Хасиев, Сайд-Мохьмад Адамович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Хасиев, Сайд-Магомед Адамович дӀасахьажийна кхузе)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Хасиев Сайд-Мохьмад Адамович
Хасиев Сайд-Магомед.JPG
Вина терахь 1942 шеран 20 июнь({{padleft:1942|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (77 шо)
Вина меттиг Курчалой-Эвла, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Корматалла историк, этнограф
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Да Адам
Нана Апаева Луда
Бераш 3

Хасиев Сайд-Мохьмад Адамович (1942 шеран 20 июнь, Курчалой-Эвла, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн историн Ӏилманийн кандидат, этнограф. 1957 шарахь шен доьзуллаца цӀавирзира. 1960 шарахь цо Куршлойн-Эвлара школа чекхъяккхира. 1964 шарахь цо чекхъяккхина Соьлжа-ГӀалин хьехархойн институтан историн факультет.

Цул тӀаьхьа цо школехь хьехархон а, Нохч-ГӀалгӀайн Ӏиламанийн а, талламан а историн а, меттан а, литературан а Ӏилманийн белхахон а болх бира. 1969 шарахь иза хилира СССР Ӏилманийн академин аспирант. 1973 шарахь иза хилира историйн Ӏилманийн кандидат. 1991 шо дуьйна 2000 шо кхаччалц иза вара НГӀАССР культуран министерствехь йолу Республикан фольклоран центран куьйгалхо, цул тӀаьхьа — этнокультуран кхиаман центран куьйгалхо.

Тахана иза ву Соьлжа-ГӀалахь йолу юкъараллин адаман культуран институтан куратор. Хасиевс язйина 200 сов Ночх-ГӀалгӀайн а, Къилбаседа Кавказан а халкъийн этнографин а, этнологин а Ӏилманийн а, кхетамийн а болх. ХӀинца иза ву нохчийн хӀумаллин а, син а культурех лецна жамӀ деш долу белхаш яздеш.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]