Хомичюс, Вальдемарас Пятрасович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Хомичюс Вальдемарас
лит. Valdemaras Chomičius
Карьера чекхйаьккхина
Позици Ловзар дӀахьо турсло
ТӀелета турсло
Локхалла 188 см
Возалла 98 килограмм
Гражданалла
Вина терахь 1959 шеран 4 май({{padleft:1959|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (64 шо)
Йина меттиг

Командаш
1978—1989 Байракх ССРС Жальгирис
1989—1990 Испанин байракх Форум
1990—1991 Италин байракх Априматик
1991—1992 Испанин байракх Сарагоса
1992—1993 Бельгин байракх Спиру Шарлеруа
1993—1994 Бельгин байракх Касторе Бранье
1994—1995 Испанин байракх Марбелья
1996—1997 Литван байракх (1989—2004) Олимпас
1998—1999 Литван байракх (1989—2004) Крайтяне
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташ
Литвахойн Сийлахь элин Гядиминасан орденан командор Сийлахь элин Гядиминасан орденан эпсар ССРС Спортан хьакъ долу говзанча — 1982
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Сеул 1988 баскетбол
Борза Барселона 1992 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Деши Колумби 1982
Дети Испани 1986
Европин чемпионаташ
Деши Турин 1979
Борза Нант 1983
Деши Штутгарт 1985
Дети Афина 1987
Борза Загреб 1989
Дети Афина 1995
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Хомичюс Вальдемарас Пятрасович (лит. Valdemaras Chomičius; вина 1959 шеран 4 майхь, Каунас, Литвахойн ССР, ССРС) — советийн а, литвахойн а баскетболхо а, тренер а. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1982). Литван хьакъ долу тренер.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина Каунасехь. Да — Хомичюс Пятрас. Нана — Хомичене София. Чекхйаьккхина Каунасан физикин оьздангаллин институт.

Баскетболе Хомичюс валийра доттагӀаша. Баскетболе кхачале иза лийлира некане, гимнастике, йайн атлетике, боксе, кхин тӀе массанхьа а шен хьуьнарш гайтира, ткъа боксан тренеро, Хомичюса шен хьалхара баскетболан совгӀаташ даьхначул тӀаьхьа а жимахочун Ӏиттарш йора, иза ринг тӀера дӀавахана бохуш. Йерриг оцу дисциплинашкахь цуо кхочуш йира лакхара разрядан норманаш (масала, 175 см лакха кхоссалора, гена кхоссара цамза), баскетболхо хиллачул тӀаьхьа а гуттаренна кеп латтайора.

13 шо долуш Ӏама волавелира тренер Янюнас Владас волчохь. Жимаха къасталора къарцаваларца, кхачамаллица, низмаллица, къахьегарца.

1978—1989 шерашкахь левзира каунасан «Жальгирис» йукъахь.

1979 шарахь дуьйна — ССРС гулйина хьалхарчу командин ловзархо. Командица цхьаьна толамаш баьхна йерриг баскетболан турнирашкахь. 1992—1995 шерашкахь — Литван гулйина командин капитан.

1989/90 шарахь левзина испанин «Форум» йукъахь.

1990/91 шарахь левзина 17 матчехь «Априматик» (Болонья) командин йукъахь, йуккъера барам 24,3 очко йоккхура матчехь. Иза лакхара йу терачу командин седарчийн гайтамашха, масала Доминик Уилкинс (17,8 очко матчехь 97/98 шарахь), Саша Джорджевич (1994/95, 1995/96 — 21,3)[1].

Кхин а левзина испанин «Сарагосехь» (1991/92), бельгин «Спиру Шарлеруахь» (1992/93) а, «Касторе Браньехь» (1993/94) а, испанин «Марбельюхь» (2-гӀа дивизион, 1994/95).

1998 шеран ноябрехь хӀоттийра Литван гулйина командин консультант, цуо толлура гулйинчу командин къовсамхойн ловзаран хатӀ. Командица цхьаьна хилира 2003 шеран Европин чемпион. Испанин, Малагин гена доцуш, кхоьллира «Хомичюс Вальдемарасан баскетболан ишкол», цуьнан директор вара.

1996/97 шарахь левзира «Олимпас» (Плунге) йукъахь. Цу тӀе вехпш вара Испанехь, шен гӀуллакхашна Литва веинчура, куьура масех матчехь ловза — иштта 1996 шеран ноябрехь левзира шина официалан матчехь, оцу матчашкахь иэшийра «Жальгирис» а, «Сакалай» а[2], ткъа ловзанза цхьа шо ах шо долу Хомичюса, йехира 7 а, 23 а очко[3].

1996 шеран декабрехь хӀоьттира «Олимпасан» коьрта тренер, шо чекхдаллалц контракт дира[4]. Цу тӀе ловза а ловзура.

Чемпионатан жамӀашца Хомичюс шолгӀа вара лигехь 3 очко чуйожаран процентаца — 47,6 (хьалхарчун Печюленис Гедрюсан — 47,7)[5].

«Олимпасехь» Хомичюс кхин дӀа а левзира 1997/98 шарахь. 1998 шо долалуш дӀаваьккхира командин коьртачу тренеран даржера (шо чекхдаьлча команда ахча ца тоарна дӀасахийцира)[6].

Мелла а хан йаьлча Хомичюс Ӏамо волавелира Мариямполера «Алга». Цуьнца цхьаьна майдане а волура (йуккъера жамӀалла — 22 очко ловзарехь), гӀодира клубан баскетболех ловзаран Литван лакхара лиге хьалайала[7]. 1998/99 шарахь дуьйна клубах ала долийра «Крайтяне». Дебютан шарахь команда цхьаьнаэшшара ца левзира, амма тӀаккха а цецбехира говзанчаш — тӀаьххьарчу моментехь плей-офф декъахойн бархӀанна йукъа кхачабелира (тӀаьххьарчу турехьиэшийра «Шилуте», ткъа коьрта къовсамхочо — «Атлетас» — ийшира «Летувос Ритасал»). Шарахь йуккъера барам Хомичюса гулйора 16 очко матчехь[8].

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ловзархо

  • 1988 шеран Олимпийн чемпион. 1992 шеран Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо.
  • 1982 шеран дуьненан чемпион. 1986 шеран дуьненан чемпионатан детин совгӀатхо.
  • 1979, 1985 шерийн Европин чемпион. 1987, 1995 шерийн Европин чемпионатан детин совгӀатхо. 1983, 1989 шерийн Европин чемпионатан борзанан совгӀатхо.
  • 1985-87 шерийн ССРС чемпион. 1980, 1983, 1984, 1988, 1989 шерийн ССРС чемпионатан детин совгӀатхо.
  • 1992, 1994 шерийн Бельгин чемпионатан детин совгӀатхо
  • 1997 шеран Литван чемпионатан детин совгӀатхо
  • 1986 шеран Континенташнайукъара Кад баьккхинарг
  • 1986 шеран Европин чемпионийн Кедан къовсаман финалхо
  • Европин мехкийн Кад баьккхинчеран Кад къовсаран финалхо (1984)
  • 1984 шеран дуьненайукъара «ДоттагӀалла» къовсаман толамхо (1984 шеран Лос-Анджелесера Олимпиадина дуьхьала бина)
  • Жимахошна йукъара Европин чемпион (1978).
  • 1985 шеран Универсиадин чемпион.

Коьрта тренер

  • Литван чемпионатан детин совгӀатхо «Олимпас» йукъахь (1997)
  • Российн чемпионатан детин совгӀатхо (2007)
  • Российн чемпионатан борзанан совгӀатхо (2010)

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 100 лет российского баскетбола: история, события, люди: справочник / Автор-составитель В. Б. Квасков. — М.: Советский спорт. — 274 с.: илл. ISBN 5-9718-0175-9