Хоси-Юрт

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Эвла
Хуоси-Юрт
Центорой
Хоси-Юрт.jpg
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КIошт Курчалойн кӀошт
Юьртан меттиг Хуоси-Юьртан
Координаташ 43°13′21″ къ. ш. 46°15′19″ м. д.HGЯO
Йиллина 1859 шо
Дуьххьара хьахор 1859 шо
Хьалхара цӀерш Красноармейск
Эвла ю 1859 шо
ХӀордан сизал локхалла 862[1] м
Бахархой 8549[2] стаг (2018)
Сахьтан аса UTC+03:00
Телефонан код 87155[1]
Поштан индекс 366318
ОКАТО 96 212 840 001
Хуоси-Юрт картан тӀехь
Хуоси-Юрт картан тӀехь
Red pog2.svg
Хуоси-Юрт картан тӀехь
Red pog2.svg
Хуоси-Юрт картан тӀехь
Red pog2.svg

Хуоси-ЮьртНохчийчоьнан Курчалойн кӀоштан эвла ю.

Иза ю Хуоси-Юьртан юьртан меттиган административан центр[3].

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хуосийн-Юьрт йиллина волу Хуоса ша цӀонтаро а, Ӏальбиг-горах а, Ойсхар йиллийна болучу цӀонтаройн тӀехьенах а, цӀера оцу Ойсхарара а хилла. 1840 шарахь массо нохчаша Росси-паччхьалкхан дуьхьал гӀаттам бина Шемал куьгаллехь волуш. Оцу хенахь Шемалан Мичкан виллайатехь наиб хилла волчу цӀонтаройн Мухьаммад-хьаьжийн кӀанта ШуӀайба биначу кхайкхамна жоп луш ГӀачалкхан рагӀан къилбседехьа йолучу ярташкахь бехаш болу нохчий дуккхах берш шайн ярташ Ӏад йуьтуш ГӀачалкхан регӀах бовле, Мичкаца йолучу ярташка баха охьа ховшу. Царех цхьаъ ву Ӏумхан кӀант Хуоса а. Иза Оки-Юьртахь ваха сецна. Цигара гергарчу хенашца дийцича 1841—1842 шершкахь Хуоса Оки-Юьртара Пхьоне хин Ӏинчохь кӀотар йуьллий ваха хуу.

Нохчийнчоь паччахьан эскаро дӀалаьцначул тӀехьа, Шемал Россей Ӏедал кара вахале массех бутт хьалха, паччахьан Ӏедалан векалша пурба а лой, гонахьар кӀотаршкара бахархой а, БӀачи-Юьртара а, Оки-Юьртара цӀонтарой тӀе а кхойкхе Мичкан уллохь юьрт йуьллу Хуосас. Юьрт йиллийна чул тӀеха 18 шарахь юьрт-да лаьттина иза. Хуосийн цӀийнан, тӀехьенах, пхиъ фамилий ю-Адалаевхар, Бачаловхар, Пашаевхар, Тамаговхар, Хосаевхар.

1944 шеран 23 февралехь коммунистийн Ӏедало нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар а, ишта Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяккхар а бахьана долуш, эвлан цӀе Красноармейск аьлла хийцина. Эвла бахкина Дагестанера акхшой (даьргӀой). 1957 шеран 9 январехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийна[4] ишта меттахӀоттийна эвлан хьалхалера цӀе а. Коммунистийн харца Ӏедало баха охьахийшина болу суьйлийн дезна шаьш схьа баьхканча юха баха.

Бахархой[нисъе бӀаьра | нисъе]

Бахархойн дукхалла
2002[5]2010[6]2012[7]2013[8]2014[9]2015[10]2016[11]
5658711572977518771279488124
2017[12]2018[2]
83178549

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 Село Центорой / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
  2. 1 2 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2018 шеран 26 июлехь. Теллина 2018 шеран 25 июлехь.
  3. Центороевская сельский округ (Юьртан меттиг)* Курчалоевский район
  4. Указ Президиума ВС СССР от 09.01.1957
  5. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 3 февралехь.
  6. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  7. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
  8. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
  9. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  10. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
  11. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  12. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017, 31 июль). Архив йина хьалхара хьостан чура 2017 шеран 31 июлехь. Теллина 2017 шеран 31 июлехь.