Харланов, Иван Степанович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Иван Степанович Харланов
Вина терахь 1908 шеран 7 октябрь({{padleft:1908|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:7|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1972 шеран 11 декабрь({{padleft:1972|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (64 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж полковник[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Суворова III степени орден Красной Звезды

Иван Степанович Харланов (1908 шеран 7 октябрь, Сипсо-ГӀала, Терски область1972 шеран 11 декабрь, Москох) — гӀашсалти, полковник, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1908 шеран 7 октябрехь Слепцовская юртахь (хӀинца Сипсо-ГӀала Г1алг1айчоьхь). Йалх класс чекхйаьккхича иза Орджоникидзехь болх бан волавелира. 1929 шарахь иза ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. Цо чекхйаьккхира Орджоникидзен гӀашсалтийн школа а, «Выстрел» курсаш а. 1941 шеран октябрь дуьйна Харланов фронтехь вара. Цо дакъа лецира Москва ларйаран тӀамехь а, Сталинградан а, Курскан а тӀемашкахь а[1].

1943 шеран август кхачале подполковник Иван Харланов вара Йуккъера фронтан 60-гӀа армин 322-гӀа кхиссархойн дивизин 1089-гӀа кхиссархойн полкан куьйглахо. 1943 шеран 26 августехь Харланован полк кхиамца чекхйаьлира немцойн оборонех Курски областан Хомутовски кӀоштан Лобки юрт схьа а йоккхуш. Кхин дӀа хиллачу тӀемашкахь цуьнан полк Сейм а, Десна а, Днепр а, Припять а хишх дехьайелира. Днепр хих дехьаваьллачул тӀаьхьа малхбузе бердан тӀехь плацдарм схьайоккхуш тӀамехь Харланов вара шен полкаца цхьане тӀом беш. Оцу тӀамехь полкас хӀаллакйира 2 мостагӀийн танк а, массийтта йоккха топ а, 250 гергга салтий а, эпсар а[1].

1943 шеран 16 октябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца подполковникан Иван Харланован Советски Союзан Турпалан цӀе йелира[1].

ТӀом чекхбеллачул тӀаьхьа Харланов Советан Эскарехь болх беш вара. 1949 шарахь цо чекхйаьккхира Фрунзен цӀарах йолу Эскаран академи. 1954 шарахь полковникан даржехь Харланов тӀаьхьлоне веккхира. Пенсехь волуш иза Москвахь Ӏаш вара. Харланов велира 1972 шеран 11 декабрехь. ДӀавоьллина Москван Головински кешнашкахь[1].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]