Цадаса, Гамзат

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Гамзат Цадаса
Вина терахь 1877 шеран 9 август({{padleft:1877|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:9|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь: 1951 шеран 11 июнь({{padleft:1951|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:11|2|0}})[1] (73 шо)
Кхелхина меттиг:
ГӀуллакхан тайпа: переводчик, Поэт, къади, драматург, Яздархо, политик, детский писатель

Гамзат Цадаса́ (1877 шеран 9 август({{padleft:1877|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:9|2|0}}), Цада[d], ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика[1]1951 шеран 11 июнь({{padleft:1951|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:11|2|0}})[1], ХӀинжа-ГӀала, ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика, РСФСР, ССРС[1]) — жӀайхойн советски поэт, драматург, гочдархо, пачхьалкхан гӀуллакхо. Дагестан АССРн Халкъан яздархо (1934). ШолагӀчу рогӀер Сталинан совгӀатан лауреат (1951 шо). Расул Гамзатован а, Гаджи Гамзатован а да.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1877 шеран 9 (21) августехь Цада цӀе йолу юртахь (хӀинци Дагестанан Хунзахан кӀошт) юртбахамхо доьзаллехь. Цуьнан фамили «Цадаса» маьӀан ду иза Цада юртар ву бохург. Цун 7 кхаьчча цуьнан да велла, дукха хан ялале цуьнан нана а кхелхина.

Цадасас хуьжарехь дешна. Кхаа шарахь иза вара шен юртан имам а, суьдхо а. Цхьа хан ялча цо и болх битира. Цадасас эчка некъехь а, лесосплавехь а болхбира. 1908—1917 шерашкахь цо юртбахаман болх бира. 1917—1919 шерашкахь Цадаса вара Хунзахан шарӀан декъашхо. 1921—1922 шерашкахь цо болх бина «Красные горы» цӀе йолу газетехь. Оцу газетехь цо шен хьалхара байташ арахийцира.

1923—1925 шерашкахь иза вара революцин шарӀан председатель. 1925—1932 шерашкахь цо болхбира Хунзахан райисполкомехь. 1932—1933 шерашкахь иза вара «Горец» цӀе йолу газетан редакцин секретарь. 1925 шо дуьйна Цадаса вара хийца а цалуш Хунзах районан къинхьегамхойн депутатийн Советан депутат. 1934 шо дуьйна СССР яздархойн Советан декъашхо. Советски яздархойн хьалхара гуламан делегат[2]. 1934 шарахь иза хаьржира Дагестанан ЦИК депутат. 1950 шарахь иза хаьржира СССР Лакхара Советан 3-гӀа гуламан депутат а, Дагестан АССРн Лакхара Советан депутат а.

Велла 1951 шеран 11 июнехь Махачкалахь. Иза гӀалан юккъехь дӀавоьллина (Проспект Расула Гамзатова).

Кхолларалла[нисъе бӀаьра | нисъе]

Гамзат Цадаса ваьхна цӀа

1891 шарахь цо арахецна шен хьалхара байт — «Собака Алибека». Октябран революци хилчул тӀаьхьа Цадаса волавелира къинхьегамхойн керла дахар хьаьсто («Октябрь», «Слово старухи в день 8 марта», «Старое и новое», «Сталину», «К мести», «Горные вершины», «Метла адатов», кхиераш а). Цуьнан хьалхара байтин гулам «Метла адатов» араелира 1934 шарахь. Оцу шарахь иза хержира хьлхара Дагестанан Халкъан поэт.

Гамзат Цадаса ву хаьлхара жӀайхойн байтийн, берийн туьйранийн автор. Цуьана тӀема хенан эшарш а, патриотически байтийн гулам «За Родину» а чӀогӀа яржира Дагестанехь. Цуьнан кхолларалла чӀогӀа уьра йолуш ю жӀайхойн фольклорца. Цадаса жӀайхойн матте йохара А. С. Пушкинан говзарш.

1967 шарахь Цада юртахь схьайиллина Гамзат Цадасан музей.

Фильмографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Гамзат Цадасас яздина туьйранашца яккхина мультфильмаш:

  • Слон и муравей (1948)
  • Лев и заяц (1949)

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Сталинская премия второй степени (1951) — за сборник стихов «Избранное» («Сказание о чабане») (1950)
  • орден Ленина (22.02.1944) — в ознаменование 50-летия творческой деятельности
  • орден Ленина (1947) — к 70-летию со дня рождения
  • орден Трудового Красного Знамени (31.01.1939)
  • медаль «За оборону Кавказа»
  • медаль «За доблестный труд в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.»
  • народный поэт Дагестанской АССР (1934)
  • Почётные грамоты Президиума ВС ДАССР

Дагахьлаттавар[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Кизилюртахь бу Гамзат Цадасан урам.
  • 1967 шарахь Цада юртахь схьайиллина Гамзат Цадасан музей.
  • ЖӀайхойн эшаран а, драман а театран тиллина Цадасан цӀе.
  • 1970-гӀа шерашкахь Дагестанан Халкъан художникс Салават Салаватов диллина масийтта Гамзат Цадасан сурт[3].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 3 4 5 6 Цадаса Гамзат // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохорова — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
  2. . (В списке делегатов на с.695 указан как Цадасса, Гамзет.)
  3. Черновик №20. Воспевая родной край. — 19 мая 2006 год

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Оьрсийн меттан яккхинарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Гамзат Цадаса. Горные вершины. — М., Советский писатель, 1947
  • Гамзат Цадаса. Избранное. — М., Советский писатель, 1950
  • Гамзат Цадаса. Избранное. — М., Советский писатель, 1951
  • Гамзат Цадаса. Стихи. Сказки. Басни. Перевод с аварского Н. Гребнева, Я. Козловского, Семёна Липкина, В. Потаповой, Демьяна Бедного, С.Обрадовича. Художник Н.Каплан.— Государственное издательство детской литературы, М., 1952. — 96 с.
  • Гамзат Цадаса. Избранное. — М., Гослитиздат, 1955.
  • Гамзат Цадаса. Стихотворения и поэмы.— Л., Советский писатель, 1958. — 304 с., 5 000 экз. (Библиотека поэта. Большая серия).
  • Гамзат Цадаса. Избранное. — М., Советская Россия, 1973. (Поэтическая Россия)
  • Гамзат Цадаса. Избранное. Перевод с аварского Н. Гребнева, Д. Голубкова, А. Глобы, Я. Козловского, Семёна Липкина, Ю. М. Нейман, Т. Стрешневой, Л. Пеньковского, В. Казина, Н. С. Тихонова. — М., Художественная литература, 1977. — 404 с.
  • Гамзат Цадаса. Стихотворения и поэмы.— Л., Советский писатель, 1978. — 496 с., 50 000 экз. (Библиотека поэта. Малая серия).