Хьайбахехь нах байар
![]() | ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
ЧГӀХК белхалоша Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Галанчожан кӀоштан[~ 1][1] Хьайбахехь нах байар[2][3][4][3][4] — иза хилла 1944 шеран 27 февралехь нохчий а, гӀайлгӀай а махкахбохучу дийнахь. Цул совнах кхечу ярташкахь а тоьпаш тоьхна нах байина аьлла тоьшаллаш ду[5].
Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьайбаха ю Нашхан къилба-малхбалехь Акха-Бассаца доза долуш. 1944 шо кхаччалц ГаланчӀожан кӀоштан йукъайогӀуш хиллачу Хьайбахан гонахьарчу яртийн администрацин центр хилла. 1944 шарахь махкахбахале, эвлахь бехаш хилла хьайбахьо гарех 40 гергга доьзал, Зерхьа кӀотарахь а хилла бехаш дукха нах.
Махкахбаьхначул тӀаьхьа Хьайбахьа Гуьржийчоьнан йукъатоьхна, Нохчийчоьнан 1957 шарахь бен юха а ца елла[6], НГӀАССР меттахӀоьттиначул тӀехьа, амма бахархошна лаьмнашкахь баха ховша ца магийра.
Таханлерачу дийнахь даиман Ӏаш бахархой бац.
Историн юьхьиг[нисйе бӀаьра | нисйе]
Къаьсттина ЧГӀХК эскархошна хала дара лаьмнашкара яртийн бахархой махкахбаха. Дукха ло диллар а, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн лаьмнашкара ярташка боьдуш некъаш ца хийлара а бахьанехь леррина операци чекхъяьллачул тӀехьа, оперативни хаамашца, ара бахаза 6000 сов стаг висна хилла. Берис эскархошна тӀедиллира шина дийнахь уьш станцешка кхачор, амма тӀедиллинарг кхочушдан чӀогӀа хала дара.
Эскарийн декъийн долахь хилла йолу (137 кхийсархойн полк, 173-гӀа къаьстина кхийсархойн батальон, 4-гӀа рота, 141 ломан-кхийсархойн полк) транспорт (20 автомашен, 52 ворда, 96 йоьжна говра) лаьмнашкара ярташкара нохчий а, гӀалгӀай а арабаха чӀогӀа кӀезга яра. Ницкъаш а, гӀирсаш а, ца тоьуш хилара бахьанехь леррина операци билгалйинчу хенахь чекхъяккха эскархой ца ларалора.
Иза 28 февралехь бен долина дацара. Лаьмнашкара ярташка хьажжина дара тӀе оьшуш долу эскаран дакъош (3452 стаг), автомобилаш (635), амма шен хенахь дӀа ца кхечира[7]. СССРн куьгалхойн планаца, цхьаннен а бакъо йацара цӀахь виса, цундела ЧГӀХК эскаро цхьайолу яртийн маьрша бахархой байира[8].
Хилам[нисйе бӀаьра | нисйе]
ГаланчӀожан кӀоштара нах арабахар чолхе даьккхира некъаш ца хиларо. Сатесча хенахь дуьйна Хьайбахье гулбан болийра Нашхойн йуьртан Кхеташон кӀотаршкара а, оцу кӀоштан кхечу ярташкара а лаьмнашкара шешша охьабахкалурбоцу нах. Царна кхайкхийра, массо а цамогушбнрш, къаной совца беза кхузахь дарба дан, уьш аренан кӀошташка охьабига[9] башха транспортан колонна йогӀур ю аьлла. Оцу колонница ванн луург Л.Берийн цӀарахчу колхозан божале гуллало кхайкхийра нахе. Шеш шел ца далийта шайца ча а, йол а хьуо элира.
Мальсагов Дзияудина дийцарехь, арадохучу хенахь иза теш хилира ГаланчӀож кӀоштехь хиллачу зуламан. Нохчийн МХГӀ даладо Мальсаговн оцу хиламех долу дийцар, цуо чӀагӀдо, Хьайбахьера божалехь гулбинера Нашхойн йуьртан Кхеташон кӀотаршкара а, оцу кӀоштара кхечу ярташкара а шеш лаьмнашкара охьабагӀа ницкъ боцу цамогуш берш, бераш, къаной, зударий. Божалехь вовшехтоьхнарш Мальсаговс 600—700 стаг мах хадийра. ТӀаккха неӀарш къевлира, Генамалхбузан ЧГӀХК маьхкан урхаллин хьаькамо[~ 2], пачхьалкхан кхерамазаллин 3-гӀа тӀегӀан комиссаро Гвешианис[~ 3], омар делира дагаде божал, ткъа цӀергар арабовлу гӀертачаьрна тоьпаш тоха аьлла. Мальсагов а, кхин эпсар Громов а дуьхьало ян хьаьжира, уьш ха тоьхна дӀахьажийра Малхасте. [10][11].
Гвишианин телеграмма[нисйе бӀаьра | нисйе]
Цхьа могӀа бух тӀиера телеграмма ялайо, цу тӀехь пачхьалкхан кхерамазаллин 3-гӀа тӀегӀан комиссар Гвишиани Михаила Хьайбахь юьртара бахархой багорех хаам бо[12]:
ЧӀогӀа къайлаха. ССРС чоьхьарчу гӀуллакхийн халкъан комиссаре накъ. Л. П. Берига. Хьан баьргашна бец йац. Охьабахьар ловр ца хиларна а, «Лаьмнаш» цӀе йолу операци шен хеннахь чекхъяккхархьама а, дийзира дӀабаха 700 сов бахархой Хьайбахь олучу меттигехь. Полковник Гвишиани
Телеграмман текст толлуш, Полян Павлас жамӀ до, иза шеко йолуш хилар: гриф «Хьан баьргашна бец йац» цкъан а ца лелайора советийн къайлаха кехаташлелорехь, «Хьозийн кхоьш» операцин куьйгалхойх цхьаъ волчо операцин цӀе «Лаьмнаш» аьлла хийцина, шен эскархочун цӀе ца хаьа, «полковник» бохуш. Поляна иштта билгалдоккху, ГаланчӀожан кӀоштера операцех лаьцна Гвишианин официальни чоьтехь дуьйцу иттанашкахь байинчарех, я новкъахь беллачарех[5].
Хийцамийн шерашкахь[нисйе бӀаьра | нисйе]
Дуьххьара Хьайбахьехь хиллачух яздина 1989 шарахь кегийрхойн «Комсомолийн тайпа» газетехь журналисто Бицоев СаӀида, цуо дӀаяздина зорбатуьйхира Мальсагов Дзияутдинан дийцар Сулейманов Ахьмадан[~ 4], Гаев Саламатан а, Хожаев Далханан а могӀанашца цхьана[13]. Зорбатоьхначо шуьйра йукъараллин резонанс йира[14] — ша йолчу республикехь йийца яьккхира статья, амма Ӏедало цхьан а реакци ца йира. Республикин прессо а, телевиденино а цагуш санна йитира стаья, иштта терго ца йира обкоман пленумо. Оццу шарахь Хьайбахьехь лаьцна материал зорба туьйхира «Огонёк» журналехь[15]. 1989 шеран 8 октябрехь Хьайбахьехь дукха халкъ а гуллалуш митинг хилира[16][17].
Таллар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Дуккха а хенахь массин хаамийн гӀирсашкахь оцунах лаьцна тайп-тайпана хиларна, ткъа иштта иза гинчеран тешаллаш а бахьанехь[18] 1990 шарахь 31 августехь Хьалха-Мартан к1оштан прокуроро Цакаев Руслана № 90610010 зуламхойн гӀуллакх долийра, иза талла талламан тоба кхоьллира[12].
2006 шеран мартехь «Известия» газетехь зорба туьйхира интервью Кашурко Степанаца, иза вовзийтира «1990 шарахь коьрте хоьттина Хьайбахьера геноцид толлу леррина комиссин Дуьненан йукъара тӀемийн а, тӀемийн ницкъийн а ветеранин „Турпалалла“ цӀе йолу лехаман центран куьйгалхо» аьлла. Интервьюхь Кашуркос дийцира, «Лахам» тобана карийна даьӀахкаш взводан баьчча волчу Газоев Бексултанан, цуьнца Хьайбахье нене яздина кехат хилар. Кашуркос хаам бира карийначу даьӀахкех лаьцна Газоевн Даймахке, амма жоп деара Соьлжа-ГӀалара: «Хьайбахь эвла Нохч-ГӀалгӀайн АССР йац». Кашурко лаха гӀиртира салтийчун гергарнаш Нохч-ГӀалгӀайн АССР обкоман хьалхара секретарь Завгаев Доккегахула, амма Завгаевс хаийтира Хьайбахь эвла шен бахархошца халлака яр. Кашуркос дийцарехь Нохч-ГӀалгӀайн Совминан председатель Беков Сергейс Хьайбахьера байарш толлу леррина комисси кхоллар далийра, коьрте Кашурко а хоттош. Комисси йукъабахара:
- Кашурко Степан — комиссин председатель;
- Мальсагов Дзияудин (НГӀАССРн юстицин халкъан комиссаран хьалхара гӀовс хилла волу);
- Цакаев Руслан (Хьалха-Мартан кӀоштан прокурор, НГӀАССР Лакхара Кхеташонан Президиуман декъашхо);
- Гаев Саламат (Гихичура юккъерачу ишколан хьехархо);
- Ахильгов C. (гӀалгӀайн автономи меттахоттор вовшахтохаран комитетан декъашхо).
Комиссино теллира нах лаьттахбоьхкина меттиг, Хьайбахьехь геноцид яр тӀеийцира. ТӀаккха Кашурко нохчийн тобанца, Гуьржийчоьнан президентан Гамсахурди Звиадера гӀодан дошдаьккхина, Гвишиани лачкъо кеманца Гуьржеха бахара, амма тӀехьабисира, хӀунда аьлча иза веллера[~ 5][19].
Критика[нисйе бӀаьра | нисйе]
Хьайбахьехь нохчий багабаран верси критика еш ю публицистийн Пыхалов Игоран а, Мендкович Никитин а агӀора. Пыхаловс терго тӀейогӀуйту Гвишианис Берига яхьийтина телеграммин шеко йолу меттигашна, тӀаккха жамӀ до, телеграмма йина ю АЦШхь. Иштта шеконе диллира цо Кашуркон дийцар а, билгалдоккхуш оцу хенал 24 шо хьалха велла стаг лачкъо гӀертарх[~ 5][20]. Мендкович билгалдоккху, йукъараллин комиссино динчу жамӀехь диллина долу республикин прокуроран куьйго нийса ца гойту Хьайбахь йукъайогӀу администраци, цуо даладо тешийн а, талламхойн а тоьшаллаш цхьана ца дар, кхин а декъий теллина протокол ца хилар а.[21]. Шинне публицисто Хьайбахьан истори — тӀаьхьа кхоьллина фальсификаци лору.
Полян Павлан хьалхарчу зорбанехь Хьайбахьехь хилларг бакъдеш вара, кхин тӀе терго йогӀуьйтуш а вара «Гвишианин телеграмме», амма 2011 шеран жайнахь телеграмма шеконе йиллина, ткъа Хьайбахьан истори чӀагӀъянза[22]. Безугольный Алексей, Бугай Николай, Кринко Евгений йукъара монографехь Полянан жам1ашца реза хуьлу, бух болуш йац и истори олий[23].
Нохчийн куьйгаллин ойла[нисйе бӀаьра | нисйе]
2008 шеран 7 июнехь Нохчийн Республикин президентаца Кадыров Рамзанаца цхьанакхетарехь вице-премьер волчу Магомадов Лоьмас хаамбира, НР президентан цӀарах кехат деана РФ Кхерамазаллин а, мохкларбаран а, низаман а баланийн академин президентера, профессорера Шевченко Викторера, Москвохь яздархочун Кашурко Степанан чурт хоттор доьхуш. Кадыров Рамзана элира[24]:
Иза вайн исторехь баланин терахь ду, Кашурко Степана шен агӀора турпалалла гайтина, бакъдерг а яздина оцу зуламах лаьцна.
2012 шеран 3 майхь вовшахтохаран комитетан совещанехь Нохчийн Республикин Парламентан спикера Абдурахманов Дукхувахас билгалдаьккхира, леррина терго ян еза халкъийн дагалецаман а, балан а Денна йолу мероприяти МХГӀ гойтуш, оцу йукъахь российнаш а хила еза[25]:
Нохчийн къам хӀинца а сталинан репрессех реабилитаци янза ду — моралан а, дахаран а. Шадолу дуьнентӀехь хаьа Холокостах лаьцна, амма кӀезга хаьа Хьайбахьан исторех лаьцна. Цундела вай доккхачу жоьпаллехь тӀедахка деза Нохчийн Республикин халкъийн дагалецаман а, балан а Денна йолу мероприятешка.
Кхин факташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
1989 шарахь Хьайбахьехь хиллачу митингехь хьехабора, цхьана ломан юьртара бахархошна тоьпаш тохаран омаран дуьхьала а бевлла, бахархошца цхьаьна тоьпаш тоьхна, дийна цхьа тоба салтий. ТӀаьхьо МӀайстан чӀожахь хилларг мадарра дуьйцуш «Халкъ» газетехь «ЦӀен Эдельвейс» цӀе йолуш статья араелира[13].
1990 шарахь Соьлжа-ГӀалахь арадаьлла жайна «ГӀалгӀайн къоман шолгӀа гулам». Цигахь вистхиллачу яздархочо Чахкиев СаӀида ялийра машаре бахархой багабаран факташ Хьайбахь а, ГаланчӀожан кӀоштан кхин ярташ а хилла ца Ӏар, уьш 1944 шарахь Нохч-ГӀалгӀайчоьнан йукъахь хиллачу Пригородни кӀоштан ярташкахь а хиларх[26].
ТӀаьхьа хилларш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Нохчийн прессин хаамашца, 2012 шеран 6 ноябрехь велла Хьайбахьан зуламан тӀаьххьара теш 76 шо долу Нохчийн Республикин Хьалха-Мартан кӀоштера Гихчу юьртара Эльгакаев Мумади[27].
Суьдан процессаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
2013 шарахь 31 майхь Сталин Иосифан кӀентакӀант Джугашвили Евгений «Беговой» цӀе йолчу ЧГӀД вахара дехарца зуламхойн гӀуллакх доладе Гозман Леонидан «Хьайбахьан гӀуллакхехь» цуо эладит дийцарна.
Бахьана хилира 16 майхь Гозмана «Латар» («Поединок») программехь аьлларг. Политико оцу хенахь кхайкхийра, Сталин зуламхо хета шена аьлла, кхин а тӀетуьйхира, ЧГӀХК белхалоша 1944 шарахь Хьайбахь эвлахь «шибӀен тӀиера ялхбӀене кхаччалц <…> стаг божал чу а лаьллина, багийна, гонахьа пулемёташ а хиттийна массо байина» аьлла[28][29][30].
Массин оьздангаллехь[нисйе бӀаьра | нисйе]
- 90-гӀа шераш долалуш кхоьллира «Хьайбахь» фонд, председатель хилира Гаев Саламат. Хадисов Мусас дийцарехь, хӀоллам хотто ойла яра, ткъа кхин а зуламан бехкенарг вийца кхин цкъан а ишттаниг юха ца хилийта. Амма хӀумма а ца дира республикехь тӀемаш а дуьйладелла[18].
- Украинин яхархочо Маенко Марияс эшар язйира, иза лекхийта совгӀатан елира нохчийн йишлакхархочунна Умарова Лизина[31].
- Поэто Керимов ИсмаӀила шен арадахарх лаьцначу байташкахь хьехадо Хьайбахьехь хилларг[32].
- МХГӀ хаамца, Соьлжа-ГӀалин юккъера цхьаьна урамна республикехь тӀом болабалале Мальсаговн цӀарах дара. ХӀинца цуо «Дагестанская» цӀе лелайо[33].
- 2012 шарахь 7 августехь 11 сахьт даьлчи Соьлжа-ГӀалахь Путин Владимиран проспектера цхьана цӀенон тӀехь хӀоттийна Мальсагов Дзияудинан мемориалан у, иза ваьхнера цигахь 1957 шарера валлалц[34].
- 2014 шарахь Шайх Мансуран цӀарахчу «Соьлжа-ГӀала-фильм» («Грозный-фильм») кинокомпанис чекхъяьккхина «Омар ду дицде аьлла» Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine цӀе йолуш нохчий арабахарх лаьцна юьззинаметражан фильм. Суьртан сюжетехь Хьайбахь ягоран факташ йукъатоьхна[35].
Хьовса иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Пресс-служба Парламента Чеченской Республики. В Чеченской Республике восстановлены Чеберлоевский и Галанчожский районы, Грозный-Информ (2012, 18 октябрь). Хьаьжна 1 майхь 2013.
- ↑ С. Гаев, M. Хадисов, Т. Чагаева ХАЙБАХ: следствие продолжается
- ↑ 1 2 Исторические хроники" с Николаем Сванидзе Архивйина 2017-09-28 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 ДОШ # 5/2004 > ИСТОРИЯ ВОЗМЕЗДИЕ Архивйина 2013-10-21 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 Вайнахи и имперская власть: проблема Чечни и Ингушетии во внутренней политике России и СССР (начало XIX — середина XX в.), Авторы: В. А. Козлов (рук.), Ф. Бенвенути, М. Е. Козлова, П. М. Полян, В. И. Шеремет. 2011. Российская политическая энциклопедия. ISBN 978-5-8243-1443-4
- ↑ Сергей Кара-Мурза. Глава 7. Советское государство и право в период Великой Отечественной войны // История советского государства и права. — М.: Былина, 1998.
- ↑ Р.Ш. АЛБАГАЧИЕВ, Магомет Белхароев Посвящается памяти ингушского народа, переживщего годы депортации и сохранившего свою честь и достоинство (оьр.) (газета). Общенациональная газета Республики Ингушетия Сердало. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 17 майхь. Теллина 2013 шеран 27 апрелехь.
- ↑ Виктор, Агаев 60 лет депортации чеченцев (оьр.). Немецкая волна (2004, 21 февраль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 17 майхь. Теллина 2013 шеран 30 апрелехь.
- ↑ Кузнецова, Екатерина Раненая душа не заживает никогда (оьр.). Документы заговорили. Чеченинфо (2013, 6 март). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 17 майхь. Теллина 2013 шеран 2 майхь.
- ↑ Валит Адуев № 16, 26 февраля 2010 г. Адвокат чеченского народа («Молодёжная смена»)
- ↑ А. Вазаев Второе рождение мемориала. Министерство культуры Чеченской Республики (2012, 10 август). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 17 майхь. Теллина 2013 шеран 13 апрелехь.
- ↑ 1 2 Саламат Гаев, Муса Хадисов, Тамара Чагаева. Хайбах: Следствие продолжается. — Грозный, 1994. — 352 с.
- ↑ 1 2 Катышева, Мария Эхо депортации (оьр.). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 17 майхь. Теллина 2013 шеран 20 апрелехь.
- ↑ Идрисова, Умиша В истории чеченцев не было более радостного события (оьр.). Вести Республики (2013, 10 январь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 17 майхь. Теллина 2013 шеран 11 апрелехь.
- ↑ 23 Февраля – день памяти и скорби. Радио «Голос России». — интервью С. Бицоева и С. Гериханова. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 23 майхь. Теллина 2013 шеран 20 майхь.
- ↑ Нурди Нухажиев, Х. Умхаев. Депортация народов: Ностальгия по тоталитаризму. — Грозный: Библиотека Уполномоченного по правам человека в Чеченской Республике, 2009. — ISBN 5-94259-057-5.
- ↑ Абу Исмаилов. Один день в Нашха // Заветы Ильича. — 7 декабря 1989 года.
- ↑ 1 2 Зоя Светова. Вспомнит ли Путин в предвыборной речи о депортации чеченцев?. — Русский курьер, 20 февраля 2003 года.
- ↑ Сопротивляемость организма / Известия, 17 марта 2004
- ↑ Игорь Пыхалов. МЕСТЕЧКОВЫЕ СТРАСТИ В ЧЕЧЕНСКИХ ГОРАХ // Спецназ России
- ↑ Никита Мендкович Хайбахское дело Архивйина 2018-03-18 — Wayback Machine // Актуальная история.
- ↑ Вайнахи и имперская власть: проблема Чечни и Ингушетии во внутренней политике России и СССР (начало XIX — середина XX в.), Авторы: В. А. Козлов (рук.), Ф. Бенвенути, М. Е. Козлова, П. М. Полян, В. И. Шеремет. 2011. "Около 6 тыс. чеченцев из-за снега застряли в горах в Галанчожском районе: на их «довыселение» накинули ещё два дня. Имеются свидетельства того, что в ряде аулов войска НКВД мирное население фактически ликвидировали, в том числе и таким варварским способом, как сожжение. Широкая дискуссия идет вокруг событий в ауле Хайбах. По утверждению некоторых авторов, не будучи в состоянии обеспечить транспортировку его жителей, внутренние войска под командой комиссара госбезопасности 3-го ранга М. Гвишиани согнали около 200 чел. (по другим свидетельствам — 600—700 чел.) в колхозную конюшню, заперли их и подожгли; тех, кто пытался вырваться, расстреливали из автоматов. Ю. Айдаев приводит (без ссылки на источник) некое «совершенно секретное письмо» Гвишиани Берии: «Только для ваших глаз. Ввиду нетранспортабельности и в целях неукоснительного выполнения в срок операции „Горы“ вынужден был ликвидировать более 700 жителей в местечке Хайбах. Полковник Гвишиани». Этот документ мало походит на подлинный: гриф «только для ваших глаз» никогда не использовался в советском секретном делопроизводстве, один из руководителей операции «Чечевица» почему-то называет её операция «Горы» и не знает своего воинского звания, аттестуясь «полковником». В свою очередь в официальном отчете М. М. Гвишиани об операции в Галанчожском районе говорится о нескольких десятках убитых или умерших в пути. В 1956 и в августе 1990 г. были созданы комиссии по расследованию этой «операции» (первая — под руководством Д. Мальсагова). Однако ясности до сих пор нет. И мы, на основании доступных в настоящее время источников, вынуждены воздержаться от окончательных суждений."
- ↑ Безугольный А. Ю., Бугай Н. Ф., Кринко Е. Ф. Горцы Северного Кавказа в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.: проблемы истории, историографии и источниковедения. — M.: Центрполиграф, 2012. — 479 с. — Тираж 3000 экз. — ISBN 978-5-227-03570-7, стр. 64-65
- ↑ Пресс-служба Президента и Правительства Чеченской Республики Президент ЧР Р. Кадыров встретился с вице-премьером Л. Магомадовым (оьр.) (2008, 7 июнь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 23 майхь. Теллина 2013 шеран 21 майхь.
- ↑ Яхиханов, Зелимхан Навстречу памятному дню (оьр.). Вести Республики (2012, 3 май). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 17 майхь. Теллина 2013 шеран 11 апрелехь.
- ↑ Преловская И. Преступление войск НКВД при изгнании чеченцев и ингушей зимой 1944 года // Известия : газета. — 14 марта 1992 года.
- ↑ Каштарова, Замина Последний свидетель Хайбаха (оьр.). Вести Республики (2012, 22 ноябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 17 майхь. Теллина 2013 шеран 11 апрелехь.
- ↑ Внук Сталина обвинил Леонида Гозмана в клевете (оьр.). Российская газета (2013, 31 май). Теллина 2013 шеран 31 майхь.
- ↑ Внук Сталина обратился в полицию с заявлением на Гозмана о клевете (оьр.). РАПСИ (2013, 31 май). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 31 майхь.
- ↑ Внук Сталина пожаловался на Гозмана в полицию (оьр.). Forbes (2013, 31 май). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 31 майхь. Теллина 2013 шеран 31 майхь.
- ↑ Умаева, Малика Песня про ужас Хайбаха, написанная жительницей Украины (оьр.). Ингушетия.Ру (2007, 23 февраль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 17 майхь. Теллина 2013 шеран 18 апрелехь.
- ↑ кандидат исторических наук Э. А. Исаев. Чеченцы: история и современность / Сост. и общая ред Ю. А. Айдаева. — М.: Мир дому твоему, 1996. — С. 274. — 343 с. — ISBN 5-87553-005-7.
- ↑ Валит Адуев. Адвокат чеченского народа // Молодежная смена. — 26 февраля 2010 года. — Вып. 16.
- ↑ Влад ТОБОЕВ. Памяти правозащитника // АиФ-СК. — 17 августа 2012 года. — № 33.
- ↑ Замина Каштарова Хайбах – отголосок не зажившей раны. RUKAVKAZ (2012, 24 октябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 17 майхь. Теллина 2013 шеран 9 апрелехь.
Комменташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ До 18 октября 2012 года находился на территории Ачхой-Мартановского района Чеченской Республики; ныне, в связи с поправками в статью 59 Конституции Чеченской республики, находится на территории восстановленного в составе республики Галанчжойского района
- ↑ Так в источнике. В 1943 году Гвишиани занимал должность начальника УНКВД-УНКГБ-УМГБ Приморского края
- ↑ Так в источнике. Правильная фамилия Гвишиани
- ↑ К публикации была приложена статья Ахмада Сулейманова, который, как было заявлено, долгие годы собирал в горах сведения об убийстве и свидетельства очевидцев.
- ↑ 1 2 Так в интервью Кашурко. Гамсахурдия был президентом Грузии в 1991—1992 годах, Михаил Гвишиани умер в 1966 году
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Виктор Шнирельман. Глава 5 // Быть аланами: Интеллектуалы и политика на Северном Кавказе в XX веке. — М.: Новое Литературное Обозрение, 2006. — 348 с. — ISBN 5-86793-406-3.
Зорба тохар[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Саид Бицоев. Инквизиция: Рассказы очевидца // Комсомольское племя : газета. — 1989 год.
- Кровавый пепел Хайбаха: Свидетельства выживших // Комсомольское племя : газета. — 24 августа 1989 года.
- Мария Катышева. Костер в горах // Голос Чечено-Ингушетии : газета.
- Абу Исмаилов. Один день в Нашха // Заветы Ильича : газета. — 7 декабря 1989 года.
- Тайна аула Хайбах (ru). — Медицинская газета, 10 декабря 1989 года. — № 148 (5009).
- Бицоев, Саид Хайбах: аул, которого нет (оьр.). Комсомольское племя (1989). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 17 майхь. Теллина 2013 шеран 20 апрелехь.
- Бицоев, Саид Правда о чеченском Холокосте (оьр.). Комсомольское племя (1989). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 17 майхь. Теллина 2013 шеран 20 апрелехь.
- Преловская И. Преступление войск НКВД при изгнании чеченцев и ингушей зимой 1944 года // Известия : газета. — 12 марта 1992 года. — № 61 (23635). — С. 1,3.
- Саид Бицоев. Хайбах: аул, которого нет // «Республика» плюс : Приложение к газете «Республика». — Грозный, 17 мая 1994 года.
- Р. Албогачиев. Живая боль // Сердало : газета. — 24 февраля 1996 года.
- Поляновский Я. Ничей // Известия : газета. — 6 марта 1998 года.
- Хамидова З. Жизнь, отданная народу // Вайнах сегодня : журнал. — 1998. — № 1-3. — С. 52-59.
- Дементьева И. Мертвая петля Кавказской войны: Ермолов-Берия-Грачев // Общая газета : газета. — 1999 год. — № 8. — С. 1,15.
- Владимир Киверецкий. Хайбах: без вести пропавший аул // Московские новости : газета. — 2004 год. — № 6.
- Никита Мендкович. Хайбахское дело.
- Тамара Чагаева. Презентация состоялась.
- Тамара Чагаева. Хайбах. Рассказ свидетеля.
- Иван Успенский. «Только для ваших глаз...». Депортация ингушей и чеченцев: трагическая правда и мифы // Российская газета. — 25 июня 2014 года. — № 6411.
Талламаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Второй съезд ингушского народа / Под ред. Б. У. Костоева. — Грозный: Книга, 1990.
- Николай Бугай, Аскарби Гонов. Кавказ: Народы в эшелонах (20 - 60-е годы). — Инсан, 1998. — 365 с. — ISBN 5-85840-295-X.
- Дешериев Ю. Жизнь во мгле и борьбе: О трагедии репрессированных народов. — М.: Палея, 1995. — 275 с. — ISBN 5-86020-238-5.
- Светлана Алиева. Так это было: национальные репрессии в СССР 1919-1952 годы. — художественно-документальный сборник. — М., 1993. — Т. 2. — С. 175—184. — 334 с. — ISBN 5-85840-261-5.
- Сталинские депортации: 1928-1953 / Под общ. ред. акад. А. Н. Яковлева; Сост. Н. Л. Поболь, П. М. Полян. — М.: Международный Фонд «Демократия»; Материк, 2005. — 904 с. — (Россия. ХХ век. Документы). — ISBN 5-85646-143-6.
- Саламат Гаев, Муса Хадисов, Тамара Чагаева. Хайбах: Следствие продолжается. — Грозный, 1994. — 352 с.
- Белая книга: Из истории выселения чеченцев и ингушей. 1944 - 1957 гг.: Воспоминания, архивные материалы, фотодокументы / Сост. и отв. ред. Яхъяев Л.; Редкол.: Рашидов Ш., Эльмурзаев Г., Хаджиев Р. и др.. — Грозный; Алма-Ата: Каз. респ. чеч.-инг. центр «Вайнах», 1991. — 235 с. — 50 000 экз.
- Хамзат Яндарбиев. Преступление века / Ред. Ирисханов И.А.. — Грозный: Книга, 1992. — 64 с.
- Хожаев Д. Живая память: О жертвах сталинских репрессий / Ред. Симагина В.А.. — Грозный: Книга, 1991. — 88 с. — 3000 экз.
- С.А. Хамчиев. Глава 11 - Депортация 1944 года. Глава 12 - Преодоление // Возвращение к истокам : история Ингушетии в лицах и фактах. — Сб. арх. материалов, газ. и журн. публ..
- Boris Fishman. Wild East: stories from the last frontier. — 1st edition. — Justin, Charles & Co., 2003. — P. 243-248. — 304 p. — ISBN 9781932112153.
ХӀокху йаззаман чохь хӀиттийна йац теман категореш. |