) тера ю шен сийна бесаца а, цӀечу гӀогӀашца а. Кхийсаяларан амал чхьавригийн а, царах лелачу нӀаьвцицигийн а тера ю.


ЦӀар-цӀар а, хазар а[нисъе | нисъе чухулара]

ЦӀар-цӀаран меже тӀемаш тӀехула ю. Аьтту тӀомантӀоьхен тӀехь гоьрга чекх са гуш пардон кепара «куьзга» ду, цунна гонахьа гур бина стомма цӀар-цӀаран хьаса бу. Аьрру тӀомантӀоьхенехь куьзга чекх са гуш дац, коьлина а, дикка онда а ду. Цунна гонахьара цӀар-цӀаран хьаса стомма а, цергаш йолуш а бу. И хьаса чӀондаргӀан хьесапехь бу, ткъа «куьзга» цӀар-цӀар деш резонаторан хьесапехь ду.

Екачу цаьпцалган цӀар-цӀар (Tettigonia cantans).

ЦӀар-цӀар деш цаьпцалго тӀомантӀоьхенаш ойбу, дӀасайогӀуьйту, тӀаккха егайо цхьана агӀонхьара вукха агӀора, иза бахьанехь «чӀондаргӀан» цергаш аьтту тӀомантӀоьхенан «куьзган» гуранах хьекхало.

ХӀора цаьпцалган тайпан шен кепара аьзнаш ду. Дукха хьолахь цӀа-цӀаран меже боьршачеран бен ца хуьлу, амма стечара цӀар-цӀар деш тайпана а ю цаьпцалгаш.

Хазаран меже ю хьалхарчу когийн голаш тӀехь, голан шинне а агӀора ду лергабад функци лелош овалан пардош. Дукха хьолахь пардо диллина ду, цхьадолчу тайпанийн тӀехула пардо дӀакъовлуш негӀарш ду. Хазаран меженан юккъера декъан чолхе структура ю, иза лаьтта нервийн чеккхенех, хӀуьла клеткех, дилхах, шина ген къамкъаргах, шен-шен лергабедан тӀейоьдуш йолу. Къамкъаргар хӀаваан таӀам бахьанехь пардо даиман озийна ду.


Еха меттиг а, къайлаялар а[нисъе | нисъе чухулара]

Цаьпцалгийн биотопаш инзаре тайп-тайпана ю — тропикийн джунглешкара, гӀум-аренашкара тундрашка а, лекхачу лаьмнийн цанашка кхаччалц. Кхечу дехамекхашдолу нийсатӀемашдолчаьрца дуьстича цаьпцалгаш еха йиллина ораматаш тӀехь, ца леладо лаьттах даьхна бенаш я дитташ.

Ека цаьпцалг (Tettigonia cantans)

Сих-сиха цаьпцалгаш хуьцу шайн бос гонахьара гӀашка я тӀехь еха кхин ораматийн декъашка хьаьжжина. Малайн архипелаган тӀехь еха цаьпцалган Elimaea poaefolia ша тӀехь хиина Ӏан гӀодах тера чӀогӀа озийна дегӀ ду.

Къайлаялар нисло тӀомантӀоьхенаш чӀогӀа шоръялар бахьана долуш, кхин а шакепара хьесий бахьанехь.

ГӀакепара тӀемаш Cycloptera elegans тӀехь ду бора тӀеданаш, уьш тер ду паразитийн жӀаьлин нускалш талхийначу гӀашшах. Tanusia тайпанчеран тӀомантӀоьхлонаш тӀиера тӀеданаш гӀа дахкадаларан кеп хиттайо, ткъа гома йисташ гӀа диана ду я кагдина ду моттадолуьйту. Иштта доккха сакхт ду моттуьйту Акридоксенаш (Acridoxena hewaniana) олучу тайпанан гӀан кепара тӀемаша.

Цхьайолу хӀиндо-малайн дитташ тӀехь еха цаьпцалгаш корсамах тарло. Иштта, масала, Яван Сатрофили (Satrophyllia femorata) тайпанарг, меттах а ца йолуш хиана Ӏа мекхаш а, хьалхара когаш а хьалха догӀуйтий диттан га тӀехь, къаста а ца ло и га тӀиерачу корсамах.

Даар[нисъе | нисъе чухулара]

Алссама йолу цаьпцалгаш хӀуъа а юуш ю, гӀиралле теӀаш а ю. Нийсса дийцича, дуккха а билгалонашца цаьпцалгаш тера богомолех: иштта пхьераш ю къайлаяларехь, иштта цергаш йолчу хьалхарчу когашца лоцу ижу. Амма цхьайолу цаьпцалгаш ораматаш бен ца дуу. Масех кеп билгал яьккхина ю юьртабахаман зуламхой аьлла. Дукха дерг цӀозца я шайтаӀанан говрашца дуьстича кӀезиг хилар а, популяцин луьсталла лахара хилар а бахьанехь, зулам царех кӀезга ду, амма цхьадолу тайпанаш цхьацца шерашкахь кхолла таро йолуш ю тайп-тайпана фазанаш, цӀоззо санна, тӀаккха царех долу зулам хаалуш хуьлу.


Таксономи[нисъе | нисъе чухулара]

Цаьпцалгкерчеран доьзалехь билгалболу доьзалал лахара тоба:

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Литература[нисъе | нисъе чухулара]