Хасуха

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Хасуха
Хасуха.jpg
ГӀуллакхан тайпа обарг
Вина терахь 1905
Вина меттиг Хьена-Кхаьлла, Терски область, Российн импери
Кхелхина терахь 1976 шеран 28 март({{padleft:1976|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:28|2|0}})
Кхелхина меттиг Шуьйтан кӀошт Бена уллехь
СовгӀаташ
Орден «Къоман Сий»

ХасухаСССРехь тӀеххьара обарг, 1940—1944 шерашкахь Къилбаседа Кавказехь совет Ӏедалан дуьхьала гӀовттаран декъашхо. Къоман хила нохчо. Совет пачхьалкхан оцу муьрехь лера официалан документашкахь «пачхьалкхан зуламхо» а, «политталорхо» а аьлла цӀе йоккхуш хила.

Вар, хьалхара шераш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1905 шеран майхь Хьена-Кхаьллахь. Хасухи де-нена хийла ис бер. Берхитта шо долуш Хасуха да воцуш висна[1]. Цул тӀехьа Хасуха зуда а ялийна ахархочун къахьоьгуш вехна. Цо ша жима волуш хӀужарехь Ӏаьрбийн мотт Ӏамийна.

Обарг валар[нисъе бӀаьра | нисъе]

1939 шарахь Хасухан дахарехь хийцамаш хийлара. Цул хьалха 34 шо кхаччалца иза цхьана а хӀуманна тӀехь бӀаьрла воцуш эвлахь вехаш вара. 1939 шарахь шен юьртахо а вина Хасуха обарг велира[2].

Обаргалла[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хасуха Исраиловн Хьасанан тобанах кхийтира, Къилбаседа Кавказехь хиллачу совет Ӏедалан дуьхьала гӀаттамехь дакъалецира. нохчий а, гӀалгӀай а махкахбехначул тӀехьа Исраилов велачул тӀехьа а Хасуха лаьмнашкахь вара цо Советан Ӏедалан векаллашна тӀелатарш дора. НГӀАССР МВДн хаамашца, Хасухас 194 тӀелатаршкахь дакъалецира шен куьйга 30 сов стаг вира. Цу юкъахь бара КГБн декъан советан кӀоштан хьаькам а, партийн-советан жигархойн белхалой а, пачхьалкхан кхерамзаллин а, милицин а белхалой а. 1976 шарахь ша велца иза вара маьрша воцуш, иштта шен дукха долу дахар обарг хийла дӀадаьхьира — 35 шарал дукха хан.

Валар[нисъе бӀаьра | нисъе]

1976 шеран мартехь Бена юьртан вахархочунгара хаам беира Хасуха юьртан гена оцу чӀожехь ву аьла. 71 шо кхочуш волу Хасуха схьалоцуш операцехь дакъалецира КГБ, МВД белхалоша 3394 с/т. Операцехь Хасуха коьртах топ тоьхна вира. Цуьнгахь карийра тапча ТТ а, Мосинан топ а, шиъ граната а дукха патармаш а. Обарган патарма кхета дружинахо — Чабдарханов Саид-Селим велира[3]. Обарг дӀавоьллина меттиг тахана а хууш йац. Нохчийн Республика Ичкери йолучу хенахь Хасухан орден «Къоман Сий» веллачул тӀаьхьа яла.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]