Хань (некъий)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Историн пачхьалкх
Импери Хань
漢朝
ХӀост
ХӀост
 
 
 
 
 
вайн эрал 206 шо хьалха — 220 шо
Коьрта гӀала Чанъань, Лоян
Ахча бань лян, учжу
Майда 6 млн км² (в.э. 50 шо хь.[1])
Бахархой 59 594 978 стаг (2 шо[2])
Урхаллин тайпа Абсолютан монархи
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Импери Хань (ций. 漢朝, 汉朝, : Hàn cháo, : Хань чао; в.э. 206 шо хь. — 220 шо) — цийн импери, урхалла деш хилла Лю некъий. Цуо тешалло до ханан чоьхьара политика аьтту болуш хилар, иза уггаре дукха лаьттина муьлххачу имперел цийн исторехь. Цуьнан урхалла а, институташ а масала хилира тӀехьарчарна. Цул сов, цийшан этносан тобанан бух хилира Хань.

Урхалла ден некъий Хань имперехь кхоьллира Лю Бана. Йуьхьанцара муьро (в.э. 206 шо хь.) коьрта шахьар Чаньанехь йолуш лелайора цӀе хьалхар Хань (前漢) йа малхбузен Хань (西漢). Империн истори йазйина йу Ханьшус. Лю некъийн урхалла йукъара даьлла 16 шарна 8—23 шерашкахь, бахьна Ӏедал дӀалацар ду зударийн агӀора гергарчо Ван Мана (Синь некъий).

ШолгӀачу муьрах (25—220) коьрта шахьар Лоян йолуш олу тӀехьара Хань (後漢) йа малхбален Хань (東漢). Цуьнан истори йуьйцу Хоу Ханьшун сочиненехь.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Малхбузе Хань[нисйе бӀаьра | нисйе]

Императоро У-дис хӀаллак бо Хуннун кхерстарш, схьайоккху Кочосон а, Намвьет а, чуйоьду Фергана

Цинь импери йожар доьзна ду цхьа могӀа элийн ТӀом беш йолчу паччахьаллийн хилла баккхий гӀаттамашца, уьш гӀертара шайн пачхьалкхалла метта хӀотто. Бахьана хилира меттиг 900 белхалочуьнца, уьш чӀогӀа догӀнаш дарна тӀехьабуьсура балха Боккха Цийн пен[3] бутту. Оцу хенан законашца цуьнан таӀзар виер дара. Шеш дойитучул, цара йира гӀаттаман тоба, иза денйелира 300 эзар стаге кхаччалц.

Некъий кхоьллина Лю Бана схьвалар ахархойх дара. Лю Бан гӀаттамхойн коьрте хӀоьттира, церан аьтту белира коьрта шахьар Сяньян йаккха, Цинь некъий эго. Цуо кхоьллира керла некъий. Иза истори йукъа йахана Хьахара, йа Йоккха, йа малхбузен Хань некъий.

Пачхьалкхан урхаллин система хьалхара ханан императорш болуш чӀогӀа йуккъейалийна йара, Цинь Шихуандин кеп хӀоттийнера. Мохк бийкъира административан декъашка, урхалла дора императоро хӀитиийна чинхоша. Чинхошна алапа лора, ткъа гӀуллакхехь хьалхататтар вевзаш хилар дацапра, дешна хилар а, аьттунца экзаменаш дӀайаларца а дара.

Халхалера некъехь къаьсташ, ханан императорша турс айира конфуцианаллин патерналистийн идеологин, цуо барт бора халкъан императоран гуонахь, таро йора масштабан проекташ йан, масала, Боккха пен, цуо импери ларйан йезара хуннун кхертарш тӀелетарх.

ВорхӀалгӀа императоро У-ди урхалла дина кхечу некъийн векалел дукха. Иза истори йукъа вахана энерги а, хьуьнар а долу урхалча санна, цхьаьна заманна дӀатеттира Цийчоьнна дозанашкара кхерстачеран тӀелатаран кхерам. Коьрта гӀуллакх пачхьалкхан кхайкхийра конфуциллин Ӏеламалла а, гражданийн гӀуллакх а. Йуккъера Азин къаьмнашца диппломатин берташ бархьама У-дис йира Чжан Цянан миссеш, цуо хаъал шорбира малхбузен дуьненах болу цийхойн хаамаш.

Къолла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Борзанан статуэтка ханан муьрера.

Гуттаренна а лаьтта кхерстачарна дуьхьалоно а, империн малхбуза доза шордаран гӀайгӀано а гӀелйора мехкан ресурсаш, хьалаойура налогаш а, йасакх а. Цаьрца цхьаьна императорийн керла чкъоьро кӀезиг тидам бора пачхьалкхан дахарна, уьш йийсарехь бара паччахьан кертарчу эладитийн.

Чэн-дин а, Пин-дин а урхаллехь къийсамаш дара зудчунний, майрачунний йукхкъахь гуш когаметта йолу тӀаьхье йоцуш. Императоран гӀилалла кхечира оцу кепе, Чэн-дис керла йезарна хазахетийта омар делира кхечу зударша вина ши кӀант вие аьлла. Шинне а имератийн цӀеххьана валаро дуккха а эладиташ дира.

Пин-ди веллачул тӀехьа регент хӀоттийра цуьнан стун да Ван Ман, иза вара онда Ван тайпанера. Ван Ман гӀоьртира пачхьалкх кӀелхьара йаккха тӀейогӀучу Ӏинах цхьа могӀа хийцамийн новкъа. Цуо тӀеийцира императоран дарж, гӀиртира къен бахархой шен агӀор баха. Доза тоха гӀерташ долара лаьттан а, лайшан а, узурпаторо шена дуьхьал баьхнера йукъараллин баххьаш. Хуннун доьхьала беш болчу тӀамна, йаккхий харжаш къовла гӀерта экономикин реформаш, аьтту ца бора пачхьалкхан.

Ван Мана бехказло лоьхура шен хийцамашна йухаварца императорал хьалхара муьран ламасташка, амма цуьнан тӀаьхье политикин хаос хилира. Провинцешкахь гӀовттамхойн гӀеранаш йара, церан кортош шайна императоран дарж деллера. ТӀаьххьара гӀаттамхойх уггаре кӀоршаменаш, цара шайха олура цӀен цӀоцкъам дерш, чубахара императоран коьрта шахьара. Ван Ман йийсар вира, цуьнан корта баьккхира, ткъа дегӀах кийсигаш йира. Хронисташа ма-аллара,

Мецачара вовше дуура. Байинарш масех бӀе эзар сов вара. Коьрта шахьарх саьлнаш хилира.[1]

Малхбален Хань[нисйе бӀаьра | нисйе]

«ЦӀен цоцкъамаш» долчеран боламан толам бахьнехь 25 шеран 5 августехь Лю Сюн, хин волчу императоран Гуан У-дин, аьтту белира йухадерзо Ӏедал Люфамилин.[4] Хьалхарчу муьрехь Ӏаьршан когаметта тайп-тайпана нах хиллехь а, меттахӀиттийна Хань некъий лаьттира 220 шо кхаччалц ТӀаьхьара (Хоу) йа Малхбален (Дун) Хань цӀарца. Хьалхалера коьрта шахьар гӀаттамал тӀаьхьа саьлнашкахь йара, тӀаккха императорш и тойечел атта ду аьлла дехьабевлира Лояне, цигахь 68 ш. буьйгира Цийчохь дуьххьара буддийн килс, Баймасы.

Коьрта шахьарца цхьаьна ханан урхалчаш йитира чекх ца йовлу императорийн а, церан гергарчийн а интригаш. Пачхьалкх чӀагӀйелира, цуо иэшам бира кхерстачарна, гӀиртира чӀагӀбала Йуккъера Азехь. Цийчу («Серес») оьхура Латтайуккъерахордайистера вакилаташ, ткъа ханан талламан тоба коьртехь Гань Ин волу кхечира Месопотаме. Салтий Бань Чао, лоруш ду, кхечира Каспий-хӀорд тӀе. Оццал гена малхбузе цийчоьнан эскарш ца доьду танан муьрехь бен.

Руман империца йукъаметтигаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ханан а, Руман а импереш гегемонаш йара Евразин материкан дуьхь-дуьхьалчу йуьххьехь, амма вовшенна гена хиларна вовшех хаамаш кӀезиг бара. Цийхоша олура Румах (цул тӀехьа Византех) «Дацинь», ма-дарра «Йоккха Цинь». Румхоша олура Цийчоьнах а, цийх а seres, иза ду «дарин» йа «дарин мохк». Тера ду, и дош долу цийн дешах «сы» (絲, 丝 — дари). Оцу цӀарах схьадаьлла латинан дош «serica» — «дари». Даи дарех а, дечарех а йаздо, масала, Воккхахаволчу Плинийс «Ӏаламера исторехь».

Шира хаамаш Цийчоьнан Румца йукъаметтигех балабо историко Луций Анней Флора. Цуо хоуьйту, Октавиан Августан керта баьхкира, кхечарна йукъахь, Цийчуьра вакилат, цара деа шарахь некъ бира, церан чкъоьран бесо тешалла дора, уьш кхечу стигал бухахь бехаш хилар, румхошка хьаьжча. Вайн эран I бӀешарахь биллира хӀордан некъ Европин а, Цийчоьнан а йукъахь, йукъалелаш йара ханан ялхой Цзяочжи а, кхмерийн пачхьалкх Фунань а. И чӀагӀдеш шираруман нахарташ карадо Меконган дельтехь (шира гавань, хьахийна Птолемейс Каттигара цӀарца).

Цийчоь (Sinae) Птолемейн картин тӀехь.

Налогаштохар а, долара бахам а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лаьттан налог ца лоруш, иза лаьттан долахоша лора йалте хьаьжжина, бахархоша йала йезара хӀора синна налог а, доларчуьн налог, уьш лора ахчанца[5]. Шеран барам хӀора синна тӀера налоган стеган а, зудчун а 120 нахарт, ткъа берашна 20 нахарт дара. Махлелочара кхин а лакхара лора налогаш 240 нахарт[6]. ХӀора синан налого стимул йира ахчан экономикин, цуо арахецийтараи 28 миллиард сов нахарт в.э. 118 шо хь.5 шо кхаччалц болу муьрехь, аьлчи а йуккъера барам 220 миллион нахарт шарахь[7].

Нахарташ шуьйра леларо таро йира аьтту болчу махлелочеран ахча йукъадилла латта иэцарна, иза латтош махлелоран классан, правительство гӀерташехь цуьнан векалш морса хьелашка хӀитто йукъайохуш йаккхий махлелоран а, бахаман а налогаш[8]. Император У-дис законаш а дехира, цаьрца ца магара регистраци йинчу совдегаршна долахь латта хила, амма баккхий махлелорхоша и закон кхочуш ца дора, церан дара даккхий лаьттан дакъанаш[9].

Йаккхий ахархойн массаша, жимма лаьттан долахой, хилира налогийн коьрта хьост Хань некъийн. Баланаш буьйлабелира шолгӀачу декъеъь Малхбален Ханан, дукхаха болу ахархой декхарийла бахана, дийзира хьал долчу лаьттан долахошна болх бан[10]. Хань правительствос болийра хийцам, кегийра лаьттан долахой декхарийлара бовла, царна таро йала шайн латташ тӀехь болх бан. Оцу хийцамашна йукъадагӀара охьайахар налогаш, цхьаьна ханна налогех мукъабахар, ссуданаш далар, ткъа кхин а латта доцу ахархошна цхьаьна ханна чохь Ӏойла а, болх а балар декхарш дӀадаллалц лерина лаьттан дакъош тӀехь, оцунна тӀера ах йалта дӀадала дезара, ткъа правительствос латтабора царна белхан гӀирс[11].

Долара арахецар а, пачхьалкхан монополеш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хань заманара цийн алебарда ji(戟) а, цийн аьчкан тур а.

Хьалхара Хань заманахь хьал долу арахоьцучара, леладора металл йа туьхана бизнес, хьал долу махлелочара, иштта меттигера масштабан урхалчаш хасталора шеш гулдинчуьнца, иза дусталур дара пачхьалкхачу хӀазница, ахархойн барамца эзар са кхаччалц. Дукхаха болчу ахархоша шайн аренашкахь болх ца барна, правительстве ца деина налогийн доккха дакъа[12]. Ишттачу хьал долу нахана доза тохархьама, император У-дис пачхьакхан йора туьханан а, металлин отраслаш в.э. 117 шо хь., бакъо йелира дукхаха болчу промышленникашна официалан урхалча хила монополешкахь[13]. Малхбален Ханан заманахь йуккъера правительство дӀайехира пачхьалкхан монополеш, уьш дӀайелира тӀеман баьччанашна а, меттигера администрацешна а, кхин а хьуьнарчашна а[14].

ЧӀогӀа маларш дар кхин цхьа пайден отрасль йара долара бизнесан, иза а йуккъера правительствос в.э. 98 шо хь. пачхьалкхан дола йаьккхира. Амма и монополидӀайаьккхира 81 шарахь йукъйаьккира шина нахартана налог хӀора 0,2 литр сурсатан тӀера долахошкара[15]. В.э. 110 шо хь. император У-ди хьакхавелира гӀуллакхах са йолу махлелорах вахон маларшца, духкура кӀен запасаш лахарчу мехехь махлелорхачул[16]. Йоцачу ханна урхаллехь император Мин-ди волуш мехаш нисдира 68 шарахь, Малхбален Ханехь кхин мехаш нисдина дац[17].

Урхалчаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хань муьран императорш (в.э. 206 шо хь.220)
Гуттаренна цӀе Долара цӀе Урхаллин шераш Урхаллин девиз а, шераш а
Исторехь уггаре дукха лело цӀе 漢(Хань) + гуттаренна цӀе.
Малхбузе Хань (西漢) в.э. 206 шо хь.9 шо
Гао-цзу
高祖 Gāozǔ
Лю Бан
劉邦 Liú Bāng
в.э. 206 шо хь.в.э. 195 шо хь. йац'
(Люй-хоу император-аьзни)
呂太后 Lü Taihou
Люй Чжи
呂雉 Lü Zhi
в.э. 195 шо хь.в.э. 180 шо хь. йац
Хуий-ди
惠帝 Hùidì
Лю Ин
劉盈 Liú Yíng
в.э. 195 шо хь.в.э. 188 шо хь. йац
Шао-ди Гун
少帝 Shǎodì
Лю Гун
劉恭 Liú Gōng
в.э. 188 шо хь.в.э. 184 шо хь. йац
Шао-ди Хун
少帝 Shǎodì
Лю Хун
劉弘 Liú Hóng
в.э. 184 шо хь.в.э. 180 шо хь. йац
Вэнь-ди
文帝 Wéndì
Лю Хэн
劉恆 Liú Héng
в.э. 179 шо хь.в.э. 157 шо хь.
Цзин-ди
景帝 Jǐngdì
Лю Ци
劉啟 Liú Qǐ
в.э. 156 шо хь.в.э. 141 шо хь.
У-ди
武帝 Wǔdì
Лю Чэ
劉徹 Liú Chè
в. э. 140 шо хь.в.э. 87 шо хь.
Чжао-ди
昭帝 Zhāodì
Лю Фулин
劉弗陵 Liú Fúlíng
в.э. 86 шо хь.в.э. 74 шо хь.
Чанъи-ван
昌邑王 Chāngyìwáng
йа Хайхунь-хоу
海昏侯 Hǎihūnhóu
Лю Хэ
劉賀 Liú Hè
в.э. 74 шо хь.
Сюань-ди
宣帝 Xuāndì
Лю Сюнь
劉詢 Liú Xún
в.э. 73 шо до н. э.в.э. 49 шо хь.
Юань-ди
元帝 Yuándì
Лю Ши
劉奭 Liú Shì
в.э. 48 шо до н. э.в.э. 33 шо хь.
Чэн-ди
成帝 Chéngdì
Лю Ао
劉驁 Liú Áo
в.э. 32 шо хь.в.э. 7 шо хь.
Ай-ди
哀帝 Āidì
Лю Синь
劉欣 Liú Xīn
в.э. 6 шо хь.в.э. 1 шо хь.
Пин-ди
平帝 Píngdì
Лю Кань
劉衎 Liú Kàn
в.э. 1 шо хь.5 шо
  • Юаньши (元始 Yuánshǐ) 15 шо
Жуцзы Ин
孺子嬰 Rúzǐ Yīng
Лю Ин
劉嬰 Liú Yīng
68 шо
Синь некъий (新) (923 шераш)
Ван Ман (王莽 Wáng Mǎng) 923 шераш
Кхин дӀа Хань импери
Гэнши-ди
更始帝 Gēngshǐdì
Лю Сюань
劉玄 Liú Xuán
2325 шераш
Малхбален Хань (東漢) 25220 шо
Гуан У-ди
光武帝 Guāngwǔdì
Лю Сю
劉秀 Liú Xiù
2557 шо
  • Цзяньу (建武 Jiànwǔ) 2556 шо
  • Цзяньучжунъюань (建武中元 Jiànwǔzhongōyuán) 5657 шо
Мин-ди
明帝 Míngdì
Лю Чжуан
劉莊 Liú Zhuāng
5775 шо
Чжан-ди
章帝 Zhāngdì
Лю Да
劉炟 Liú Dá
7688 шо
  • Цзяньчу (建初 Jiànchū) 7684 шо
  • Юаньхэ (元和 Yuánhé) 8487 шо
  • Чжанхэ (章和 Zhānghé) 8788 шо
Хэ-ди
和帝 Hédì
Лю Чжао
劉肇 Liú Zhào
89105 шо
  • Юнъюань (永元 Yǒngyuán) 89105 шо
  • Юаньсин (元興 Yuánxīng) 105 шо
Шан-ди
殤帝 Shāngdì
Лю Лун
劉隆 Liú Lóng
106 шо
  • Яньпин (延平 Yánpíng) 9 бутт 106 шо
Ань-ди
安帝 Āndì
Лю Ху
劉祜 Liú Hù
106125 шо
Шао-ди
少帝 Shǎodì
йа Бэйсян-хоу
北鄉侯 Běixiānghóu
Лю И
劉懿 Liú Yì
125 шо
  • Яньгуан (延光 Yánguāng) 125 шо
Шунь-ди
順帝 Shùndì
Лю Бао
劉保 Liú Bǎo
125144 шо
Чун-ди
沖帝 Chōngdì
Лю Бин
劉炳 Liú Bǐng
144145 шо
Чжи-ди
質帝 Zhídì
Лю Цзуань
劉纘 Liú Zuǎn
145146 шо
Хуань-ди
桓帝 Huándì
Лю Чжи
劉志 Liú Zhì
146168 шо
Лин-ди
靈帝 Língdì
Лю Хун
劉宏 Liú Hóng
168189 шо
Шао-ди
少帝 Shǎodì
или Хуннун-ван
弘農王 Hóngnóngwáng
Лю Бянь
劉辯 Liú Biàn
189 шо
  • Гуанси (光熹 Guāngxī) 189 шо
  • Чжаонин (昭寧 Zhàoníng) 189 шо
Сянь-ди
獻帝 Xiàndì
Лю Се
劉協 Liú Xié
189220 шо

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Turchin, Peter; Adams, Jonathan M.; Hall, Thomas D. East-West Orientation of Historical Empires (und) // Journal of world-systems research. — 2006. — December (т. 12, № 2). — С. 219—229. — ISSN 1076-156X. Архивйина 2007  шеран  3 февралехь. Архивированная копия(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  2. Nishijima (1986), 595–596.
  3. Черницкий А. М. История исчезнувших цивилизаций. Ростов-Дон: Феникс, 2007
  4. David R. Knechtges, in The Cambridge History of Chinese Literature, ed. Kang-i Sun Chang and Stephen Owen (Cambridge: Cambridge University Press, 2010): 116.
  5. Nishijima (1986), 600—601.
  6. Nishijima (1986), 598.
  7. Nishijima (1986), 588.
  8. Nishijima (1986), 601.
  9. Nishijima (1986), 577; Ch'ü (1972), 113—114.
  10. Nishijima (1986), 558—601; Ebrey (1974), 173 174; Ebrey (1999), 74-75.
  11. Ebrey (1999), 75; Ebrey (1986), 619—621.
  12. Needham (1986c), 22; Nishijima (1986), 583—584.
  13. Nishijima (1986), 584; Wagner (2001), 1-2; Hinsch (2002), 21-22.
  14. Nishijima (1986), 584; Wagner (2001), 15-17.
  15. Nishijima (1986), 600; Wagner (2001), 13-14.
  16. Ebrey (1999), 75.
  17. de Crespigny (2007), 605.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Эдвард Люттвак. Китай и логика стратегии. — ISBN 978-5-17-157234-1.
  • Ch’en, Ch’i-Yün. (1986). "Confucian, Legalist, and Taoist Thought in Later Han, " in Cambridge History of China: Volume I: the Ch’in and Han Empires, 221 B.C. — A.D. 220, 766—806. Edited by Denis Twitchett and Michael Loewe. Cambridge: Cambridge University Press. ISBN 0-521-24327-0.
  • Csikszentmihalyi, Mark. (2006). Readings in Han Chinese Thought. Indianapolis and Cambridge: Hackett Publishing Company, Inc. ISBN 0-87220-710-2.
  • de Crespigny, Rafe. (2007). A Biographical Dictionary of Later Han to the Three Kingdoms (23-220 AD). Leiden: Koninklijke Brill. ISBN 90-04-15605-4.
  • Ebrey, Patricia Buckley. "Estate and Family Management in the Later Han as Seen in the Monthly Instructions for the Four Classes of People, " Journal of the Economic and Social History of the Orient, Vol. 17, No. 2 (May 1974): pp. 173—205.
  • Ebrey, Patricia Buckley. (1986). "The Economic and Social History of Later Han, " in Cambridge History of China: Volume I: the Ch’in and Han Empires, 221 B.C. — A.D. 220, 608—648. Edited by Denis Twitchett and Michael Loewe. Cambridge: Cambridge University Press. ISBN 0-521-24327-0.
  • Ebrey, Patricia Buckley. (1999). The Cambridge Illustrated History of China. Cambridge: Cambridge University Press. ISBN 0-521-66991-X.
  • Hinsch, Bret. (2002). Women in Imperial China. Lanham: Rowman & Littlefield Publishers, Inc. ISBN 0-7425-1872-8.
  • Kramers, Robert P. (1986). "The Development of the Confucian Schools, " in Cambridge History of China: Volume I: the Ch’in and Han Empires, 221 B.C. — A.D. 220, 747—756. Edited by Denis Twitchett and Michael Loewe. Cambridge: Cambridge University Press. ISBN 0-521-24327-0.
  • Loewe, Michael. (1986). "The Former Han Dynasty, " in The Cambridge History of China: Volume I: the Ch’in and Han Empires, 221 B.C. — A.D. 220, 103—222. Edited by Denis Twitchett and Michael Loewe. Cambridge: Cambridge University Press. ISBN 0-521-24327-0.
  • Nishijima, Sadao. (1986). "The Economic and Social History of Former Han, " in Cambridge History of China: Volume I: the Ch’in and Han Empires, 221 B.C. — A.D. 220, 545—607. Edited by Denis Twitchett and Michael Loewe. Cambridge: Cambridge University Press. ISBN 0-521-24327-0.
  • Wagner, Donald B. (2001). The State and the Iron Industry in Han China. Copenhagen: Nordic Institute of Asian Studies Publishing. ISBN 87-87062-83-6.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]