Чулацаман тӀегӀо

Хамидова Зулай Хьумидан йоӀ

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Хамидова Зулай Хьумидан йоӀ
Йина терахь 1940({{padleft:1940|4|0}})
Йина меттиг Йоккха АтагӀа, НГӀАССР
ГӀуллакхан тайпа Лингвистика
Белхан меттиг Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет
Альма-матер НППИ,
ИЯ АН СССР
Ӏилманан дарж профессор
Арахьара медиафайлаш

Хамидова Зулай Хьумидан йоӀ (1940, Йоккха АтагӀа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, СССР [1] ) - йаздархо, лингвист, философин Ӏилманийн доктор . Профессор, Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н хьакъйолу Ӏилманан белхахо, академик . Нохчийн маттах лаьцна дуккха а Ӏилманан белхийн автор а, шен заманхошна юкъахь цуьнан коьрта говзанхо [2] [3] [4] [5] .

Иза йина Йоккха АтагӀахь, Пхамтойн тайпан векал [4] . ГӀараваьллачу поэтан Хамидов Ӏабдул-Хьамидан йиша [2] .

1962-чу шарахь Нохч-ГӀалгӀайн хьехархойн институт чекхъяьккхинчул тӀаьхьа нохчийн меттан отделехь гӀоьнча санна болх бан йисира иза. 1965 шарахь аспирантуре деша йахара коьртачу Ӏилманан учрежденехь — СССР Ӏилманийн академин меттан Ӏилманан институтехь [2] [5] .

1968 шарахь нохчийн филологин кафедрин лакхара хьехархо гӀоьтира . 1972-чу шарахь «Нохчийн литературни маттахь причастин категори» цӀе йолчу темина кандидатски диссертаци ларайира [2] .

1993-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан ректор а, 1994-чу шарахь дуьйна цхьана хенахь нохчийн филологин кафедрин куьйгалхо а хилира. 1994-чу шарахь Соьлжа-ГӀалин администрацин куьйгалхочун гӀовс хӀоттийра иза. 1999 шарахь дуьйна Россин Ӏилманийн академин меттан Ӏилманан институтан докторант ю [2] [5] .

2000-чу шарахь Россин Ӏилманийн академин меттан Ӏилманан институтехь Хамидовас лаккхарчу баллашца «Нохчийн меттан стилистикин бух» цӀе йолу докторан диссертаци ларайира. Иза дуьххьарлера нохчийн зуда йара филологин докторан дарж кхаьчна [5] .

Иза ю 120 сов Ӏилманан белхийн, проектийн, нохчийн мотт Ӏаморан а, тобаран а автор . Цуо арахецна монографийн, вузашна а, школашна а лерина Ӏаматаш, нохчийн мотт а, цуьнан башхаллаш а Ӏамо йолалуш болчарна лерина пособеш а. Царех уггаре а гӀарайойла 2003 шарахь цо редакци йина «Чеченские сказки» а, 2005-гӀа шарера «Оьрсийн-нохчийн разговорник» а[3][5] .

Москхохар Гуманитарни академин Ӏилманан кхеташоно сийлахь профессоран цӀе елла Хамидована. Ӏилманехь а, дешарехь а, культурехь а, искусствехь а Ломоносовн цӀарахчу совгӀатан лауреат йу иза[4] [2] .

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Исаева Марьям дуьххьарлера нохчийн яздархо а, поэтесса.
  • Чентиева Марьям нохчийн меттан талламхо.

Билгалдаккхарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Зулай Хамидовна Хамидова в Instagram : "▪️Бачин Хьумидан йо1 Зулай - Ц1ера Йоккхачу Атаг1ара пхьамто йу.". Instagram. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 23 декабрь. Архивйина 2022 шеран 23 декабрехь
  2. 1 2 3 4 5 6 Призвание — Вести Республики. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 7 ноябрь. Архивйина 2022 шеран 7 ноябрехь
  3. 1 2 В ЧГПУ прошла встреча студентов с доктором филологических наук, профессором Хамидовой Зулай. ЧГПУ | Чеченский государственный педагогический университет (2020 шеран 16 октябрь). ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 7 ноябрь. Архивйина 2022 шеран 7 ноябрехь
  4. 1 2 3 П. А. Осмаева, А. Д. Осмаев. УЧЕНЫЕ - УРОЖЕНЦЫ СЕЛА СТАРЫЕ АТАГИ.
  5. 1 2 3 4 5 Зелев Андрей Юрьевич. Знаменитые Чеченцы и Ингуши Энциклопедия Т-Я. samlib.ru. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 7 ноябрь. Архивйина 2017 шеран 27 августехь