ЦХР уездаш

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Уезд (ций. , : xiàn, : сянь) — Цийн уездан тІегІанера коьрта административан дакъа. Уездаш гуттаренна а хилла Цийхь ТІом беш йолу пачхьалкхийн муьрера дуьйна (вайн эрал III бІешо хьалха), аьлчи а, шортта хьалха, Цийн кхин муьлххачу административан декъал. Цинь Шихуандис дуьххьала пачхьалкх цхьанатоьхча тойира цуьнан административан-мехкан структура, Цийхь йира 1000 уезд гергга.

Императоран Цийхь уезд ладаме административан дакъа дара, иза лахара тІегІа яра империн бюрократин структура — кхин а лахарчу тІегІанера урхалла лаьттара формалан а, бюрократин а йоцу системехь.

Цийн Республикан правительство дІаехира административан екъаяларан ах тІегІанаш, кхин а гІоьртира кхолла уездан лахара волостан тІегІа. И кхаа тІегІан система официалан схьаийцира 1949 шарахь Цийн Халкъан Республико. Тахана ЦХР-ехь ю меттигерачу шеш-шайна урхаллин пхиъ тІегІа: провинци, гуо, уезд, волость, юрт. 1980-1990-гІа шерашкахь ЦХР цхьа могІа уездех йира галин уездаш.

Map of China's county-level divisions