Футбол Украинехь

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Футбол Украинехь уггаре гӀарадаьллачу спортан тайпанех цхьаъ ду. Украинин футболан коьрта урхаллин меже йу 1991 шарахь кхоьллина Украинин футболан ассоциаци (УФА).

Украинин футболан, иза маьршайаьллачул тӀаьхьа, уггаре баккхий кхиамаш, уггаре хьалха, донецкера «Шахтёран» 2008/09 шеран УЕФА кад къовсарехь толам баккхар. Цул тӀаьхьа, киевн «Динамо» 1998/99 шеран Чемпионийн лигехь ахфинале йалар, днепропетровскан «Днепр» 2014/15 шарахь УЕФА Европин лигехь финале йалар, 2006 шеран Украинин кегийрхойн гулйина командо Европин чемпионатехь кегийрхойн командашна йукъахь шолгӀа меттиг йаккхар, Украинин гулйина командо дуьненан чемпионатехь 2006 дакъа лацар, цигахь украинаш кхечира 1/4 финале. 2007 шеран 9 апрелехь Украинина бакъо йелира Польшица цхьаьна Евро-2012 дӀайахьа. 2009 шеран июлехь а, августехь а Донецко а, Мариуполо а тӀеийцира 19 шо кхачанза ловзархошна йукъара Европин чемпионат, цигахь Украинин гулйина команда чемпион хилира. 2014/15 шарахь донецкан «Шахтёран» жимахой кхечира УЕФА жимахойн лигин финале.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ловзар чудар[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀокху заманан Украинин мехка оцу ловзаран орамаш кхаьчна XIX бӀешеран чеккхенгахь, цара дуьгу вай Одессе. Уггаре хьалхара футболех ловзархой таханлера Украинин махкахь бара Одессин портера Ингалсан хӀордахой, цара 1878 шарахь кхоьллира ОБАК — «Одессин британин атлетикин клуб». 1899 шо кхаччалц футболан команда лаьттара ингалсхойх. Клубан дуьххьалера меттигера ловзархо хилира Пиотровский а, тӀаьхьа «Спортинг-Клуб» йиллина Крыжановский а. ОБАК йукъахь левзира, оьрсийн авиаторех хьалхарчех цхьаъ волу, Уточкин Сергей, одессахо…

1884 шарахь Одессехь а, Украинин хӀинцалерачу махкахь а йина дуьххьарлера боккъала йолу футболан аре, «foot-ball» ловзар кхечу махкахоша марздира одессахошна йукъахь[1].

1892 шарахь Одессехь кхоьллира немцойн спортан «Турн-Ферайн» клуб, цунна йукъахь футболан дакъа а дара.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

|лахахь = 1 Коьртаниг я ерриг Азехь, доьзна Европин а, Азин а йукъара доза даккхарех. 2 Коьртаниг Азехь. }}