Дерригдуьненан тӀаьхьалонан де

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Иэсийн а, историн меттигийн а дуьненайукъара де (Дерригдуьненан тӀаьхьалонан де) даздо 18 апрелехь. Йукъадаьккхина 1983 шарахь ЮНЕСКОс йукъараллин дерригдуьненан оьздангаллин тӀаьхьало ларйаран а, Ӏалашйаран а белхан тӀе терго йахийта Ӏалашо йолуш кхоьллинчу, Иэсаш а, хаза меттигаш а Ӏалашъяран Дуьненайукъара кхеташон Ассамблейс (ИКОМОС). Дуьххьара, пачхьалкхашна йукъарчу тӀегӀанехь, иэсийн а, историн меттигийн а де даздира 1984 шеран 18 апрелехь.

Дерригдуьненан тӀаьхьалонан де даздаран гуран чохь дӀахьо оьздангаллин тӀаьхьало ларйаран а, Ӏалашйаран белхан конференцеш, а кхин белхаш а. Цхьайолу музейшка оцу дийнахь (иштта Дуьненайукъара музейн де) хьажа мега чувахаран билет а доцуш, мехаза. Иштта хьовсархой хила таро йу, вукха деношкахь дукха хьолахь къевлина хуьлуш йолчу, архитектурин комплексашкахь а, историн гӀишлошкахь а[1].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]