Халбаталла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Халбата́лла — динан гӀиллакхан маттахь цхьа могӀа башха, синмехаллин а, арахьара а, беркате цӀена шардар, шен бух бу гӀонаш шех дӀахадорехь, Ӏалашо динехь доцучух дӀакъастар а, ша нисвар а ю. Шуьйрачу маьӀнехь: зуламан дуьхьала болу жигара некъ.

Халбаталло халбатхойн говзалла йо, мозгӀарех къаьстина цхьайолчу арахьарчу бакъонашна кӀелахь ца хиларца. Хьалхара тайпана керсталлин халбаталла го асхьабашкахь ЯӀкъубехь, Маркехь, Павлехь, уьш, асхьабаш болуш, баллалц кӀант-стегрий бисира. Халбаталла стен а, боьрша а керстачарна юкъахь кхиар II а, III а бӀешерашкахь дика дуьйцу Иустин Философа, Афинагор Афинанчо, Тертуллиана; цара тешалла до шортта божарша а, зударша а, жималлехь а, къуоналлехь а керсталла тӀеэцначул тӀаьхьа, баллалц бисира йоӀ-стегрий а, кӀан-стегрий а болуш, ткъа иштта майранаша а, зударша а керсталле баьхкича майрчун а, зудчун а юкъаметтигаш совцайора.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]