Джабраилов, Хамзат Вадудович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Хьамзат Джабраилов дӀасахьажийна кхузе)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Хамзат Вадудович Джабраилов
Джабраилов, Хамзат Вадудович.jpg
Гражданалла ССРС СССРРоссиFlag of Russia.svg Росси
Вина терахь 1956 шеран 7 апрель({{padleft:1956|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:7|2|0}})
Вина меттиг ГӀиргӀазойчоь, СССР
Кхелхина де 2013 шеран 19 февраль({{padleft:2013|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (56 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси
Спортан карьера 1969-1983
Говзалла Боксёр
Тренераш

Хусейн Мудаев

Вартанов, Григорий Мартиросович
Йозалла 71 кг

Хамза́т Ваду́дович Джабраи́лов (1956 шеран 7 апрель, ГӀиргӀазойчоь, СССР — 2013 шеран 19 февраль, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси) — нохчийн боксёр, СССР а, Спартакиадан а чемпион, дуьненан Кубок яккхинарг, дукха халкъашна юккъера турнирийн толамхо, хьалхара нохчийн спортхо Российн Сийлахь спортан говзанча а, Российн Сийлахь тренер а цӀерш яккхинарг[1].

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Иза вина 1956 шеран 7 апрелехь ГӀиргӀазойчохь. ЦӀа вирзиначул тӀехь 1969 шарахь Оргехь бокс Ӏамо волавелира. Цуьнан хьалхара тренер вара цуьнан школан хьехархо Хусейн Мудаев.

1975 шарахь деша вахара Соьлжа-ГӀалин мехк-даьттан институте. Цигахь цуьнан тренер Григорий Вартанов вара[2].

Цуьнан хьалхара боккха кхиам бара 1978 шарахь. Цо Алма-Атахь хилла йолу халкъашна юккъера турнирехь а, Орджоникидзехь хилла РСФСР первенствехь а толам беккхира. Вукха шарахь иза хилира СССР а, Спартакиадан а чемпион. Нью-Йоркехь цо яккхира дуьненан Кубок. И бахьнехь цунна елира Халкъашна юккъера классан СССР спортан говзанчан цӀе[3].

1980 шарахь цо СССР чемпионатехь дато медаль яккхира. 1981 шарахь иза кхоьчу йозаллин категоре велира. Оцу категорехь цо борзан медаль яккхира.

1982 шарахь цо толам беккхира Болгарехь хилла йолу халкъашна юккъера турнирехь. Цигахь цо нокаутца эшийра гӀарваьлла Кубера боксёр Хосе Гомес. Латар чекхдаьлча хьовсиначара карахь дӀавихьира Хамзат ринган тӀера[4].

1980 шарахь Москвара Олимпиаде ваха кечлуш хенахь Хамзат вара коьрта кандидат. 6 раундехь хилла йолу спаррингехь цо эшира шен конкурент Александр Кошкин. Амма Олимпиаде вахитира Кошкин. Наха дуьйцура, вовшахтоьхна командан коьрта тренер Киселёв шен лаамехь ца вахийтира Кошкин Олимпиаде[5].

Изза хилира Джабраилов 1979 шарахь Кёльнехь хилла йолу Европан чемпионате воьдуш хенахь. Хамзат В. Савченко нокдаунца эшира. Цунна виза тӀехь йолу кхоьчу пачхьалкхан паспорт делира. Амма иза чемпионате ца вахийтира.

26 шо кхаьчна волуш Хамзатас бокс йитира шега хьекимаш лелош долу хӀилланаш ла ца делча. Цо спорт йитинчул тӀехь а иза СССР вовшахтоьхна тобанехь доьналлин а, къинхьегаман а масалан валош вара.

Спортара дӀавахча иза тренер хилира. Цо дукха боксёраш кхиира. Царна юкъахь И. Арсангалиев а, Х. Устарханов а — дуьненан чемпионаш; В. Магомадов — профессионалашна юкъахь СССР чемпион; А. Муртазалиев, А. Дудаев и И. Халидов — Европан чемпионаш; Ю. Джамалдаев — Российн чемпион; А. Амаев — Российн вице-чемпион; Тамерлан а, Руслан а ХалидовгӀара — Москван а, Российн Герзан ницкъийн а чемпионаш.

1993 шарахь Джабраилован елира Российн Сийлахь тренеран цӀе. 2004 шарахь цунна елира Российн Сийлахь спортан говзанчан цӀе. Цуьнан баккхи кхиамаш бара спортхон санна а, тренер санна а. Иза велира 2013 шеран 19 февралехь Соьлжа-ГӀалахь[6].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Знаменитый боксер Хамзат Джабраилов
  2. Шукран Якумова. Хамзат Джабраилов оставил яркий след в истории чеченского бокса. Грозный-информ (2013, 5 апрель). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 23 майхь. Теллина 2013 шеран 21 майхь.
  3. Мовлади Абдулаев. Хамзат Джабраилов. Бокс — это моя жизнь. wsport.free.fr (2009, 26 май). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 23 майхь. Теллина 2013 шеран 21 майхь.
  4. [1]
  5. [2]
  6. Хожбауди Борхаджиев. Жизнь, отданная боксу. Гумс (2013, 28 февраль). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 23 майхь. Теллина 2013 шеран 21 майхь.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]