Хьадд

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Portal.svg     Folder Hexagonal Icon.svg     Wiktionary-logo-ru.png     Wikiquote-logo.svg     Wikisource-logo.svg     Wikinews-logo.svg     Commons-logo.svg

Хьадд (Ӏарб. حد — чохьваллор, сацор) — оьздангаллин а, юкъараллин а низам дохорна шариӀатан суьдхочо ен кхел. Иштта кхелйо хӀокху зулмашна: сий дайар, боьха лелар, харц тешаллаш дар, эладиташ лелор, вахон маларш мийлар, шовкъе ловзарех ловзар, курхаллаш а, хӀилланаш а, хьарамлонаш а леладар, кхин тӀе Къуръано а, Мухьаммад (АллахӀера салам-маршалла хуьлда цунна) пайхӀамаран суннато а бохучунна дуьхьалдерг леладарна.

Лелаяран низам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьадд кхел ца йо цхьана стаган зулам дарна, ткъа йо низам дохорна, хьадд хӀуъа а дина кхочушъян еза[ком 1]. Иза кхочушйо 40 - 100 гӀаж я шед тохарца[ком 2]. Кхел чекхъяьлчи зуламхо дохко вала веза (тауба), шен бехк эца а беза (каффара)[1].

Хьадд шариӀатан суьдхочун бен тоха йиш йац, цуо билгалдоккху массазза тоха еза а, тохаран ницкъ а[ком 3]. Тохаран ницкъалла тӀех сов хила а йиш йац, кхелъеш ца виерхьама а, чоьхьара меженаш ца лазорхьама а. Нагахь кхелахо веллехь, тӀаккха, цхьаьна мазхӀабашкахь цуьнан тӀаьхьенашна рицкъ дала деза (дийа) юкъараллин бахам тӀиера, кхечу мазхӀабашкахь — цхьан а бехке ца лору иза валарна, закон доцург. Хьадд кхочушъян мега муьлххачу юкъараллин меттигехь, маьждиг юкъара даьккхичхьа. Зудчун кхел кхочушъеш ца магадо цуьнан дегӀ дерзана далар (Ӏоврат), ткъа стаган тӀехь хила еза кхел яйн ца еш бедар[1].


ШираӀусманийн бакъонашца хьадд хийца йиш яра доккхачу ахчанан гӀуданца. И низам тӀеэцна закон дина хӀинцалера дукхах йолчу бусалба нах бехачу пачхьалкхаша[1].


Комментареш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Шина агӀонна юкъахь маслаӀат дар а, къинтӀийра валар а ишттачу зуламна хила йиш йац.
  2. Шед тохарал сов ян йиш ю кхин а кхетийтархьама кхел а (таӀзир).
  3. ТаӀзар дечун хьоле хьаьжжина, цкъа тоьхна чекхъяккха а йиш ю, масех декъе екъна тоха а йиш ю.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 Ислам: ЭС, 1991, с. 261.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]